ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин аллей Мемориальни комплексехь хьаьттан (август) беттан 19-чу дийнахь даздаран хьолехь бераша дехкинчу суьртийн «Дуьне берийн бIаьргашца: Сан Нохчийчоь» цIе йолу гайтам схьабиллира. Иза лерина бу Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 65 шо кхачарна. Акварельца, акрильца, даьттанашца дехкина къегина бес-бесара суьрташ дара гайтамехь. Берийн белхийн мах хадош дуккха а адамаш дара цига даьхкина. Царна юкъахь Нохчийн Республикин Правительствон декъашхой а бара.
Цул сов, оцу гайтамна керла цIе тилларан конкурс а яра дIакхайкхийна. ХIора шарахь дIахьош долчу оцу къовсадаларан цIе «Дуьне берийн бIаьргашца: Сан Нохчийчоь» хир ю хIинца. Уггаре а тоьлла лерина йолу ши цIе вовшах а тоьхна кхоллаелла ю и цIе. Церан авторш а кхайккхинера гайтаме. Царна дипломашца совгIаташ дира.
ХIокху шарахь бераша гайтаме деана 250 сов сурт дара. Шайн белхаш хьовсархойн кхиэле бехкира Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу къоначу художникаша. Гулбелларачах дукхахболчара билгалдаьккхира, берийн суьрташ тIехь дукха хьолахь гуш ерг тIаьхьарчу хенахь дикачу агIор ца йовззал хийцаелла йолу республика хилар. Суьрташ тIехь гуш дара бераша дехкина Нохчийчуьра маьждигаш а, гIишлош а, чухчареш а.
Кхуззахь дипломашца совгIаташ дира уггаре а тоьлла суьрташ дехкинчу берашна. Гулбеллачара дийцира, оцу тайпана цхьаьнакхетарш а, къийсадаларш а берашна а, церан кхоллараллина а чIогIа оьшуш хиларх а, оцу конкурсехь церан кхиамаш хилар шайна лууш хиларх а лаьцна.
Цул тIаьхьа цхьаьнакхетаран дакъалацархоша цIен аса хадорца схьабиллира гайтам.
Нохчийн Республикин фи- нансийн министра Рассуханов Iусмана шен къамелехь билгалдаьккхира оцу тайпана берийн похIмина тидам тIебахийтар а, церан говзарш жюрин кхиэле яхкар а церан кхиарна чIогIа маьIне хилар.
– Вай тахана схьабоьллуш болу берийн суьртийн гайтам вайн республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 65 шо кхачарна лерина бу. Нохчийчуьрчу а, Россин кхечу регионашкарчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а берийн 250 сов исбаьхьаллин белхаш бу гайтаме бехкина. Царах тоьлларш къастор бу, церан мах хадор бу говзанчаша,– элира министра Рассуханов Iусмана.
«Дуьне берийн бIаьргашца: Сан Нохчийчоь» гайтам дIабирзира хьаьттан (август) беттан 22-чу дийнахь. Тоьлла суьрташ дехкина бераш билгал а дехира, царна совгIаташ а дира.
Гайтам вовшахтоьхнарш дагахь бу тIедогIучу шарахь кхин а йоккха конкурс дIаяхьа. ПохIмечу кегийрхошна оьшу гIо-накъосталла дан шаьш кийча хилар а хаийтира цара.
I.МУРТАЗОВ
№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо