Иштта яра хIокху деношкахь Гуьмсехь, садаIаран паркехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетаран цIе. Иза вовшахтоьхнера Гуьмса гIалин культурин урхалло. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу культурин Советан декъашхой, кIоштан администрацин, динан векалш, къанойн, кегийрхой. Цхьаьнакхетаран Iалашо яра кегийрхой ийманехь, гIиллакхехь кхетош-кхиорна юкъа хазна йиллар.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша дуккха а дийцира нохчийн гIиллакхех, оьздангаллех лаьцна. Шайн къамелашкахь цара билгалдаьккхира, нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ къоман хазна хилар, уьш кегийрхошна жимачохь дуьйна Iамош хила дезар, царах хердала йиш цахилар, хIора а стаг шен Даймехкан патриот хила везар.
Цхьаьнакхетарехь хиллачу кегийрхоша хазахетарца ладуьйгIира къаношка а, Iеламнахе а, иштта шайн хаттарш дира цара
«ГIиллакхийн суьйре» кхин а хазйира самодеятельни коллективаша дIааьллачу къоман иллеша.
Цхьаьнакхетар дерзош иза вовшахтоьхначара билгалдаьккхира, иштта цхьаьнакхетарш кегийрхошна пайдехь хилар, цаьргахула тIекхуьучу тIаьхьенна къоман истори а, культура а йовзийта аьтто хилар.
З.ЧИНХОЕВА
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо