2016-чу шеран хьаьттан (август) беттан 10-чу дийнахь Россин Правительствос 85 регионна сиха гIо кхачоран машенаш эца ахча билгалдаьккхина. Царна юкъахь ю Нохчийн Республика а.
Россин Федерацин Правительствон сацамца 3 миллиард сом ду оцу гIуллакхна хьажийнарг.
Россин могашалла Iалашъяран министерствос юкъадаьккхина ду и гIуллакх, юкъараллина Iаламат чIогIа оьшуш хиларна.
Нохчийн Республикерчу кIошташкарчу больницашка а кхачор ю уьш. ХIокху шарахь, республикина лерина 13 машен ю билгалъяьккхина.
Оцу автомобилашна чохь дархочунна сихха гIо дарна лерина берриге а гIирсаш а, молханаш а ду. Уггаре а коьртаниг, авари йина я кхечу бахьаница стагана сихха жима операци ян езаш меттиг нисъелча, и ян таро хуьлу хIинцалерчу технологешца йина йолчу медицинин автомобилашна чохь.
Стеган дахаре кхочуш хIума дац дуьненахь, цундела и тайпа гIуллакх вайн республикина дар Iаламат мехала ду.
Хь.ДАУДОВА
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо