Хьаьттан (август) беттан 24-чу дийнахь Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис нохчийн шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца пресс-конференци дIаяьхьира. Иза лерина яра республикин Прокуратуро 2016-чу шеран хьалхарчу эхашарахь бинчу белхан жамIашна.

Ш.Абдул-Кадыровс билгалдаккхарехь, карарчу шеран хьалхарчу эхашарахь прокуратуро жигара болх бина социально-экономикин декъехула законан талхораш дIадахарехь.
– Нохчийн Республикехь цкъа а хилла доцчу хIумане кхочуш бу вайн бахархой – законан ларам баре. Маьршачу бахархоша закон лардеш хилча, пачхьалкхан я муниципальни органийн белхахошка иза лардайта тхуна атта хир дара, – элира цо.
Коьрта лоруш дара кхиазхойн, заьIапхойн, ветеранийн хьашташ кхочушдар, бахархойн социальни а, белхан а бакъонаш ларъяр, иштта дIа кхин а.
Билгалбаьккхинчу муьрехь (2015–2016-чуй шерашкахь.) гучудаьлла республикехь 62 эзарза федеральни законодательство талхор, цунна дуьхьал 37 эзар прокурорийн Iаткъамийн сацам бина. Царах 209 уголовни гIуллакх хорша даьккхина.
Иштта, прокурорийн Iаткъамийн сацамийн гIоьнца, шен хеннахь дIа ца луш латточу алапех 109 миллион сом дIадалийтина. Цунна бехке волу 135 стаг административни жоьпе озийна.
Прокуратуро эвсаре болх бар бахьана долуш, федеральни а, республикин а бюджеташка дIакхачийна 4 миллиард соьман барамехь налогаш.
Бахархойн коммунальни-бахаман хьашташ кхачамболлуш кхочушдайтарна тIехь терго латтор йолийна. Амма коммунальни-бахаман хьаштийн услугаш латторан урхаллин компанеша бечу балхана терго латтор хила дезачу тIегIане даьккхина дац цкъачунна.
Гражданийн процессашкахь прокурораша дакъалацаро жамIаш дала долийна. Прокуратуре кхаьчна долу 9 831 заявлени теллина суьдаша. Уьш дерриге тIе а эцна, къобал а дина.
Прокуратурин векалш юкъагIортар бахьана долуш, харц-некъашца федеральни бюджетера 406 720 000 сом (юкъарчу барамехь) лачкъор юхатоьхна. Республикин Прокуратуро зIенаш латтайо Нохчийн Республикин Правительствоца а, Парламентаца а, Россин Федерацин юстицин министерствон республикехь йолчу Урхаллица а, кIоштийн куьйгалхошца а.
Россин Федерацин Генеральни прокуроран буьйраца нийса а догIуш, республикин прокурора Ш.Абдул-Кадыровс Нохчийн Республикин Правительствехь нормативни-бакъонийн акташ дийцаре дарехь дакъалацар а дIадолийна.
И болх барца доьзна, Прокуратуро республикин Правительство декхарийлахь йина 43 нормативно-бакъонийн актехь хийцамаш бан.
Парламенто тIеэцна законаш а, Правительствос тIеэцна нормативно-бакъонийн акташ а зорбатохарехь кхачамбацарш хIинца а долуш ду. Карарчу хенахь оцу декъехь болх дIабахьа лерина ю Прокуратура.
Тайп-тайпанчу зуламашна дуьхьал къийсам дIабахьарна лерина Прокуратурин гIоьнца ведомтсвошна юкъара 38 кхеташо, ведомствошна юкъарчу белхан тобанийн 62 кхеташо, 14 Iаморан-методикин семинар дIаяьхьна.
Зуламаш гучудахар лакхарчу тIегIанехь ду – 86,2 процент.
Прокуратура юкъагIортар бахьана долуш, уголовни гIуллакхаш дIадолоран бакъонца боцу 126 сацам юхабаьккхина, сацийна уголовни 55 гIуллакх.
Профилактикин болх жигарбаккхар бахьана долуш, 58,3 процентана лахделла кхиазхошна дуьхьал зуламаш дар, доьзалшкахь берашца къизалла латтор – 39 процентана а, стага ша-шен вер – 71 процентана.
Законца йоцучу тIеман тобанашна юкъакхета гIоьртинчу 93 вахархочунна дуьхьал 80 уголовни гIуллакх долийна.
Карарчу хенахь болчу хаамашца нийса а догIуш, Шемин Iаьрбийн Республикехь йолчу террористийн тобанашна юкъахь дакъалоцуш Нохчийчоьнан 600 сов вахархо ву. Царах дукхахболчарна дуьхьал уголовни гIуллакхаш долийна, 341 дуьненаюкъарчу розыске велла.
Экстремистки материалаш тIехь йолу 438 интернет-хьоста дIакъовлийтина.
Кхаьънаш даларан я дахаран декъехь прокурорийн Iаткъамийн 6 201 сацам бина. Цуьнца нийса а догIуш, низаман жоьпе озийна 1 945 стаг а, административни жоьпе – 791 стаг.
2016-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Прокуратуре 4 эзар сов арз дина бахархоша. Царах 2 эзар сов арз теллина, 584 суьдийн инстанцешкахула чекхдаьккхина.
Билгалбаьккхинчу муьрехь Прокуратурехь тIеэцна 3 321 вахархо, царах 246 – республикин прокурора а.
И.ИСЛАМОВ
№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо