Турпалхочун беркатах ирс оьцу

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачарна лерина «Турпалхочун беркат» цIе йолуш даздарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертни залехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Белавенцев Олег, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, министраш, гIаланийн, кIоштийн куьйгалхой, иштта дуккха а кхиболу хьеший.

Даздарш дIадолийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжах лаьцна фильм гайтарца.

Хьалхара (даздаран) дакъа дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата. Цо дийцира нохчийн халкъан дахарехь А.-Хь.Кадыровс лелийначу маьIнех лаьцна. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин куьйгаллица вай хIаллакйира Нохчийн Республикехь дуьххьара шен корта айа гIоьртина, хIинца дерриге а дуьненахь яьржина дуьненаюкъара терроризм», – элира цо.

Цул тIаьхьа трибуни тIе кхайкхинчу Р.Кадыровс билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикин сийлахь кIант, Нохчийн Республикин хьалхара Президент А.-Хь.Кадыров вина де ду тахана. Иза Россин пачхьалкхан сийлахь гIуллакххо, дуьненан тIегIанера политик, вевзаш волу Iеламстаг, хьекъале, майра стаг вара. Къаьсттина суна билгалдаккха луур дара, иза суна сайн да, хьехамча, командир хилла хиларна дукхавезаш хилар. В.В.Путина шен къамелехь билгалдоккхура цуьнан кхин цхьа а Iалашо яцара шен халкъана вацар бен. Цуьнан майралла, ша бакъонна тIехь хиларх тешар, нийсо еш хилар дара иза толийтинарг. Нохчийн Республикехь оцу хенахь эзарнаш дуьненаюкъара террористаш бара шайн зуламаш деш. Вайн гIаланаш, ярташ йохийна, саьлнашкахь Iохкуш яра, нехан цIий дара Iенаш. Цхьа а хIуттуш вацара оцу Iаьржачу зуламна дуьхьалвала. Ахьмад-Хьаьжас шен харжам бира. АллахIах ша чIогIа тешаш хиларна, шен халкъах доглозуш хиларна, кхузахь хIоьттинчу хьолан мах хадо ша хьекъале политик хиларна иза дуьхьалвелира дуьненаюкъарчу терроризмана. Цо тIом сацийра. Дуьненарчу Iеламнаха чIагIдина цуьнан некъ ГIазотан некъ хилла хилар. Цо вовшахтуьйхира команда. Билгалдехира дан деза гIуллакхаш.

Нохчийн халкъо дIагайтира мел боккха ницкъ болчу къизачу мостагIна дуьхьалдала ша хьуьнаре хилар.

Цуьнан къамел чекхдаьллачул тIаьхьа вайн актераша спектакль гайтира. Спектаклехь дуьйцура А.-Хь.Кадыровс дIадолийна хиллачу гIуллакхех дуьненна долучу беркатах лаьцна. Цунна юкъахь яра цуьнан цIарах йолу объекташ. Царах ю: Израилера Абу-Гош гIалара маьждиг, Ленинградера тIай, Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» маьждиг, и.дI.кх.

Вайн республикерчу ткъех сов буоберана хIусамийн догIанаш а, кехаташ а дIаделира Р.Кадыровс.

Л.ДАУТОВА

№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: