Сий-ларамечу «независимое военное обозрение» изданин 48-чу номерехь Мясников Виктора жамIаш дира 2013-чу шарахь хиллачу коьртачу итт хиламан. Оцу статьяхь къаьсттина тидам тIебохуьйтура Шемахь терроризмана дуьхьал дIахьош болчу къийсамна. 2011-чу шеран аьхка дIаболабелла болу Шемара тIом сунниташна а, шииташна а юкъахь дIахьочу къийсаме боьрзуш лаьтта. ГIаттамхошна-сунниташна ахчанца а, герзашца а кхачойо ГIажарийн айманна гуонаха йолчу пачхьалкхаша. Цаьргахьа тIом беш бу 70 сов пачхьалкхера тIемалой.
Алавитех лаьтташ йолчу Шеман правительствон гIолоцуш бу Иранера бахархой, Иракера шииташ, «Ливанера «Хезболлах» болам, ткъа иштта Iаьрбийн масех пачхьалкхера шииташ бу ахчанца гIо-накъосталла деш.
Шеман гIаттамхойн маьрша эскар, США-с а, Евросоюзо а герзаш латтош йолу къовсамехь дакъалоцуш яц, юьстах лаьтташ ю ала мегар ду. Дозанал арахьара герзашца а, адамашца а гIо деш дацахьара оппозици тоххарехь эшна хир яра оцу тIамехь. Дуьненарчу эксперташа чIагIдарехь, оцу махкара 130 эзар гергга стаг кхелхина оцу тIамехь. Ши миллион стаг ведда махках ваьлла, луларчу пачхьалкхехь дIатарвелла. Кхин а пхи миллион гергга стаг, коьртачу декъана кхечу динехь а, къаьмнех а волу, тайп-тайпанчу мехкашка дIакхелхина.
Шеман Iедалан эскарша тIаьхьарчу хенахь кхиамаш а, толамаш а бахар ларамаза дац. Герзашца кечбинчу ницкъаша, оппозицица къийсам дIабахьарехь зеделларг юкъа а далош, хаарца пайдаоьцу шайгахь долчу дерриге а герзех. Эксперташа тидам тIебохуьйту Шеман авиацин жигараллина. ТIаьхьарчу хенахь презедентан Башар Асадан летчикаш майра лела бевлла. Иза доьзна ду гIаттамхошкахь зенитни-ракетни дIасалелош йолу комплексаш ца хиларца. Цу тIе, химически герзах долчун йист яьккхинчул тIаьхьа Малхбузе башха бала болуш а яц Шемица. Цуьнга хьаьжжина ду гIаттамхошна гIо дар а. Цул сов царна хаьа оццу гIаттамхоша зенитни-ракетни комплексаш шайна дуьхьал а ерзон тарлуш хилар. ГIаттамхоша уьш муьлххачу а пачхьалкхана, цу юкъахь ОвгIанна а, йохка сахьт дац. Кхин цхьа ладаме бахьана а ду – Шеман авиацин кхиамаш.
Дукха хан йоццуш Хонкаран прессехь бара шена тидам тIеозош болу хаамаш. Хонкаран тIеман хьостанашна тIе а тийжаш цара чIагIдора Шеман ВВС-н хIора дийнахь бIе кема гIатто аьтто хилар. Дукха хан ма яц НАТО-н эксперташа кестта Б.Асад стигала даккха кема а доцуш вуьсур ву баьхна. Амма царна моьттуш дерг ца хилла. Туркашна хетарехь, хьал хийцаделла Россис а, Ирано а Шемина герзаца дикка гIодинчул тIаьхьа.
Iедалан эскарша тIаьхьарчу хенахь толамаш бахаран кхин цхьа бахьана ду Россера эцначу танканашна еттачу ракеташа церан боккха аьтто бина хилар. Терроризмийн Джабахат ан-Нурса организацин лидера, гIаддайна, царна дуьхьал дан хIума а ца хилла неIалт элира и «Корнет» ракеташ йинчу конструкторна. Бехк а бац. Дукха хан йоццуш хиллачу тIемашкахь СаIудийн Араверчу, Иракерчу, Пакистанерчу, Ливанерчу, Францерчу, Великобританерчу боевикашна даккхий зенаш дира оцу ракеташа.
Президентан Б.Асадан эскарша и ракеташ етташ йохийра террористийн дуккха а «ворданаш». «Конкурсаш» а, «Корнеташ» а цIе йолчу ракетийн цIе яьккхича а тоьаш бу хIинца гIаттамхой а, террористаш а.
ТIаьхьарнаш оьшуш хиларан кхин цхьа бахьана ду Шемахь цкъа а ца хилла шелонаш хIиттар. Оцу хьолехь тIом бан де ца хуьлу бовхачу мехкашкара баьхкинчу вахабитийн а, террористийн а. Царах цхьаболчарна ло цкъа а гина а дац. Царах цхьаберш гIорийна меттигаш ю. Iаьнан муьрехь а кхиамца тIом беш ду Россера эцна Т-56 а, Т-72 а танканаш йолу Шеман Iедалан эскарш.
