Хууш ма-хиллара, хIокху шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедилларца Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дукха болх бина республикерчу юккъерчу школийн тIегIанехь аьхкенан муьрехь берийн самукъадаккхаран а, садаIаран а майданаш схьаелларна тIехь. Иттаннашкахь схьайиллинчу майданашкахь дуккха а берийн садаIа аьтто баьлла.
Берийн аьхкенан каникулаш юьйлаелчахьана дуьйна республикехь схьайиллина аьхкенан берийн самукъадаккхаран а, садаIаран а 430 майда. Цигахь садаьIна 26 250 беро.
Аьхкенан садаIаран а, самукъадаккхаран а майданаш болх беш яра асаран (июнь) беттан 10-чу дийнахь дуьйна хьаьттан (август) беттан 14-гIа де тIекхаччалц. Оцу майданашкахь 5 сменехь белхаш бира, ткъа берех дерг аьлча, 7–16 шераш долу бераш дара цигахь садаьIнарш. Берашца белхаш беш бара психологаш, социальни хьехархой, кхитIе а долчу дешаран хьехархой. Оцу майданашка даьхкинчу бераша школашкахь йолчу тайп-тайпанчу кружокашкахь а, секцешкахь а мукъа хан дIахьора, дуккха а керланиг Iамадора, иштта тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалоцура.
Бераш кхетош-кхиоран а, кхитIе а долчу дешаран а, берийн бакъонаш ларъяран а отделан коьртачу говзанчас Махмутхаджиева Заремас дийцарехь, аьхкенан майданаш схьаелларан Iалашо яра берашка садаIийтар а, цаьрга шайн мукъа хан пайдехь дIаяхьийтар а. Вай лакхахь хьахийначу майданашкахь садоIуш, дукха хьолахь бераш дукха долчу, таронаш ледара йолчу доьзалшкара, кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссехь учетехь лаьтташ долу бераш дара.
– Оцу майданашкахь берашна дуккха а керланиг, пайдехь дерг девзира. Тематически ловзаршкахь, спортан къийсадаларшкахь, кхоллараллин конкурсашкахь дакъалаца а, экскурсешка даха а аьтто хилира берийн. Дуккха а берашна суьрташ дахка а, туьтешца куьцаш дан а Iемира, ткъа цхьайолчу майданашкахь садоIуш долу бераш аьхкенан кинотеатрехь хилира. Иштта, ийманехь кхетош-кхиорна лерина дуккха а цхьаьнакхетарш дIадаьхьира цаьрца. Оцу майданашкахь яьккхинчу хенахь бераша вовшашца дуккха а гергарлонаш тийсина, шайн кхоллараллин хаарш зийна. Тхо тешна ду, дIабахана аьхкенан мур цара хазахетарца дагалоьцург хиларх, – дерзийра шен къамел Махмудхаджиева Заремас.
З.БАЙТУКАЕВА
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо