ТIаьхье беркате хилийтархьама

223323Амма ларийний Нохчийчоьнан латталелорхой хIокху бIаьста шайна хьалха хIиттийна хиллачу декхаршца? Халахеташ делахь а, цаьрца буьззинчу барамехь ларийна олийла дац, дIадаханчу шерашца дуьстича белхан боларш дуккха а лакхара хиллехь а. ХIунда аьлча бIаьстенан цхьайолу культураш дIаер хIара бутт болабалале чекхдаккха цара шайна хьалха Iалашо хIоттийна хилла хиларна.

– Латталелорхойн вовшахтохараллех доьзна дацара иза, – хаам бира республикин юьртан бахаман министерствон ораматашлелоран, химизацин, механизацин департаментан куьйгалхочо Матуев Ханпашас. – ХIора шарахь а иза хуьлуш ма-хиллара, цара шайна  билгалйинчу Iалашонашна Iаламан хьелаша юкъадалийра цхьамогIа нисдарш. Юьххьехь тIеэцна хилла боларш чекхдаха таро ца хилийтира апрелехь ихинчу догIанаша. Дустарша гойту латталелорхоша  хIетте а сихачу боларшца гIуллакх деш хилар. ХIора а тахана къахьоьгуш ву шалхабаьхначу ницкъашца. ХIунда аьлча, кхета, цхьа де а хьалха лаьтта дижинчу хIуьно тIаьхье беркате хуьлуьйтург хиларх.

Говзанчин дешнаш тIечIагIдо тахана республикин аренашкахь  долчу хьоло. Коьртачу декъана  чекхбевлла ала мегар ду хIокху бIаьстенан хIу дIадеран белхаш: тайп-тайпанчу культурашна билгалйина хиллачу 68 эзар гектар гергга йолчу майданех 13-чу майна болчу хаамашца 63948 гектара тIехь хIу дер чекхдаьккхина. Хьалха хIоттийна хилла декхар дуьззина кхочушдархьама оцу денна тIекхочуш хIу дIаден йисинарг кхо бIе гектарал жимма алсам майданаш бен яцара, масала, ТIехьа-Мартан районерчу бахамашкахь. Иштта хьал дара Грозненски, Хьалха-Мартан, Теркан, Соьлжан, Шелан, Шелковски районашкарчу аренашкахь. Карарчу хенахь латталелорхошна юкъахь яьржинчу жигараллица масех денна бан болх бен ца бисина.

Агротехнико билгалйинчу хенашкахь ларорхьама и жигаралла мелла а лакхаяккхар хьалха лаьтта хIинца а хIу тасаза лаьтташ цхьа эзар гектар сов майданаш йолчу Гуьмсан районан а, герггарчу хьесапехь оццул майданаш шен бахамашкахь  йолчу Невран районан а латталелорхошна. Хьалхарчохь бахамийн цхьа дакъа а, шолгIачохь дийнна район а йокъа хIуттучу зонехь хилар хьесапе эцча-м муххале а.

БIаьстенан культураш къастош аьлча, газетехь хьалха а дийцина республикин юьртан бахаман министерствос шекаран буракаш лелорна бахамийн тидам алссам тIехьажоран Iалашонца динчу гIуллакхех лаьцна: маьхза елла минеральни удобренеш, химин гIирсаш, дIаден хIу. Башха тIаьхьенаш елла цара – ур-аттал хьалха оцу культурана пебетташ хиллачара а (уггаре а хьалха кху бIаьста буракашна 1100 гектар гергга майданаш къастийна болчу ахархойн-фермерийн бахамаша) гайтина мерза орамаш кхио шайна лууш хилар. Цундела ларамаза дац царна къастийна майданаш шозза гергга алсамъевлла хилар. Ялх эзар гектаре дIакхача дукха хIума ца дисина. 13-чу майна болчу оперативни хаамашца республикин агропромышленни комплексехь 5637 гектар дIалаьцна мерзачу орамийн хIуьно.

Дукха шераш хьалха дуьйна ламаст хилла дIахIоьттина оцу культуран коьрта майданаш ТIехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Грозненски, Гуьмсан районашна кхочуш хилар. ХIара карарниг а хир дац кхин къастамалла йолуш: буракашна майданаш къастийна майданаш алсамъяхарехь а, церан хьекъар лакхадаккхарехь а хаддаза вовшашца йохье буьйлуш  болчу мартанхошлахь хьалхарчара Iалашо хIоттийна кху аьхка 570 гектара тIехь мерза орамаш кхио. Хьалхамартанхоша  600 гектаре кхаччалц алсамъяьхна шайн бахамашкара майданаш. Нагахь Iаламан хьелаша таро хилийтахь цигахь оцу культуран хIу деран белхаш герггарчу деношкахь чекхбевриг хиларна тоьшалла  лара мегар ду хьалхарчохь, масала, хIинцале а 473 гектара тIехь а, шолгIачохь 500 гектар майданахь а и болх бина    хилар.

Шен цигара таронаш дикка алсам йолчу «Агротехсервис» цхьаьнакхетараллехь 700 гектар дIалаьцна мерзачу орамашна леринчу майданаша. И гайтам кхин а лакхара бу «Шовда» агрохолдингехь – 800 гектар.  Республикехь оцу сурсате долу хьашт дуьззина кхочушдарна юкъа шен хазна йилла Iалашо хIоттийначу Аргунехь йолчу шекар доккхучу заводан коллективо 330 гектара тIехь кхиор ю шекаран аьргалла. Ерриге а майданашка хIу тасар чекхдаьккхина цигахь.

Тахана деш долчу гIуллакхийн тIаьхье беркате хилийтарна тIехьажийна хьакъ боллу бух буьллу латталелорхоша. Къамел ду латтанашна минеральни кхача баларх лаьцна. Ма-дарра аьлча, шекаран буракашна къастийна хилла цхьа а гектар ца йисина республикехь минеральни удобренеш тасаза. Орамийн хьекъар хаъал лакхадаккха ницкъ кхочург хиларна ондда закъалт лара догIу иза а.

– Кхеташ ду, буракашна къастош йолу майданаш иштта алсамъяхаро царна тIехь кхиийна аьргалла дараш ца хуьлуьйтуш шен хеннахь чуэцарна лаккхарчу эвсараллин техника оьшург хилар, – боху Х.Матуевс. – Оцу Iалашонца «Росагролизинг» цхьаьнакхетараллица дIахьош дийцарш ду республикина Германехь арахецна буракаш чуэцаран масех комбайн эцаран хьокъехь. Церан эвсаралла лакхара хиларна къеггина тоьшалла до хIокху цхьана бакъдолчо а: дийнахь 17 гектаре кхаччалц йолчу майданара буракаш чуэца ницкъ болуш ю  хIора комбайн. Гурахь  уьш балхана юкъаялоро таро хуьлуьйтур ю аренашкара мерза орамаш чуэцаран хенаш дикка яцъян а, делахь-хIета, дараш лахдан а. Кхин цхьаъ ду билгалдаккха дезаш – Росси ВТО-н юьззина бакъонаш йолу декъашхо хилла дIахIоттарца доьзна кхоллалуш долчу хьелашкахь кхузаманахьлерчу лаккхарчу эвсараллин техниках алссам пайдаоьцуш ца хилахь вайн латталелорхойн ницкъ кхочур бац конкуренци лело хьуьнаре долу аренийн механа дорах сурсаташ кхио. Цундела министерствос цунна тIехьажабо  церан тидам.

МаьлхахIуш бахамна, делахь-хIета, лаьтта тIехь къахьоьгуш болчарна шайна а алссам пайда тIебохьучу культурех цхьаъ хиларх латталелорхой кхеташ хиларан билгало ю царна къастийна майданаш хIокху бIаьста дикка алсамъяьхна хилар. Масала, Теркан районехь хIинцале а 1871 гектар дIалаьцна даьттанан культуро, Грозненски районехь – 1090 гектар, тIехьамартанхойн аренашкахь – 885 гектар, Хьалха-Мартан районерчу бахамашкахь – 628 гектар, Шелан районехь – 547 гектар. Тахана а хIу деран белхаш совцийна бац оцу районашкахь а, дийнна республикехь а.

Шайга аренде деллачу латтанех пайдаэцарехь санехь хинболу некъ лохуш алссам тидам тIебахийтина хIуш кхиорна ахархойн-фермерийн бахамаша а. ТIейогIучу аьхка церан аренашкахь 1200 гектара тIехь кхуьур ду уьш.

Лакхахь хьахийначу агрохолдинго а кху шарахь маьлхахIуш 700 гектар майданахь кхиорца билггал хазна юьллур ю республикин экономика лакхаяккхаран гIуллакхна юкъа.

Дийнна агропромышленни комплексах дерг аьлча, 13-чу майна долчу хьесапашца тайп-тайпанчу долаллин бахамашкахь 8638 гектара тIе тесна оцу культуран хIу. Оцу декъехь республикин аренашкахь дIахьош болчу белхаша тоьшалла до чаккхенан терахь дикка лакхара хирг хиларна.

Цхьана хенахь башха говзанчаш бара Нохчийчохь хьаьжкIаш кхиорехь. ДуьххьалдIа и культура лелорна вайн кхаа хьаьжкIашлелорхочунна Къинхьегаман Турпалхочун дашочу седанца совгIат дина хилар дагадаийтича а тоьар ду аьлла хета мел боккхачу ларамехь дара и культура кхиоран гIуллакх билгалдаккхархьама. Вайн республикехь хьовха, берриге а махкахь а гIараевлла евзаш яра Кагерманов Олхазаран, Саидов Бауддин, Гайтамиров Ширванин цIерш, шайга кховдийначу гIуллакха тIехь цара гойтуш хилла хьуьнарш.

Тахана хьаьжкIаш кхиорехь яха йолийначу хьалхарчу гIулчаша дегайовхо кхуллу оцу турпалхойн хьуьнарш карладохург хиларх, церан сий меттахIотторна тIехьажийна республикин латталелорхоша дан долийначу гIуллакхаша беркате тIаьхье лург хиларх. Иза къаьсттина хаало кху шарахь оцу гIуллакхна уггаре алсам дакъа юкъадиллинчу  Хьалха-Мартан, Шелан, Гуьмсан районашкахь долу хьал тидаме эцча. Оцу культурана майданаш къасторехь хьалхе  мартанхоша шайн кара лаьцна. Иза гойту хIокху терахьаша: хIинцале а 873 гектара тIехь дIадийна цигарчу бахамийн  аренашлелорхоша  оцу культуран хIу. Цкъачунна болу гуьмсахойн гайтам 455 гектаран барамехь бу. ДIадаханчу шарца дуьстича шелахоша шозза алсамъяьхна цунна лерина йолу  майданаш, хIинцале а 400 гектар сов майданашка хIу а тесна.

Нагахь «Шовда» агрохолдингера 500 гектар а, ахархойн-фермерийн бахамашкара 830 гектар а хьесапе эцча, 13-чу майна болчу хаамашца республикин агропромышленни комплексехь йиъ эзар гектар гергга йолчу майданашка тесна хьаьжкIийн хIу.

Хаза лаьтташ долчу хIокху денойх алссам пайда а оьцуш, и белхаш йоккхачу вовшахтохараллица дIахьош а бу.

Хьахийча нийса хир ду аьлла хета Нохчийчоьнан аренашкахь хасстоьмашлелор карладолуш хиларх дерг а. МеттахIотторан некъан юьхь йолош кху шарна билгалйинарг цхьа эзар гектарал жимма совъэккхаш майданаш бен яцахь а, вайн латталелорхой тешна бу оцу сурсаташкахь долу бахархойн хьашташ дикка доккхачу декъана кхочушдан шайн ницкъ кхочург хиларх. Шен бух болуш а ду и тешар.

Оцу майданех ах сов ерш республикехь хьалхелелорхойн мукъ шайгара дIа ца хоьцуш схьабогIуш болчу тIехьамартанхошна кхочу – 515 гектар. Хасстоьмийн хIу дIадерехь а чIагIдина цара хьалхелелорхойн цIе шайна хьакъ хилар: 420 гектар дIалаьцна цигарчу бахамашкахь тайп-тайпанчу хасстоьмийн культураша – помидораша, наьрсаша, хохаша, жIонкаша, цIечу буракаша, копастано, кабачкеша. Масала, «Ачхой-Мартановский» бахамехь уьш 210 гектара тIехь кхиор бу, «Колос» бахамехь – 145 гектар майданахь, «Орджоникидзевский» бахамехь – 100 гектара тIехь.

Хьалха-Мартан районехь цкъачунна хасстоьмашлелоран дакъа меттахIоттор цхьана бахамна тIера дIадоло сацам бина. Цигарчу «Труд» бахамехь 224 гектара тIехь кхиор бу уьш, шайна юкъахь 144 гектар саьрмасекхашна а кхочуш. ТIейогIучу аьхка 150 гектара тIехь тайп-тайпана хасстоьмаш кхио шайна хьалха Iалашо а хIоттийна, каде гIуллакх деш бу шайн аренашкахь Невран районерчу «Наурский» бахаман латталелорхой.

Хасстоьмийн шорто кхолларна юкъа шайн дакъа дилла болчу лаамца къахьоьгуш бу хIокху деношкахь Нажи-Юьртан районерчу «Гиляны» бахамера а, Соьлжан районерчу «Ассинский» бахамера а, «Аргунское» ОПХ-ра а аренашлелорхой.

ХIокху деношкахь республикин аренашкахь долчу хьоло  гойту хьалха хIиттийна декхарш кхиамца кхочушдарна латталелорхоша шайн ницкъ кхочург дерриге а дийриг хилар.

Л.МАГОМАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “ТIаьхье беркате хилийтархьама” йаздарна бухахь

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: