МККК-ца йолу уьйраш чIагIъян барт хилла

МККК

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векала Нухажиев Нурдис а, Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран Нохчийн Республикехь а, Дагестан Республикехь а йолчу офисан керлачу куьйгалхочо Рене Бекклис  а йийцаре йира вовшашца цхьаьнагIуллакхаш даран юкъаметтигаш, хаам бира ведомствон пресс-службехь.

Цигахь иштта дакъалоцуш вара  МККК-н делегат Амунден Руссей а, МККК-н Къилбаседа Кавказехь йолчу векалаллин куьйгалхочун гIоьнча Ушаева Луиза а.

Хьешаша адамийн бакъонаш ларъяран векална довзийтира Нохчийн Республикехь МККК-с деш долчу гIуллакхийн коьрта некъаш,  вайн бахархошна гIо даран гIуллакхашкахула цунна хетачуьнга ладогIа шаьш кийча хилар дIа а хаийтира. Цара иштта дIахаийтира Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаро Нохчийчохь  деш долу гIуллакхаш жим-жима лахдийриг хиларан хьокъехь. ТIейогIучу хенахь коьрта тидам тIебохуьйтур бу республикехь тIемаш болчу хенахь лечкъийначу а, тIепаза байначу а бахархойн гергарчарна психо-социальни гIо дарна.

Къастоза долчу цхьамогIа гIуллакхашна тIе хьешийн тидам а бохуьйтуш, Н. Нухажиевс    дIахаийтира уьш къастийна цхьалхадахарехь дуьненаюкъарчу организацеша дакъалаьцча шена нийса хеташ хиларан хьокъехь. Ша аьлча, республикера лечкъийна а, тIепаза дайна а адамаш долу меттигаш карорехь а, билгалъяхарехь а.

– Iаламат мехала декхарш кхочушдо ЦIечу ЖIаро, – бохура Нохчийн Республикехь волчу  адамийн бакъонаш ларъяран векала, – Иза политиках хьакхалуш йоцу, коммерчески йоцу, йозуш йоцу организаци ю, цундела теша цунах адамаш. Регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана доккхачу маьIне лору Нохчийн Республико регионашца а, дуьненаюкъарчу организацешца а цхьаьнагIуллакхаш дар. Коьртаниг доллу оцу цхьаьнагIуллакхаш дарх адамашна пайда хилийтарх. Республикехь юкъара хьал синтем беш делахь а, долуш ду федеральни центран а, дуьненаюкъарчу организацийн а агIорхьара гIо ца хилча къастийна цхьалхадаха хала хиндолу гIуллакхаш.

Къамел ду лечкъийна а, тIепаза байна а болу тхан бахархой болу меттигаш лахарх, алссам адамаш дIадоьхкина меттигаш схьаяста езаш хиларх, цунна леррина йолу лаборатори оьшуш хиларх. МККК-с бинчу балхо дуккха а пайда бина республикин бахархошна,  соцальни программаш кхочушъяр тIейогIучу хенахь а аш дIахьуриг хиларх тешна а ду тхо. Тхешан агIорхьара тхо кийча ду вайн цхьаьнагIуллакхаш дар кхиорна оьшшучу барамехь гIо дан.

Хьеший реза хилира векала билгалдаьхна гIуллакхаш дуьненаюкъарчу организацеший, меттигарчу Iедалший цхьаьний къастор лоьхуш хиларца. Амма оццу хенахь цара тидам тIебахийтира яккхий а, еххачу хенан а проекташ кхочушъярна, ша аьлча, леррина йолу лаборатори кхолларна шайн ахчанан таронаш цахиларна. Бакъду, МККК кийча ю тIепаза дайна адамаш долу меттигаш лахарехь технически гIо дан. Иштта схьахаийтира регионера гIийла бохкучу бахархошна лерина социальни программаш кхочушъяран гIуллакх шаьш къастийна цхьалхадаккха йолу таронаш лохург хиларан хьокъехь.

ХьалхахIиттош долчу гIуллакхийн мехаллех кхетарца дIадахара вай долчу баьхкина хиллачу хьешашца хилла цхьаьнакхетар. Иштта барт хилира тIейогIучу хенахь вовшашна юккъера уьйраш чIагIъярна тIехьажийна гIуллакхаш дан а.

А.КАРКАЕВ

(Пайдаэцна ведомствон

пресс-службин хаамех)

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: