Шу тхуна оьшуш ду

«Даймохк» газетан цхьана номерехь дешнера ас Буру-ГIаларчу цIерпоштнекъан техникуман выпускникех лаьцна яздинарг. Вайн махкахойх, шен хиллачу студентех хаза дош аьлла церан хиллачу классан куьйгалхочо Канукова Дианас.

Со а ю оцу техникуман заочни дешаран отделенин студентка, тхан классан куьйгалхо Котляр Наталья ю. Тахана хиъна суна Котляр Наталья а, Канукова Диана а Хьалха-Мартан кIоштарчу цхьана школе хьехархойн балха хIиттиний. Цара аьллачу хазачу дешнашна цара баркалла ала лаьа суна. Ас доьшучу хенахь суна а хааелира оцу хьехархойн шатайпа дикалла. Къаьмнаш къеста а ца деш, массаьрца а дика яра и ши хьехархо.

Цундела, лараме Наталья Викторовна, Диана Казбековна, суна чIогIа хазахетта шу тхан республике балха даьхкина. Со теша, шу шайн сацамна дохко девриг цахиларх. Шу кхузахь, тхоьца ду, иза вайн студенташна хаза кхаъ а бу. Аьтто хуьлда шун балха тIехь! Тхуна шу дукхадеза!

Даггарчу ларамца Нохчийн Республикерчу ТIехьа-Мартан кIоштарчу СемаIашкара Ахматханова Тоита

№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: