Абу-Бакрана а, ТIалхьатна а таIзар дар

Абу-Бакр Сиддикъа ша ийман диллича, IубайдуллахIан кIант ТIалхьат тешийра Ислам сийлахь-доккха дин хиларх. Шеца иза а вуьгуш, Элчанна (I.с.в.с.) тIевахара Абу-Бакр. ТIалхьата Элчанна (I.с.в.с.) хьалха ийман дуьллуш, тоьшалла дира: «АллахI воцург кхин Дела вац, Мухьаммад АллахIан Элча ву», – аьлла. И болх хиъча, цатешарш чIогIа оьгIазбаханера. ТIебеттабелла, Абу-Бакр а, ТIалхьат а дIалаьцна, ший а вовшахвихкинера. ТIаккха Абу-Бакран доьзало кIелхьарваьккхинера и шиъ. Цатешарш гуттар чIогIа шена таIзарш деш тIаьхьабевлча, Абу-Бакра сацам бира, Маккара дIаваьлла Хьабашате (Эфиопе), дIаваха. ХIижрат деш, новкъавелира иза.

4ed64a05

Цхьана доккхачу тайпанан тхьамда волу Ибн-ДугIун дуьхьал кхийтира цунна, цо кхуьнга хаьттира: «Стенга воьду хьо, хIай, Абу-Бакр?» – аьлла. Абу-Бакра элира: «Со сайн наха махках ваьккхина, дуьне ма-дду волавелла лела воллу, сайн Далла гIуллакх а деш». Ибн-ДугIуна элира тIаккха: «Махках воккху стаг ма вац хьо, хIай, Абу-Бакр, цIаверзахьа, дIа ма гIохьа, хьайн махкахь ехьа Далла Iамал». Цо бохург дина, цIавирзира Абу-Бакр. Къурайшийн элашка вистхуьлуш цо цаьрга элира: «Махках воккху стаг ма вац Абу-Бакр. Аш махках муха воккху, мискачу нахана а, гIийлачарна а гIо деш верг, шечунна а, нехачунна а дика хIума деш верг, буобераш дукхадезаш, хьешан ларам беш верг, бохам хиллачунна гIо деш верг, зуламхочух иза ларвеш верг?» Къурайшийн наха къобалдира Ибн-ДугIуна Абу-Бакран гIо даккхар, цара элира цуьнга: «Абу-Бакре дIаала мегар ду хьуна, шен цIахь Далла гIуллакх де. Шен цIахь, шена ма-луъу ламаз а де, аяташ а деша. Шен Iибадатца а, ламазца а, аяташ дешарца а тхуна новкъарло ма е. Къуръанаш, аяташ чIогIа ма деша а ала цуьнга. Цуьнан хаза аз хезча, тхан зударийн а, берийн а ойла динехьа хьаьвзина, цара ийман дилларна кхоьру тхо».

Ибн-ДугIуна Абу-Бакре дийцира цара аьлларг. ТIаккха Абу-Бакр, аз айа ца деш, ламазаш деш, шен цIахь бен Къуръан ца доьшуш Iаш вара. Шен цIахь маьждиг дан дагадеара цунна, иза дина, цу чохь ламазаш деш, Къуръан доьшуш Iен велира иза, цатешачеран зударий а, бераш а тIегулделла, цуьнга ладугIуш, цунах баккхийбеш хуьлура. Абу-Бакр чIогIа догкIеда стаг вара. Ша Къуръан доьшуш, догдуткъалой, кест-кеста воьлхура иза. Къурайшийн элий сагатдеш бара. Шен хазачу озаца Абу-Бакра, велха а воьлхуш, Къуръан доьшуш хезча, шайн зударшна а, берашна а иза дагахкхетарна кхерабелира уьш. ТIаккха Ибн-ДугIун шайна тIе а кхайкхина, цуьнга элира цара: «Ахь шен цIахь Далла гIуллакхдеш, цхьанна а новкъарло ца еш Iийр ву иза, аьлча, тхо реза ма хилира. ХIинца цо шен чIагIо йохийна, шен кертахь маьждиг дина, цу чохь ламазаш до, чIогIа, хезаш Къуръан доьшу. Тхан зударий а, бераш а цунна тIедирзина, бусалба хиларна кхоьру тхо. Хьалха вайн барт ма-хиллара, шен цIахь къайлах Далла гIуллакх деш Iен резавелахь, Iадвита иза, вацахь – шаьш хьуна делла дош юхаоьцу». Ибн-ДугIуна, Абу-Бакр волчу вахана, элира: «Хьуна ма хаьа вайн хилла барт: хьо къайлах хьайн цIахь ламаз деш, Къуръан доьшуш IадIахь, ас хьо ларвийр ву, аьлла. Иштта вайшинна хилла барт соьга боха ма байта. Ибн-ДугIуна шен дош ца лардина боху къамел, Iаьрбашна хаза ца лаьа суна. Хьуо оцу барта тIехь вацахь, къайлах Далла Iамал еш IадIийр вац алий, хьайн дош юхаэца». Абу-Бакра элира: «Ахь со къайлах Далла гIуллакхдеш IадIийр ву аьлла, соьгара даьккхина дош ас юхаийци-кх. Ахь ца ларвича а, Дала со ларвар тоьаш ду-кх суна». Цул тIаьхьа гуттар а чIогIа бале лецира цара Абу-Бакр. ХIетте а, Делах тешар шен чIогIа долу дела, муьлхха таIзар а дайн хетара цунна. Ислам-дин даржаран юьххьехь таIзар даза цхьа а ца висира ийман диллинчарах. Амма церан чIогIачу иймано дайдора царна и таIзарш.

Хаббабана таIзар дар

Хаббаб аьчкапхьар вара, Умму-Анмар зудчо йийсар волчуьра шена эцна. Мухьаммадна (I.с.в.с.) ша Пайхамар хилале а дукхавезаш вара иза. ТIаккха, Дала цуьнга Пайхамаралла делча, Хаббаба ийман диллира, бусалба хилира иза а. Цунах шена лай вина Iаш йолчу Умму-Анмарана ца дийзира цо ийман диллар, цIарца Iазап дора цо Хаббабана. ЦIергара схьадаьккхича, цIийдина эчиг букъа тIе дуьллура цо цунна, Ислам дин дIатаса бохуш. Оцу Iазапах ийманехь соввалар, динехь чIагIвалар бен хIумма а ца хуьлура Хаббабана.

Абу-Заррана еттар

Абу-Зарр хьалха ийман диллинчарах ву. Вистхилар хаза долуш вара иза, Делан Элчане (I.с.в.с.) дукха ладийгIина а вара. Шайн махкара Макка схьа ма-кхеччи, КаIбат долчу веара иза. Къурайшийн нахана Элчанна (I.с.в.с.) тIевеанарг, цуьнга вистхилларг чIогIа ца везара хIетахь. Абу-ТIалибан кIант Iела волчохь хьаша хилла кхо буьйса яьккхира цо. Iелас Ислам дин довзийтина, иза бакъдин хиларх тийшира Абу-Зарр. Къайлах ша Элчанна (I.с.в.с.) тIевигча цу сахьта ийман диллира цо, цхьана а тайпана шеко йоцуш. Элчано (I.с.в.с.) элира цуьнга: «Хьайн къам долчу дIагIой, царна дин довзийта ахь». Цо элира: «Сан вахар шен карахь долчун цIарах дуй буу ас, мохьтоьхнна дин кхайкхор ма ду», – аьлла. ТIаккха араваьлла, КаIбат долчу вахана, аз айдеш, кхайкхира иза: «АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI, ва ашхIаду анна Мухьаммадан расулуллахI!» – аьлла (Ас догтешна тоьшалла до АллахI воцург кхин Дела цахиларх, иштта ас тоьшалла до – Мухьаммад АллахIан Элча хиларх (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цатешарш гIевттира тIаккха, тIебеттабелла, йиттира цара цунна, лаьтта охьавожжалц. Элчанан (I.с.в.с.) девашас Iаббаса, тIекхаьчна, схьаваьккхира иза церан карара, Iаббаса элира цаьрга: «ХIара ГIифар тайпана стаг вуй ца хаьа шуна? Механа Шема лелаш, царна юххехула довла ца деза шун?».

Билалана таIзар дар

Хьабашин (Эфиопера вахархо) Билал цIена бусалба стаг вара. Халаф кIентан Умаййатан долахь лай вара иза. Цо чIогIа Iазап латтадора Билалехь. Цуьнан Iедал дара, делкъа хенахь, гIум, цIе санна, йохъелча, Билал верзина оцу гIамарла охьа а вуьллий, боккха тIулг цуьнан некха тIе а буьллий, шад етташ, хьо валлалц ишттачу хьолехь валлор ву-кх хьо, Мухьаммадна (I.с.в.с.) тIаьхьара дIа ца валахь, Ислам дIа ца тасахь, суьрташна Iамал ца яхь, бохуш. Амма Билал, собар чIогIа хиларна, и лазар а, Iазап а ловш вара. Шен динах, ийманах юха ца велира иза. Шена тIехь и Iазап латтошшехь: «Цхьаъ, цхьаъ, цхьаъ АллахI воцург, кхин Дела вац, Шеца накъост воцуш цхьаъ ву Иза», – бохуш вара. Умаййат кхин а чIогIа оьгIазвахара, чуханашца Билал дIавехкийтина, нахе тIе туйнаш деттийта, тIулгаш деттийта, Маккин урамашкахь текха- вайтира цо иза. И болх маситтазза байтира цо Билалана тIехь. Абу-Бакрна и болх хиъча, цо кIелхьарваьккхира Билал, Умаййатана цуьнан метта цхьа Делах ца тешаш волу лай велла. Иштта, Абу-Бакра Билал маршаваьккхира (Дела реза хуьлда цаьршинна).

С.-М.МУРТАЗАЕВ

№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: