ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан ерриге а гIаланашкахь, кIошташкахь, ярташкахь дIахьош ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун 65 шо кхачарна лерина даздарш. Иштта, къоман баьчча, Iеламстаг, гIараваьлла политик, турпалхо вина де даздаран хьолехь билгалдаьккхира Грозненски кIоштахь а.
Девкар-Эвларчу Культурин цIийнехь вовшахкхийтира кIоштан администрацин куьйгалхо Хасиев Бекхан, бахамийн, юкъараллин организацийн, кегийрхойн боламийн векалш. КIоштан администрацица цхьаьна даздаран цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера «Иман» юкъараллин организацин куьйгалхоша.
Йоккхачу зала чохь вовшахкхеттачарна хьалха чулацаме къамел дира Б.Хасиевс. Цо дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарх а, кхолламах а лаьцна. Цо къаьсттина тидам тIебахийтира Ахьмад-Хьаьжас нохчийн халкъ хIаллакьхиларх кIелхьарадаккхарехь, республика машаран некъа тIе яккхарехь лелийначу доккхачу маьIнина.
«Вайн халкъан оьмарехь дукха нисъелла халкъ хIаллакьхиларан зил тIе хIоьттина киртигаш. Ишттачех цхьа киртиг яра нохчийн халкъана XXI-чу бIешаран юьххьехь тIехIоьттинарг а. Халкъ, тIамо хьере дина, доьхна даьржина, кханенах дог диллина дара. ТIеман кIуркIаманехь денна хIаллакьхуьлуш бара маьрша нах. Терроризман а, вахабизман а ун даьржинера Нохчийчохь. Дерриге а халкъ шен букъа тIехьа а лаьцна, иза оцу боккхачу балех даккха гIаьттира турпала Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан и дан ницкъ а кхечира. Оцу сийлахьчу гIазотан некъа тIехь шахIид хилира цунах. Дала гIазот къобалдойла цуьнан!», – элира Б.Хасиевс.
Къоман баьччас нохчийн халкъ тIеман кхерамах, вахабизман зуламах хьалхадаккхарехь дина мехала гIуллакхаш карладохуш къамелаш дира цхьаьнакхетараллин кхечу дакъалацархоша а. Цул тIаьхьа мовлад а дийшира, сагIа а даьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIера.
Хь.САИДОВ
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо