Хьаьттан беттан 17-чу дийнахь, 14 сахьт 30 минот яьлча, мехкан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь даржийра Москван областерчу Щелковски шоссейн 20-чу километрехь йолчу ДПС-с постана тIелатар а дина, билгалбаьхна боцу нах къастийна йоцучу машена тIехь къайлабевла хилар.

ТIаьхьо, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Москван областехула йолчу Пачхьалкхан урхаллин пресс-службина тIе а тийжаш, хаамийн гIирсаша билгалдаьккхира, постана тIелатар динарг шиъ хилар а, ший а Юккъерчу Азерчу мехкашкара хилар а.
Россин Федерацин талламан комитетан пресс-службо билгалдаккхарехь, постана тIелатар бахьана долуш чевнаш йина полицин шина белхахочунна.
«Юккъерчу Азин цхьана республикин шина вахархочо тIелатар дина Щелковски шоссен 20-чу километрехь йолчу ДПС-н стационарци постана. Полицин белхахочунна тIе а веана, цу шиннах цхьамма диг тоьхна цунна, шолгIачо цуьнан тапча схьа а эцна, иза йиттина вукху белхахочунна. Чевнаш йина шина белхахочунна. Цхьаъ вала кхерам болуш ву», – яздина СКР-н пресс-службо.
Ткъа хIинца, талламан белхаш биначул тIаьхьа, цIеххьана «билгалдаьлла» постана тIелетта волу ши стаг Нохчийн Республикин ТIехьа-Мартан кIоштан вахархо хилар.
«Талламан-оперативни белхаш дIахьочу муьрехь постана гена боццуш, хьуьнхахь, карийна чохь хIуманаш йолу ши тIоьрмиг (когаш доцу хечеш, лергъюхкурш, зажигалкаш) а, паспорташ а. Иштта билгалдаьлла и шиъ Нохчийн Республикерчу ТIехьа-Мартан кIоштара 21 шо долу вахархо Мурдалов Iусман а, 18 шо долу Исраилов Сулим а хилар. И ший а хIаллаквина: цхьаъ – тIелатар дечу хенахь, шолгIаниг – вада воьлча», – аьлла хаамаш баржийна «Коммерсантъ» газето.
Иштта цо билгалдаккхарехь, и гIуллакх Талламан комитетера шега схьаэцна Федеральни кхерамазаллин службо. Оцу службин талламхошна хетарехь, тIелатар даран коьрта бахьана лоруш ду – полицин белхахошкара герз схьадаккхар. Ткъа ший а тIелатархо законца йогIуш йоцучу герзашца йолчу тобанийн декъашхо лоруш ву.
И.ИСЛАМОВ
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо