ХIора шеран хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь республикехь билгалдоккху Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Федерацин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де. Оцу денна лерина дIахьо тайп-тайпана культурин а, спортан а, динан а мероприятеш, берзабо мехала гIишлошъяран белхаш, иштта дIа кхин а. Карарчу шарахь иза вина 65 шо кхаьчна. ХIинццалц оцу лелийначу ламастех хаьдда ца деара хьаьттан рогIера 23-гIа де.
Оцу денна леринчу мероприятешкахь дакъалацархьама, республике баьхкина бара беза хьеший: Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу федеральни министр Кузнецов Лев, цуьнан хьалхара заместитель Байсултанов Одес, Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Белавенцев Олег, дуккха а кхиберш.
Республикин куьйгалло а, баьхкинчу безачу хьешаша а уггаре а хьалха дакъалецира пачхьенехь №19 йолу керла школа схьаелларехь.
– Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина ду тахана хIара школа схьаеллар. Цо машаречу дахарна бух а биллина, дешарна къаьсттина терго а латтийна ша республикина куьйгалла дечу муьрехь. «Вайн махкахь школаш цахилахь, вайна маьрша дахар гур дац», – олура цо. Цундела школашна а, дешарна а тIехь къаьсттина терго латтийна. Цо болийначу белхан жамIаш довзийта лаьа суна: товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь вай тайп-тайпанчу шахьаршкахь схьайоьллур ю кхин а 19 школа, – элира Р.Кадыровс.
Керла школа, 2 гIат а йолуш, 308 дешархочунна лерина ю. Цу чохь дешаран 12 кабинет а, компьютерийн класс а, библиотека а, столови а, спортзал а ю. Школа схьаеллар бахьана долуш, 40 гергга белхан меттиг кхоьллина. Иза лерина ю Петропавловски шоссен Соьлжа-ГIалин дозанехь долчу декъан гуонахарчу берашна.
Цул тIаьхьа республикин бахархошна шен неIарш схьаелларан рагI тIекхечира махлелоран «Минутка» туьшана. Иза Соьлжа-ГIалара Шериповн а, Узуевн а цIарах болу ши урам дIаболалучохь йина.
– Вайн гIаланашкахь я ярташкахь цхьа мехала предприяти елахь а, цунна гуонаха мел еш йолу гIишло, адамашна цунах новкъарло хилахь а, оцу объектана лерина я цуьнца йоьзна еш ю. Амма таханлерчу Соьлжа- ГIалахь вайна гуш ду бахархой коьрта лоруш хилар: уьш дIатарбелла бовллалц собар диний бен хIара махлелоран туш а ца йина. Цо гойту кхузахь мел деш дерг бахархойн дуьхьа деш хилар, – элира Л.Кузнецовс.
Махлелоран «Минутка» туш 700 миллион соьмах лаьттачу инвестицийн чоьтах йина ю. Комплексан барам 9 эзар квадратни метрал а боккха бу. Иза схьаеллар бахьана долуш, белхан 400 сов меттиг кхоьллина. Цу чохь шайн сурсаташ а, товараш а духкур ю 73 компанис.
Циггахь Соьлжа-ГIалин мэра М.Хучиевс республикин куьйгаллина а, баьхкинчу безачу хьешашна а довзийтира республикин пачхьенехь инвестицийн декъехь долу хьал. Цо билгалдаккхарехь, карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь кхочушъеш ю инвестицийн 43 проект.
Цул тIаьхьа даздаран хьолехь схьадиллира «Чеченнефтехимпром» компанис а, Къилба Корейс а цхьаьна инновацийн литийн аккумуляторш ян лерина ечу заводан хьалхара дакъа.
– А.-Хь.Кадыров вина 65 шо кхочучу дийнахь схьадоьллуш ду вай хIокху мехалчу заводан хьалхара дакъа. Нохчийн Республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а машар барехь коьрта дакъалаьцначарах цхьаъ а ву иза. Цо халкъаш цхьаьнатоьхна. Со республике шолгIа веана ву. Амма со дуьххьара веача санна цецваьлла. Республика денна а кхуьуш хилар бахьана долуш, кхуза инвесторш а богIу. ХIара завод цуьнан бIаьрла масал а ду. Со тешна ву, кIеззиг хан яьлча Нохчийн Республика вайн мехкан экономика кхиорехь тоьллачарах цхьаъ хирг хиларх, – элира О.Белавенцевс.
Дагадоуьйту энерги Iалашъяран 30 МВт/ч нуьцкъаллин системаш (ESS) ян лерина ечу заводан хьалхара дакъа схьаделлар Россин Президентан В.Путинан «майн указаш» кхочушдарца доьзна хилар.
Завод ярехь цхьаьна болх беш ю Россин «Чеченнефтехимпром» а, Къилба Корейн «KOKAM» а цIе йолу компанеш. Карарчу хенахь цигахь кхоьллина 70 белхан меттиг.
И.АДАМОВ
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо