Нохчийн къонахех цхьаъ

Дуьнен чохь уггаре а хазачу меттигех цхьаъ ю ала мегар ду Нохчийчоь. Де дийне мел дели а, заза даьккхина бошмаш санна къегина дIахIуттуш ю иза. Ткъа и иштта серла ялар бахьана шаьш бехачу махках а, мехкан бахархойх а дог лозуш нохчийн къонахий вайн тахана кхуьуш хилар ду. Царах цхьаъ ву Хоси-Юьртара Межидов Хьусайн.

IMG-20160824-WA0004

Иза вина 1987-чу шеран мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахь. ХIора стеган дахар цхьацца агIонашца доьзна хуьлу: бераллех, жималлех, къоналлех, къаналлех. 1994-чу шарахь иза деша воьду Хоси-Юьртарчу юккъерчу школе. «Дешарца гергало долуш, шен нийсархошлахь дика дешарца къаьсташ, Iилманан кIоргене кхийдаш вара Хьусайн», – дуьйцу жималлехь Хьусайнан хиллачу хьехархоша Садулаева Заретас а, Эдилова Маккас а. Иштта, къаьсттина ийманехь а, къинхетаме а, догцIена а иза хиларна тоьшалла дора цара шайн къамелехь.

2005-чу шарахь, кхиамца школа чекх а йоккхий 2006-чу шарахь Нохчийн паччхьалкхан университетан юридически факультете деша воьду Хьусайн. 2010-чу шарахь дешна волу. Къонахчун амалехь кхиъна волу Межидов бакъонаш ларъяран органашка балха воьду. Ткъа и бахьана цо шен дахар Iедалан балхаца дозар ду.

ХIокху вайн хьомечу, хьомсарчу дай баьхначу лаьттахь машар, низам хуьлийла лууш, нийсонан некъ биллинчарах ву Россин Турпалхо, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьажа, иштта шен дех масал эцна вайн халкъан кхане ирсе хуьлийла лууш къахьоьгуш ву тахана республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цхьана а минотана малвалар доцуш, хьаналчу къинхьегамца дей-буьйсий ца лоьруш, вайн республикин Куьйгалхочо шена тIедехкина декхарш кхочушдеш, схьавогIуш ву Хьусайн, ша вехачу юртан комендантан а, полицин капитанан а даржехь. Хьусайнаца цхьаьна болх беш волчу Юсупов Илеса дуьйцу: «Хьусайн массарна а чу са диллина ву, гIийлачух а, мискачух а дог лозуш, шега далучу агIор массарна а гIо-накъосталла дан кийча а ву. Ирс долуш ву шех ала хаза дош дуьтуш ваха ницкъ къаьчнарг».

Мел йоккха хало тIеIоттаелча цунах хьалхавала уггаре а хьалха собар а, доьналла а оьшу хIора адамана. Ткъа балхахь муьлхха а хала киртик тIеIоттаяларх къар ца луш, майраллица болх беш ву Хьусайн. Бинчу белхийн лаккхара мах хадош дуккха а мехала совгIаташ, Сийлаллин грамоташ елла цунна. Царна юкъахь тIех дозалла дарца, хьоме хеташ лелайо цо республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана елла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу орден. Хьанал рицкъа доккхуш, цуьнца дахарехь беркат, ирс, аьтто хилар лоьхуш, бусалба динан бехкамаш ларбеш, АллахIана хьалха жоп дала дезаш хилар дагахь латтош, Iамал-Iибадат дар коьрта хеташ схьавогIу Межидов Хьусайн. Ткъа иза ийманехь хилар а, кхиар а ду.

Дуьненан малх а хуьлий лаьтта вайна сийлахь дай-наной. Цара хьехна оьзда гIиллакхаш, доьзалхоша шайгахь даима а латтадо. Хьусайн гIиллакхийн хазна доьзалехь схьалаьцначарах цхьаъ ву. Иштта ца хуьлийла а дац. ХIунда аьлча МежидовгIеран Халидан, Билкъисан хIусамехь даима а деха вайн къоман сийлахь хаза гIиллакхаш. Хьаша да везаш а, боккхачу ларамца иза тIеоьцуш а, шайн кхерч оьзда латтош а беха уьш.

Хан-зама яларх лаьар-кха даима а иштта оьзда къонахий вайн хуьлийла хIокху вайн хьомечу Даймехкан гIаролехь. Межидов Хьусайн санна тешаме, яхь йолу кIентий мел бу вайн дахар маьрша, синтеме хир ду. Везачу АллахI Дала Iалашвеш, ша сатуьйсучу дикане кхачавойла массо а яхь йолу нохчийн къонах. Хьусайн, ирсо хьоьстийла хьан хIора де!

ЧАЛДАЕВ Ислам

№97, еара, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: