Республикехь алсамдовлуш ду «Халяль» билгалонца долу сурсаташ

Нохчийн Республикерчу предприятеша «Халяль» билгалонца долу сурсаташ арахецар а, дохкар а, хIора денна бохург санна, алсамдохуш ду.

Халяль1

И тайпа сурсаташ арахоьцуш 200 сов компани ю Россехь. Цул сов, церан барам алсам болуш богIуш а бу.

Бусалба пачхьалкхашкахь эцна а ца Iаш, дерриге а дуьненахь дика дIаоьцу «Халяль» билгалонца долу сурсаташ.

«Халяль» Iаьрбийн маттера гочдича – «Ислам динехь хьанал динарг» бохург ду.

Европерчу говзанчаша билгалдоккху «Халяль» сурсаташ могашаллина цхьана а тайпана зен деш цахилар. Цул сов, диетологаша а, тайп-тайпанчу инфекцийн цамгарийн говзанчаша а даре до, Ислам дино ма-бохху лелочу даьхнийн жижигана юкъахь цамгарийн кхераме хIумма а цахилар а, дегI токхе латтош хилар а. Цундела хир ду, таханлерчу дийнахь «Халялан» сурсаташ туьканийн гIопасташкахь уггаре а дика дIаоьцуш хилар.

Нохчийчохь дуьххьара «Халяль» билгалонца долу сурсаташ арахеца долийнарг Устрада-ГIалара жижигийн комбинат ю. Комбинатан белхалой Ислам дин а девзаш, лелош а бу. Даьхний лелош болчу белхалошкара экзамен а оьцу Нохчийн Республикин муфтиятан векалша. Цундела, майрра церан сурсаташ эца йиш ю вайн.

Россерчу уггаре а тоьллачу 100 компанина юкъайогIуш ю Устрада-ГIалара комбинат. Цигахь кечдо 49 тайпана сурсаташ. Нохчийчуьрчу туьканашка кхачийна ца Iаш, луларчу регионашкарчу туьканашка а кхачадо церан сурсаташ. Герггарчу хенахь оптово-рознични сеть кхин а шоръян лаам болуш бу комбинатан векалш.

Шелковскерчу ахархойн-фермерийн «Жайна» бахамера («Халяль» билгалонца ду церан сурсаташ а) сурсаташ цхьа шо хьалха дуьйна ду вайн республикерчу туьканийн гIопасташкахь. Цу хенахь дуьйна республикерчу бахархоша дика дIаоьцуш а ду.

«Жайна» предприятис шайн даьхни химически цхьа а тIетохарш а доцуш, дуккха а беттанашкахь дуста а деш леладо, цундела 10–15 процентана деза ду церан сурсаташ. Делахь а, дика дIаоьцу уьш тешам болуш а, чомана дика а хиларна.

Герггарчу хенахь ахархойн-фермерийн «Жайна» бахамехь йохьаш деш йолу цех схьаелла лерина бу компанин векалш. Цул сов, кхелан шура лело а, зIакардохнан инкубаторш кхин а алсам лело а дагахь бу уьш.

Нохчийчохь дохнан маша (шуран сурсаташ) а ду «Халяль» билгалонца. «Центороевски» дохнан машин комбинатехь массо а тайпа шуран сурсаташ арахоьцу. Нохчийчохь уггаре а дика лору «Центороевски» комбинатан сурсаташ.

ТIейогIучу хенахь варенеш а, компоташ а хир ю Нохчийчохь «Халяль» билгалонца.

Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон сайта тIехь билгалдаьккхина ма-хиллара, хIокху шеран кхоалгIчу кварталехь «Халяль» билгалонца долу сурсаташ дохк-эцаран лехамаш кхин а чIагIбийр бу.

Хь.БАХТАЕВА

№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: