Тхан кхоалгIа да Илес а, цуьнан дешича Эскарха-Хьаьжа а Илсхан-Юьртарчу Кишин Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) уллора накъостий а, дика мурдаш а хилла.

Махках ваьккхина, Устюжино гIаларчу набахтехь Хьаьжина уллохь хан токхуш хилла Илес, шен устазан кхечу мурдашца цхьаьна. Оцу мурдех дийна висина, могаш-маьрша цIа кхаьчнарг веккъа цхьа Коврнакъ ву. Иза Гихтара ву. Ссылкера иза цIа кхаьчна аьлла хезча, сан дедеваша Iадсалам вахана шен дех Илесах дерг хатта, цунах хилларг хаа.
Коврнакъ волчу дIакхаьчча, цо дийцина цунна Илесах лаьцна. Цо дийцира бохуш, тхан дас а, девашас ШахIида а дуьйцуш хезна суна оцу хьокъехь дерг. Шаьш набахтехь долуш, элира бохура Коврнакъа, Хьаьжа а, Мовсар а къаьсттина йолчу цхьана камера чохь вара, ткъа кхиболу мурдаш – кхечу камера чохь. Юкъахь цхьа пен бен боцуш, и пен а иккхина болуш, дуьйцург вовшашна хаза йиш йолуш хан токхуш хилла уьш.
Шайца волу Илес могаш воцуш а хилла, гIаларчу лазартне вигира, вигина бутт гергга хан яьлча, буьйсанна хан яьлла хан а йолуш, дехьа чуьра схьа вистхилира Кунта-Хьаьжа. Цо хаам бира: «Вайн накъост, Илес, лазартнехь велла, ламазашна кечам бе. Iуьйранна вайна пурба а дехна, иза дIавуллур ву вай», – аьлла.
Де серладаьлча, неI тоьхна, надзиратель схьакхайкхина Хьаьжас. Иза схьавеача, цуьнга аьлла: «Тхан накъост лазартнехь велла, аьлла, хаийтина тхуна, тхайн дино ма-бохху иза дIаволла пурба лахьара тхуна». Цуьнан дехарна жоп луш, надзиратела элира боху: «Шун накъост кхалхарх лаьцна тхуна хууш хIумма а дац. Шун дехаре хьовсур ду тхо. Нагахь санна иза кхелхинехь, дIаволла бакъо лур ю шуна».
«Дукха хан ялале, камери неIарш схьа а йиллина, тхо арадехира. Ехачу сени чохь вара тхол хьалха аравалийтина волу Хьаьжа а, Мовсар а. И шиъ хьалха а волуш, лазартне а дахана, велла волу Илес схьа а эцна, схьадаьхкира. Вовшашкара шай-кай вовшах а тоьхна, цигахь Iаш болчу гIезалошкара виран дегIехь болу боккха ка а эцна, иза сагIина а боккхуш, Хьаьжас а, Мовсара а лахьти чу а вуьллуш, оцу чохь дIа а нисвеш, шун да Илес дIавоьллира оха», – аьлла, дийцина хиллера Коврнакъа тхан девешина Iадсаламна.
Ас вуьйцуш волу Iадсалам Кунта-Хьаьжин доьзалхошца Махьмица а, Мовлица а же-беже а оьхуш, церан хенара стаг хилла. Цхьа зама къайленна тIекхача гIерташ а яхана цуьнан… Делахь-хIета, дайшкара дуьйна схьадогIуш ду тхан Хьаьжица а, цуьнан доьзалхошца а долу гергарло. Иза хердала йиш йолуш а дац.
КАДЫРОВ Хож-Ахьмад
№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо