ХIокху деношкахь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина йолчу «Иэсан некъаца» хIорашеран республикин VII-чу конкурсан жамIаш дар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон актови залехь.
Республикин «Молодежная смена» газето вовшахтухуш йолу и конкурс дIахьош, 2009-чу шарахь дуьйна, гIо лоцуш ву Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель, республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдул.
Конкурс Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачарна лерина яра. Ткъа конкурсан коьрта Iалашо А.-Хь.Кадыровс вайн мохк кхиорехь яьхна гIулчаш гайтар, цуьнан дахаран некъ бовзийтар а яра.
Цигахь дакъалецира вай лакхахь хьахийначу Магомадов Iабдула, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Россин Журналистийн союзан декъашхоша, кхечара.
I.Магомадовс шен къамелехь довзийтира 2003-чу шарахь дуьйна А.-Хь.Кадыров бахьана долуш, вайн республикехь хиллачу а, хуьлуш лаьттачу а хийцамех лаьцна.
– ХIокху шарахь 7-гIа дIахьош ю вай хIара мехала конкурс. Вайна юкъара дIабаханчу къонахаша мехкан а, халкъан а дуьхьа бина дика болх бицбан мегар дац, даима тIекхуьучу чкъурана карлайоккхуш хила еза вайн истори. Оцу Iалашонца вовшахкхетта вай тахана хIокху залехь а, – элира цо.
Цул тIаьхьа вистхиллачу «Молодежная смена» газетан коьртачу редактора Хасиев Сайд-Эмис элира: «Конкурсе бахкийтина дуккха а белхаш бара, царна юкъара тоьлларг харжа атта ца хиллий хаьа суна жюрина, хIунда аьлча конкурсехь дакъалаьцна волу массо а журналист шен болх дика бевзаш а, дешан говзалла йолуш а вара».
Д.Умаровс баркалла элира конкурсехь дакъалаьцначу журналисташна. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна дика гIуллакхаш йозанца гайтар юкъараллина мехала ду бохура цо.
– Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шен къоман баьчча хилла лаьттина ву. Цо дина диканаш дийцина ца валлал дукха ду. Шен са ца кхоийна цо нохчийн халкъан дуьхьа. Таханлерчу дийнахь Делан къинхетамца цо яьккхинчу паргIатонца дехаш ду вай. А.-Хь.Кадыровс шен цIе гуттаренна а Россин исторехь яха йитина, – элира Умаров Джамбулата.
Цул тIаьхьа совгIатан меттигаш билгалъехира конкурсан векалша.
«Жюрин леррина совгIат» дира «Даймохк» газетан жоьпаллин секретарана Мусаева Асетана. Цуьнан статья дипломаца билгалъяьккхира, ноутбук а елира.
КхоалгIа меттиг яьккхира «Столица плюс» газетан корреспондента Динаев Iалихана цунна диплом, фотоаппарат а елира.
Дипломца, телевизорца совгIат дира «Молодежная смена» газетан корреспондентана Хадысова Марьямана, конкурсехь шолгIа меттиг яккхарна. Ткъа хьалхара меттиг елира Нохчийн Республикин Парламентан хаамийн-аналитикин урхаллин хьаькамна, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистана Яхиханов Зелимханна. Дипломаца а, 100 эзар соьмаца а совгIат дира цунна.
Хь.АВХАДОВА
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо