Цуьнца алссам адамалла ю

Юнусов Хьамзат суна вевза ткъе итт шо гергга хан ю. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь «Даймохк» газетан редакцехь болх беш вара иза. КIорггера нохчийн мотт хууш, къоман гIиллакх-оьздангалла йовзарал сов, массо а хенахь а иза шеца йолуш, массаьрца кIеда-мерза чекхваьлла ву Хьамзат. ГIо-накъосталла оьшучунна орцахвала кийча волуш, къона журналисташ кхетош-кхиорехь шегахь собар, дала хьекъал долуш хилла ву даима. Халкъана, махкана сингаттамаш алсам- бохуш беана бара вайна ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталун мур.

После совещания в парламенте ЧР

Дукха нехан амалш хийцаелира, къамелаш шалха долуш меттигаш яьхкира. Соьмах Iехавеллачохь гергарлонаш, доттагIалин зIенаш херлуш зама еара. Цундела къаьсттина билгалдаккха луур дара Юнусов Хьамзат цкъа а шен амалх воьхна цахилар а, са-пайда ца лоьхуш, даима бакъо лоьхучеран могIаршкахь хилла хилар а. Лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, похIме журналист ву иза. Цхьабосса дика яздо цо нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а. Яздинарг маьIне а, чулацам шуьйра болуш а, газетдешархошна схьаэца алссам пайда болуш а нисло. Мехкан а, халкъан а истори дика хаьа Юнусов Хьамзатана. Иштта кIоргера евза нохчийн литература. Дукхах болчу вайнехан яздархошца кест-кеста цхьанакхетарш а хилла цуьнан, церан говзарех дош алар нисделла. Гочдаршкахь бина белхаш кIезиг бац, церан мехалла йийцина вер вац. Нохчийн яздархойн кхолларалла евзаш, езаш, цунах дог лозуш, къоман литература дуьненна дIайовза лууш цIеначу даггара дина цо дукхахйолчу говзаршна гочдарш. Цундела къаьсттина мехала хета Хьамзатан къинхьегам кхечу гочдархойн белхашца дуьстича.

Уггаре а халачу хенахь, махкахь оьрсийн маттахь зорбане дуьйлучу «Вести Республики» цIе йолчу республикин газетан коьрта редактор болх бина Юнусов Хьамзата. Алссам чулацаме статьяш хаалора газетан агIонаш тIехь оцу муьрехь. ТIамо Iовжийначу халкъан лазамаш, сингаттамаш, баланаш балхо йозанаш, цхьаннах ийза а ца луш, зорбане дохура газетехь. Цуьнца цхьаьна газето Iамавора Делан диканах дог ца дилла, нохчийн сирлачу кханенах дегайовхо кхаба. Массара хоттуш а, доьшуш а дара «Вести Республики» газет оцу хенахь.

Кест-кеста ха хорцуш еанчу замано, дагахь доцуш белхан меттигаш хуьйцуьйту вайга. Газетера дIаваьлла, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь болх бар нисделира Юнусов Хьамзатан а цхьана юкъанна. Амма массанхьа а нохчийн халкъах, цуьнан маттах, литературех доглозуш белхаш бина, махкахь тоьллачарах цхьаъ волчу похIмечу журналиста Юнусов Хьамзата. Мехкан а, халкъан а дика дебо лууш хьанал къахьоьгучарах цхьаъ ву иза. Муьлхха гIуллакх цунах тешадахь а, иза йиллинчу хенахь массарна юьхькIам болуш дIадоьрзу.

Тахана къона журналисташ кхиочу шко- лехь директоран болх беш ву вайн турпалхо. Цхьадолчу декъана Iаламат дика ду иза цигахь волуш. Къоман журналистикин кхане хьакъ долчу стеган карахь ю. Нохчийчоьнна муьтIахь болуш, кIоргера хаарш долуш, хьекъале кегийрхой хьалакхио Юнусов Хьамзатан ницкъкхочург хиларх шеко яц. Цуьнгахь алссам белхан зеделларг ду къоначу журналисташка дIакховдо. Къийла а ца къуьйлуш и дIакховдо деган комаьршалла а, ю цуьнгахь.

ХIокху деношкахь шен 60 шо кхачар билгалдоккхуш ву Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Юнусов Хьамзат. Цундела цIеначу даггара ала лаьа: Дала декъалвойла хьо, лараме Хьамзат! Дахарехь а, кхоллараллехь а ирс, аьтто алссам хьерчийла хьох! Кхин цкъа а тIеман къахьо ма гойла хьуна, хьан бевза-безачарна. Хьайн дог мел лаьттачу дикане кхочийла хьо, зенах-зуламах Дала ларвойла хьо!

А.ГАЗИЕВА

№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: