(Хьалха-МартантIерчу вахархочун Межидан Мохьмадан дагалецамаш)
Тхо КIайIинчу дIадахана масех шо дара. Хьалха-Мартанна къилбехьа ю иза. Иттех цIа бен дацара кху кIотарахь. Масех юьртара нах бара кхузахь: МартантIера а, Мартанчуьра а, Таьнгичуьра а. Мартанчу воьдучу новкъара схьахьаьжча, гуш а ца хуьлура тхан кегий цIенош, СоIди-КIотарна кхин а гена дара уьш. Цундела, 23-чу февралан цу буьрсачу дийнахь, берриге а нах МартантIе дIагулбеш болчу салташна тхан кIотар ца гинера. Ткъа тхо, шайн-шайн кертахь, массо а дийнахь деш долу гIуллакхаш а деш, цхьа а хIума а ца хууш лелаш дара.
Цу Iуьйранна тхан дай, наний Олхазар-КIотара базара дахара. Схьахетарехь, хIара шиъ хьалххе цIа дар бахьана долуш, кхин хIума ца хаалуш дисинера. Тхан юьртахой шек а боцуш лелачу хенахь, МартантIехь болу бахархой цIера баха кечбеш бара.
Божарий эвлайистерчу колхозан уьйтIа дIагулбинера, ловзар ду бохуш, баккъал а вотий, пондарий долуш, бал боккху кеп а хIоттийнера. Ткъа зударий, берашший салташа говран ворданаш тIеххьий, машенаш тIеххьий Соьлжа-ГIала дIабуьгуш бара.
Цул тIаьхьа 17 де даьккхира оха вайн махкахь, 23-чу февралехь хиллачух цхьа а хIума ца хууш. Бакъду, тхан юьрта вогIуш масех ж1айхо вара хIетахь: ГIалбаций, Мохьмаддий, Захлий. ЦIестан кIудалш а, кхийолу пхьегIаш а еш, аьчках метигаш а, белаш а, уьш санна йолу хIуманаш юьртахошна юхкуш, шайна сом доккхура царах цхьаболчара, ткъа вукхара мехах асарш дора. Цу ж1айхоша цхьацца хIума къадош хиллера баккхийчаьрга, амма ма-дарра хилларг дуьйцуш ца хиллера. Нах ц1ера баьхначу 18-чу дийнахь тхан кIотара цхьа эпсар веара. Паспорташка а хьаьжна, дIавахара иза. Юха кхин а веара. Цул тIаьхьа ж1айхочо Захалс, шаьш санна, ж1айхой ду а ала, цIера ца дохуш дуьтур ду шу аьлла, Мартант1е охьадалийра тхо. Тхан кIотарахь кхо-йиъ бен говр-ворда яцара. Цундела цхьаболчеран мотт-г1айба а, цхьацца пхьегIа а, жимма ахьар а цу ворданаш тIехь МартантIе схьадеара, амма оха кечйина хIуманаш арахь йисира. Уьш тхоьга схьа ца эцийтира.
Тхо МартантIе схьакхаьчча, кхечу махка кхаьчча санна, Iада а дина дисира: массанхьа а дIасакхийсина меттанаш, гIайбеш чуьра месаш, пхьегIаш яра. Есачу арахь санна дара кхузахь, цхьа тамашийна, акхарой юьртахула лелча санна.
Тхоьца волчу воккхачу стага элира: «Вай ваьш ж1айхой ду эр дац, вай нохчий ду дIаэр ду». Иштта тхайна тIевеанчу эпсаре дIа а аьлла, кхузахь машенаш тIе а доьттина, Соьлжа-ГIала дIадигира тхо. Цигахь бара цIера бахаза бисина массоа юьртара схьагулбина нах. Иштта, Нохчийчуьра уггаре а тIаьхьа йоьлхучу шолонашца дIадигира тхо Юккъерчу Азе.
Новкъахь оха 17 де даьккхира. Тхан вагона чохь кхойтта доьзал бара. Цхьайолчу станце кхаьчча, яа хIума лора тхуна. Дукха хIума яцахь а, ца валлал хIума кхочура. Бакъду, юьхьанца юург дIайоькъуш болчара баккхийчарна алссам луш, берашна жимма хIума бен ца кхочуьйтура. Iан а ца велла, суо лаьттачуьра ас мохь туьйхира: «ХIора доьзална шен-шена дIаяла еза юург, хIусамнанас шен доьзална юккъехь ша нийсо йийр ю», – аьлла. Баккхийчарна ас аьлларг тайнера, тIаккха иза дIасаекъар суна тIе диллира. Станцехь охьа а вуссуш, сайца накъост а вуьгуш, бепиг а, чорпин яй а схьаэца воьдура со.
Шен хьаштана юьстахвала меттиг яцара вагона чохь. Охьавижар-м хьехочохь а дацара, охьахаа меттиг ца кхочуш, дIакхаччалц ирахь лаьттира со а, кхин а цхьа ши жима стаг а. Мерке дIа ма-кхеччинехь, со цомгаш хилира. Яа хIума яцара. Цундела, масех де даьлча, больницера араваьккхира со. Жимма гIоле-м хиллера суна, амма дIалела гIора дацара.
Вайн массо а махкахо санна, муьлхха а болх бан ца кхоьруш, муьлххачу а балхах ца къехкаш хиларна а, хан ца кхачарна а, ца леш дисира-кх тхо. Хьалхара кхо бутт цхьа а кор-неI доцчу долчу цIа чохь баьккхира оха. Цул тIаьхьа, сан дай, сой цхьацца белхаш бан а волавелла жимма чу са деара тхуна. Со шекар деш йолчу заводе балха вахча, кхоккха норма йоккхура ас.
ТIаккха сайна луш долчу баьпгах цхьа дакъа дIа а дуий (мел кIезиг хIума яра иза!), ши дакъа цIа дохьура ас. Со цIа вогIу ларвеш, кетIахь лаьтташ хуьлура сан ваша ВахIид. «Мохьмад, тахана маса норма яьккхина ахь?» – олий, хоттура цо соьга. Ас бепиг деаний теша олий, деш дара цо и хаттар. Цигахь кхелхина сан ваша ВахIид цкъа а виц ца ло суна. Иза воцург, кхин а мел дукха белира чуьранаш а, доттагIий а, юьртахой а, махкахой а…
ЦIера даьхначу заманчохь тхаьш лайна баланаш цкъа а бицлур бац суна. Сан дас, ша когаш тIе ирахIотта де доцуш воллушехь, мара а воьллина, генарчу больницера суо цIавар диц ца ло. Сайн нанас лелийнарг а дицлур дац суна цкъа а. Iуьйранна когаш тIе ирахIотта гIора доцуш, соьга ша дIа а лоцуьйтуш, чохь масех гуо боккхура цо, амма цул тIаьхьа шен доьзална даа хIума лохуш: стоьмаш болчу дитташ буха охьаэгна Iежаш, кхораш лехьабора (дитта тIера баьккхича, чувуллура), схьалахьоза йисина картолаш а, цхьацца бецаш а лехьайора. Шен берашна совъяьлларг даима а сагIина лулахошна дIа а лора.
Мел халачу хенахь а хьаша-да тIеоьцуш, тхайл гIийлачунна гIо деш,чекхдевлла тхо.
Дала цкъа а кхин ма гойтийла вайна и зама, Дала цкъа а вайн Махках ма хьегадойла вай! Дала бертахь, могаш-маьрша вайн Нохчийчохь даха пурба лойла вайна!
ДIаязйинарг – Токаева Малика