Дукха хан йоццуш цара паргIатъяьккхина Алеппо шахьарна 20 чаккхарма генахь йолу Сафира гIала. Стартегин доккха маьIна долуш ю иза. ГIала схьаяккхарца схьабаьстина къилбаседехьа боьду некъ. Зовкх ца хьийгира курдаша дола дечу меттигашкахь болчу боевикаша а. Масех дийнахь тIемаш бинчул тIаьхьа Шемин къилбаседа-малхбалехьара 19 юрт дIалецира курдаша. Иштта, цара паргIатъяьккхира Иракан дозанера кхин а масех юрт.
Великобританин Правительствос тIеэцна Башар Асадан Iедална дуьхьал тIемаш бина болу шайн махкахой гражданствох баккхаран хьокъехь болу сацам. Вайн махкахь а цу тайппана сацам бара тIеэца безаш. ТIаккха хIун дийр дара те Шема баханчу вайн махкахоша?
Уьш цIаберзахь царах беркат дериг цахилар хууш ду-кх вайна. Цундела вай тешна хир ду Россин бакъонашларъяран органийн а, лерринчу службийн а белхахоша уьш лаца ма боггIура тIелоцург хиларх. Шемахь дIабоьдучу тIамехь дакъалоцуш вайн махкара 300 гергга стаг нисвелла. Дукхах болчара ахчанан дуьхьа бина тIом, цхьаболчара Нохчийчохь хиллачу тIамехь караерзийна «говзалла» шарйина.
Карарчу хенахь Шемахь бIе эзар гергга бандит ву. Царах ах гергга кхечу пачхьалкхашкара бу. Цигара тIом чекхбаьлча стенга баха бохку те террористаш а, экстремисташ а? Уьш маьршачу некъа тIе а хIиттина, хьанал къа а хьоьгуш бехар бу бохучух теша хала ду. Цхьанхьа «гIазот» даккха меттиг лоьхуш арабевриг хир бу царах дукхахберш. Царна иштта меттиг кара а йо.
Ишттачу меттигех цхьаъ хилла дIахIотта тарлуш ю Украина а. ХIунда аьлча пачхьалкх гIелъелла. Эскар доьхна дIадахана. Iедал гIорасиз ду махкахь хуьлуш дерг шен караэца, халкъан дола дан, политикин хиламашна урхалла дан. Массанхьа а бехкам бина ю радикальни вахабитийн «Хизб ут-ТахIир» парти. Амма Украинехь магийна ю иза. Дукха хан йоццуш ГIирмехь (иза Россих схьакхетале хьалха) дIабаьхьира оцу партин декъашхойн гулам. Цигахь дакъалоцуш бара Шемарчу бандитийн гIеранийн декъашхой. Делахь-хIета Украинехь яржа тарлуш ю вахабитийн гIеранаш. Ткъа уьш болчохь, хууш ма-хиллара, даима а питанаш, цIий Iенар, къийсамаш хуьлу. Вахабиташ а, экстремисташ а, радикалаш а цига дIататталахь Украинехь а бохаме хьал кхолладала герга ду.
«ГIазот» даккха меттиг лоьхуш арабевлларш юха Росси богIур бу аьлла ца хета. Цкъа-делахь, вайн пачхьалкхан дозанаш сема лардеш ду. ШолгIа-делахь, кхузахь цкъа хIаллак а бина вахабиташ а, экстремисташ а, дуьненаюкъара террористаш а. ШолгIа а Россин эскарша а, бакъонашларъяран структураша а шайна тIехь и болх бойла царна луур ду аьлла ца хета. Бакъду, хьал карзахдаккха а, синтем бохо а гIерта тарло, теракташ ярца а, кхидолу зуламаш дарца а. Амма бандитийн гIеранийн Шемахь дечух тераниг дан банне а ницкъ кхочур бац хIинца. Иза атттехьа а дац. Сатийса а ца оьшу. Туьйранахь а хила тарлур доцуш хIума ду иза. Царна вайн махкахь меттиг цахилар дIахаийтина.
Делахь а, Къилбаседа Кавказан регионашкахь хиллачу тIеман ветеранна хетарехь, террорана дуьхьало еш Iар кхачаме дац, цунна тIелата деза, ормашца буха яккха еза. Маьрша нах бац кхера безаш берш, зуламхой бу. Шайн когаш кIелара латта догуш ду моттийта деза царна. Зуламхошна дIагайта деза шайн хьакъ долчу таIзарх кIелхьарабовла царна кху дуьненахь меттиг цахилар. Зуламхой кхоьруш хила беза законах, бакъонашларъяран органех, пачхьалкхах. Царна дIахаийта деза цхьа а зулам бекхам боцуш дуьтург цахилар.
Кавказехь бандитийн гIеранаш хIаллакъяран болх хIинца а чекхбаьлла бац. Амма цаьрца дIахьочу къийсаман доккха зеделларг IаIийна вайн бIаьхоша а, полицин белхахоша а. МосстагI хIаллаквина волуш лаьтта. Халахеташ делахь а, наггахь оцу къовсамехь вайн бIаьхой кхелхаш меттиг а йогIу. Церан турпалалла, майралла, доьналла вайн халкъийн иэсехь юьсур ю. ХIунда аьлча, вайн бIаьхой а, полицин белхахой а эгна, оьгу шайн Даймохк – сийлахь Росси ларъеш, цуьнан дуьхьа. Оцу кIентийн цIераш ехар ю дуьне мел лаьтта.
ВАРАВИН Николай, историк, Къилбаседа Кавказехь хиллачу тIеман ветеран, милицин тIаьхьалонан полковник