Абу-ТIалха а, исбаьхьа олхазар а

Дала Iаламах къинхетам а бина Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ваийтинчу заманахь Мединатехь вехаш хилла Абу-ТIалха цIе йолу цхьа дика стаг. Дала шех боккха къинхетам а бина, шен дика аьтто а бина аьлла хеташ стаг вара иза. ХIунда аьлча, цхьа башха беш яра цуьнан. Оцу бешахь цIена, ша санна шийла шовда дара, гуобаьккхина сийналла яра, зезагаш дара.

1271886672_1ec3f8c21487

Махо хурманийн гIаш ловзочу, шовданан эсала мукъамаш хезачу оцу башхачу бешахь малхбузар ламаз дарал дукха дезаш хIума дацара Абу-ТIалхана. Кхузахь Къуръан а доьшура цо. Цкъа а виц ца лора АллахIа шена хIара дика, ниIмат даларна Цунна хастамаш бан.

Иштта, цкъа, даима санна, ламазан куз тIома кIел а биллина, беша воьдуш вара Абу-ТIалха. Цига дIакхаьчча, Далла муьтIахь хиларца, «АллахIу Акбар» аьлла такбир а далийна, ламазна дIахIоьттира иза. ЦIеххьана цуьнан лере деара хIинццалц хезна доцу аз. Хурманийн диттийн гIан а, шовданан а аз дацара иза. Зевне аз цунна лакхара охьа хезаш дара. Ахь боху-ца боху хаза яра цунна хезаш йолу йиш. Ши бIаьрг а къарзийна леррина хьаьжира иза. Цунна хурманан дитта тIехь хиъна Iаш долу исбаьхьа олхазар гира. Цул хаза хIума гина дацара Абу-ТIалхина. ТIемаш баьццара дара цуьнан, жовхIарш санна, ткъа цIоганна тIера месаш цIен яра, наран (гранат) буьртигаш санна кегий тIедарчий а долуш, зIок Iаьржа яра. Деган мерзаш ловза дохуш хаза локхура цо йиш.

Абу-ТIалха чIогIа цецваьлла вара. Олхазарна тIера бIаьрг дIа ца баккхалора цуьнга. Ша хIокху беша хIунда веана а, ша хIун дан гIерташ вара а дагардаьллера цунна. Оццул чIогIа ойла дIаяьхьнера оцу олхазаро локхучу хазачу, зевнечу эшаро а, цуьнан исбаьхьалло а. Ша-шех эхь хийтира цунна жимма а оцу хазаллин йийсараре ваьлча. Шен ламаз, юкъахдаьккхинчу меттера дIадира цо, чекхдаллалц. ХIара ламаз дина ваьлча, олхазар, тIома даьлла, беша тIехула хьаьвзира.

И жима хьоза а дара, Абу-ТIалха санна, Дала шен боккха аьтто бина аьлла хеташ. И мерза стоьмаш а, шийла хи а долчу бешахь дара иза. Шена бен а бина, делла дIадаллалц Iен кхул бегIийла меттиг хир яцара цунна.

ШолгIачу дийнахь а Абу-ТIалха шена дукхаезаеллачу метте, хурманийн диттийн IиндагIе, шовдана улло, бецан сийналле схьавеара. Ламазна дIахIоьттира иза. Цуьнан тидам ца хилира, шена бен беш долчу олхазаран. И исбаьхьа олхазар дитта буьххьехь бен беш доллура. Дукха хан ялале цхьа хаза, дагна хьаам беш, ойла хьоьстуш, йиш лакха доладелира. Цуьнга ладогIа ваьллачу Абу-ТIалхана дицделира шен ламаз, цуьнан ойла Далла тIера дIахьаьвзира. Иза воккхавера оцу башхачу хьозанах, гаьн тIера гаьн тIе хууш, цо лоькхучу эшарех.

«Со хIун деш ву? – хаьттира цо цIеххьана ша-шега. Муьлха аят доьшуш вара со? Маса ракаIат дина ас? Шиъ? Кхоъ?» Абу-ТIалхас доккха садаьккхира, шен ламаз дIа а дерзийна, юха шен куз дIа а хьарчийна, бешара дIавахара, ша динчунна чIогIа дохковаьлла.

Ламаз АллахIе дIа муха кхочур ду, нагахь санна айхьа ламазехь маса ракаIат дина, хIун аят дешна хьуна хьайна а дагадогIуш ца хилча? Делан хьокъехь ойла муха ялур ю нагахь санна хьан дог, ойла дIалаьцна исбаьхьа беш, шовданан декар, олхазаран эшарш хилча…? Эрна къахьега а оьшурий-те…

Абу-ТIалха ийманехь стаг вара. Цунна хаьара ерриге а ойла АллахIана тIе а яхийтина ламаз дар хIора бусалба стагана мел деза а, мехала а ду. Оццу буьйсанна Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу вахара Абу-ТIалха. Цо дерриге а ма-дарра дIадийцира цуьнга: хурманийн диттийн а, шовданан а, исбаьхьачу олхазаран а хьокъехь.

«ХIай Делан Элча, – элира цо, – АллахIана Iибадат дарехь оцу дерригено а сайна новкъарло йойла ца лаьа суна. Цундела суна дика хир ду и дерриге а Iаддитича. Хьайн десара, хьайна йитахьа и беш а, оцу бешахь мел дерг а. Мединатерчу берриге а бусалбанашка пайдаэций- тахь оцу ниIматех».

Сийлахьчу Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къобал бира Абу-ТIалхин сацам, схьаийцира шена дина совгIат, цунах бусалбанашка пайдаэцийтархьама.

Цул тIаьхьа Абу-ТIалхин ойла Далла Iамалш ярна тIера дIаерзош хIумма а дацара.

(Пайдаэцна «АллахI везалаш» жайнах)

С.ХАСАНОВ

№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: