Хийрачу махкахь – хийра амалш

ЦIахь адам кхалхар башха тамашийна ца хетахь а, хийрачу махкахь вайн жимачу халкъан векал кхелхина аьлла, хаам беача, цунах боккха сингаттам хуьлу вайх хIоранна а. Ткъа иза вийна аьлча хьо цхьана меженах ваьккхича санна хетало.

109045

Мел халахеташ делахь а, рогIера иштта ирча кхаъ кхаьчна вайга Францера. Цигахь кхелхина Теркан кIоштера дIавахана 27 шо долу Галтаков Расул. Цуьнан кхалхарна бехке лоруш ву циггахь Iаш а, мелла а цуьнца гергарло долуш а волу Галтаков Хьайбулла.

Расул кхалхаран ма-дарра долу бахьана хууш дац: цхьаболчара дийцарехь урс диттина цунна вукхара герз диттина хилар чIагIдо.

Амма бахьана мухха делахь а, зуламхо караваллалц, кIентан дакъа цигарчу Iедало схьалуш дац.

Расул Франце ненаца дIавахана а, цигахь Iаш волу а иттех шо хилла. Интернет-форумашкахь цигарчу нохчаша билгалдаккхарехь, шо хьалха Даймахка цIа а веана, хIусамнана а ялийна, юха Франце дIавахана хилла иза.

Делахь а, цо а, цуьнан кхалхарна бехке лоручо а лелийнарг тайп-тайпана дуьйцу. Дийцарехь, и ший а машенаш тIехь йохкар-эцар лелош хилла.

«Машенаш юхкуш хилла Расул. Нана цомгаш ю цуьнан, йистхилар а дац. Стохка Даймахка а веана, кхузара шена хIусамнана а ялийна, цуьнца цхьаьна юха цига дIавахана. Дай-наний дIасакъаьстина долу дуккха а хан ю. Карарчу хенахь да Россехь Iаш ву», – бохуш яздо социальни сеташкахь.

Цул сов, хьал девзачара дийцарехь, Расулан кхалхарна бехке лоруш волу Хьайбулла, ша и зулам дале, набахтера араваьлла ши-кхо де бен а ца хилла. Машенаш лечкъош а, уьш дIаюхкуш а вуон лелаш хилла иза хьалха а. Ткъа зулам диначул тIаьхьа, Iедална тIеваха воллу ша аьлла, гучу а ваьлла, юха къайлаваьлла.

Теркан кIоштарчу Ломаз-Юьртарчу вахархочо Хатаев Муслима дуьйцу Францехь рогIера нохчи вер-ваккхарх лаьцна. Ша Муслим цигахь вехаш волу 15 шо кхочуш лаьтта. Цундела цIа ван а, юха цига дIаваха а бакъо йолуш а, маьрша а ву иза. Карарчу хенахь ша цIахь хиларе терра дуьйцу цо: «Со цIахь волу бутт хан ю. Цигахь иштта бохам хиллий а хиъна, иза новкъа а деана. ЛартIахь боцурш наггахь нислуш хуьлу. Делахь а, Делан къинхетамца, дукхахберш ийманехь бу. Iедале а ца доккхуш, дуккха а дар-дацарш, девнаш луьсту оха тхаьшлахь. Дан дезахь маслаIат а до, кхето безарш кхета а бо. Амма цакхетарш а, шайн лаамехь берш а нисло. Иштта хьал ду хIинца хIоьттинарг а».

ДIахаьттинчо эхье лору цхьана нох- чичо нохчи вер а, цунна, бехк а боцуш, тIе куьг кховдор а. Ткъа иза хийрачу махкахь дар а, вайн халкъах кхидолчу халкъийн векалш кхардор а къаьсттина эхье ду.

«Цхьана нохчичо кхин нохчи вер хаза нехан санна эхье хIума ду. Делахь а, зулам да нохчи вуй те олий, ойла а кхоллало… ХIунда аьлча кхетам чохь а волуш, жимма а шегахь нохчалла долчу, шен халкъе ларам болчу нохчичо шегара иштта зулам даьллехь а, ша бахьанехь лаьттах ца доллу- ьйтуш дакъа латтадойтур дац», – боху Магомадов ГIапура.

Дала ийманца собар лойла оцу бохаман дакъа мел кхаьчначунна! Дала вовшийн деза а, лара а ийман, доьналла, кхетам лойла вайна!

И.ХАСАХАНОВ

№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: