«Вайнах» – вайн уггаре а шира радио

IMG_5493

1928-чу шеран 17-чу апрелехь дIаболийра шен болх «Вайнах» радиос. 1999-чу шарахь тIеман хенахь цхьана шина шарна юкъах бисира радион болх. ТIом балале шайн гIишло «Радион цIа» яра церан. ТIеман хенахь йохийра иза. Ткъа карарчу хенахь «Вайнах» телевиденица цхьаьна г1ишло чохь ю радио. Радиохь масех редакци ю: юкъараллин-политикин а, берийн а, исбаьхьаллин а, и дI. кх. Радиона куьйгалла деш ву «Вайнах» телерадиокомпанин директоран радион балхехула заместитель волу Джаватханов Рамзан. ГIараваьлла вевзаш волу яздархо, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Кусаев Iадиз ву радиохь шеф-редактор. Технически белхахой а тIехь 30 гергга стаг ву цигахь болх беш. Билгалбаха лаьа, 20–50 шерашкахь радиохь къахьоьгуш болу белхахой: Тарамов Х1арон, Эльмурзаева Роза, Исраилова Яха, Балаева Асет, Бугаева Лида, Умарова Лиза. Исраилова Яха 1983-чу шарахь дуьйна радиоведущин болх беш а, «Мотт – къоман хазна» передача дIахьош а ю.

«ХIетахь-м нохчийн къоман гIиллакх, гIуллакх д1ора сий-ларам болуш а дацара. Делахь а, со балха хIоьттича дуьйна дIахьош ю ас «Мотт – къоман хазна» цIе йолу  передача. Ненан маттана лерина ю иза. Ас дукхахьолахь яздархошца а, нохчийн меттан хьехархошца а дIахьо сайн передача. Ас школехь доьшучу хенахь тхуна нохчийн мотт ца хьоьхура. Нохчийн меттан йоза суна Iамийнарг «Ленинан некъ», хIинцалера «Даймохк» цIе йолу газет ду. Тхан дас дохьура тхуна шортта газеташ. Иштта, цо деача, уьш доьшуш Iара со. ХIинца а «Даймохк» газетан керла номер гича, дашо хIорд гича санна, хазахета суна», – дуьйцу Яхас. Иштта, «Районан дахар» цIе йолу передача а кечйо цо. Радион хIора белхахочо цхьана кIиранна шишша передача кечйо. Цхьана передачина лерина хан 20 минот ю. ХIораннан шен-шен передача ю. Масала, «Кхерчан йовхо», «Йовр йоцу цIе» Бакарова Луизас дIахьош ю, «Зударийн кхолламаш» – Точиева Тоитас, «ПIераскан буьйса» – Шундулаев Iусмана, «Берийн дахар» – Умарова Лизас, «Доьзал» – Симбаригова Зараа, «Росси – вайн юкъара цIа» – Бугаева Лидас, спортан керланаш – Лорсанов Хьамзата, «Сцени тIехь дахар» – Махмаева Маликас. Хьал цадевзачунна-м радион белхахойн болх атта бу аьлла хета а тарло. Делахь а, кхоччуш передача кечъян а, и хазъян а дуккха а къахьега деза. Радиожурналистан декхар ду передача ладогIархойн дог-ойла шайн передачашна т1еерзор, церан синкхетаман мерз меттах баккхар. ХIунда аьлча, уггаре а хьалха, цара бечу белхан мах хадош берш радиоладогIархой бу. Вай тешна ду, тIейогIучу хенахь а «Вайнах» радиос беркате а, чулацаме а передачаш кечйийриг хиларх.

З.ЛОРСАНОВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: