Берийн конкурсан жамIаш дира

ХIокху деношкахь Шелковски станицерчу реабилитаци яран а, могашалла меттахIотторан а кхиазхойн сациальни туьшахь дIадаьхьира Россин МЧС-н цIеяларх лардаран белхахойн шарна лерина дIаяьхьначу берийн суьртийн конкурсан жамIаш даран цхьаьнакхетар.

full_apHGB8Gn

Бераша дехкинчу суьртийн мах хадочу жюрин декъашхошна юкъахь бара Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин векалш.

Реабилитаци яран а, могашалла меттахIотторан а кхиазхойн сациальни туьшан директора Геремеева Тоитас элира: «Оха тхайн туьшахь даима а ларйина кхерамазаллин бакъенаш. МЧС-н белхахой сих-сиха хуьлу тхан туьшехь хьошалгIахь, цара тхан берашца пайдехь цхьаьнакхетарш дIахьо. И бахьана долуш берашна цIеяларх лардаларан бакъенаш евза, цIе яьлла бохам хилча цигахь хIун дан деза а хаьа».

Цхьаьнакхетаран официальни дакъа дерзоле хьалха конкурсан толамхой совгIаташца билгалбехира. Цул тIаьхьа Шелковски кIоштарчу цIеяларх ларбаран №20 йолчу декъан белхахоша берашна карлаехира цIеяларх лардаларан бакъенаш, иштта мастер-классаш гайтира, МЧС-н белхахойн лерина долу духарш шайгахь муха хета а хьаьвсира бераш.

З.САГАЕВА

№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: