ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь «Дикаллин а, къинхетаман а довдар» аьлла йолу марафон дIаяьхьира регионерчу заьIапхошна юкъахь. «Единая Россия» партин регионан харжамийн штабан белхахоша Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхочуш хиларна лерина вовшахтоьхнера иза.

Марафонехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу кIошташкара гIудалкхаш тIера 30 сов заьIапхо.
Оцу гIуллакхехь дакъалецира Россин Пачхьалкхан Думин депутата, «Единая Россия» партин регионан отделенин секретаран хьалхарчу заместитела Селимханов Мохьмада, «Единая Россия» партин Нохчийн Регионан отделенин исполкоман куьйгалхочо Зайналабдиев Валида, Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин Нохчийн Республикехула йолчу отделенин председатела Аздаева Рабус, Нохчийн Республикин Парламентан «Единая Россия» партин IV-чу кхайкхаман депутаташка кандидаташа Абдулаев Iелас, Берснукаев ГIаиба, Элимбаев Iалихана, Бисаев Iийсас, Дагаев Муртаз-Iелас, Юсупов СаьIида, Оздамиров Iусмана, Хазбулатов Бекхана, Эскаев Жамула, Тагиев Мурата, Тамаев Iаьрбис, Эдилов Романа, иштта, Соьлжа-ГIалин Советан депутаташка кандидаташа Вахаев Рамзана, Селимов Ахьмада, Тупчиев Элима. Цхьаьнакхетар дIахьош вара Нохчийн Пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин аналитикин программийн редакцин корреспондент Баширов Сайд-Мохьмад.
– Таханлерчу дийнахь кхузахь дIахьош йолу «Дикаллин а, къинхетаман а довдар» марафон Iаламат мехала ю ишттачу юкъараллина. Царна шайн догIмаш чIагIдар а хуьлу, кхидIа а шайн могашалла Iалашъян догдаийтар а хуьлу, ишттачу акцешкахь, марафонашкахь дакъалаьцча. Цул сов, вовшашна довзар а, вовшах дагадовлар а хуьлу. Цундела, сих-сиха дIадахьа деза хIара тайпа гIуллакхаш, – элира В.Зайналабдиевс.
Иштта, оцу гIуллакхе баьхкинчу Iедалан векалша довха дешнаш элира марафонан дакъалацархошка. Кхул тIаьхьа а, ишттачу гIуллакхашкахь дакъа а лоцуш, жигара хилар а дийхира цаьрга. Гуш дара и тайпа къамел заьIапхошна товш хилар а, церан самукъадаьлла хилар а.
Марафонан дакъалацархой гIудалкхаш тIехь А.-Хь.Кадыровн майданера В.Путинан проспект жIара болучу кхаччалц а, цигара юха а «бовда» безаш бара (берриге а некъ – 1,5 км хир бу).
Оцу марафонехь совгIатан меттигаш ехира Умханов ИбрахIима, Яндарбиев Шамсуддис, Бимарзаев Асхьаба, Ульбиев Хизара. Иштта, жюрис билгалбехира: Магомадов Асламбек, Шаптукаев Лоьма, Мерзоев Мохьмад, Дасаев IабдуллахI, Амирханов Мохьмад, Межидов Iимран.
СовгIатан меттигаш яьхначарна кубкаш а, «Единая Россия» партин региональни харжамийн штабан Сийлаллин грамоташ а елира.
Хьовсархойн совгIат уггаре а къоначу дакъалацархочунна, 20 шо долчу Альбукаев Денина делира.
И гIуллакх вайнехан хелхаршца дерзийра. Марафонан дакъалацархой гIудалкхаш тIехь бара аьлла ца Iаш, дика хелхабовла хууш а, лууш а бара.
Марафон Россин заьIапхойн олимпиадин вовшахтоьхначу командина гIоьнна лерина вовшахтоьхна яра.
Интернатан майданахь #паралимпийцы-гордостьроссии хэштегца карор бу марафонах лаьцна хаамаш.
Хь.БАХТАЕВА
№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо