Хийрачу махкахь ирс лоьхучу кегийрхошка

«Шен цIа – цIен цIа» олуш кица ду нохчийн. Дийцина ца-валлал шеца маьIна долуш а, стаг ойлане воккхуш а ду иза. Аьлча а, нохчашна хьоме, гергара ду оцу кицано бохург. Амма тахана оцу кицанан маьIна ца довзарал сов, иза ду-дац а ца хууш болу кегийнах гучубийла боьлла вайн юкъараллехь.

56e1f3e89d91f

Уьш дукха цахиларе хьаьжча, иза кхераме хIума а дац вайн халкъана. Делахь а, царах а, цара кхоьллина а, кхуллур болчу а доьзалех къахеташ дуьйцу вай.

Азаллехь дуьйна схьадогIуш ду пхийттара ваьллачу жимачу стага ша дечух а, дан леринчух а, диначух а жоп далар. Иза цуьнан декхар лоруш ду: уггаре а хьалха Далла хьалха а, тIаккха нохчийн юкъараллина хьалха а. Цунна юкъадогIу вахар-вар, Iер-дахар, иштта дIа кхин а. Стеган шен лаам я маршо дIайоккху бохург дац иза. Цуьнан а, цунна гуонаха болчеран а бакъонаш ларъяр а, ларъян Iамор а ду.

Бераллехь дуьйна кечво нохчаша шайн доьзалхо хIокху маьлхан дуьненахь ша маьрша ваха а, нехан маршо ларъян а, къахьега а, хьанал напха даккха а, шен махкана, халкъана муьтIахь хила а. Иза тахана а, Делан къинхетамца, долуш ду. Амма хIинца, шаьш аганахь долчу хенахь республикехь боьлхуш тIеман хиламаш а болуш, шайн дуьхьа дай-наноша лайна халонаш а, хьегна баланаш а ца гина цхьаболу кегийнах, вайн халкъан Iер-дахаран хотIан ламастера а бовлуш, туьйранашкахь бен хила йиш йоцчу атталле кхийда боьлла.

Школехь 11 шо а, цул тIаьхьа лаккхарчу дешаран заведенешкахь шайгарчу хааршна кхин хуьлуш пайда а боцуш, кхин а масех шо дойъу цара. Оцу муьрехь, дай-нанойн кочара бовлаза а болуш, шайн доьзалш кхолла а сихло. Цул тIаьхьа дIайолу бералла, аьлча, дахаро дIайоккху бералла. ТIаккха болх лаха а, доьзална напха даккха а меттиг лаха безаш нисло. Ткъа, хууш ма-хиллара, караерзийна говзалла а йоцуш, стаг балха ца оьцу. Цул тIаьхьа дIадолало уггаре а «хазадерг»…

Шайн долахь мел болу салпал дIа а бухкий, кехаташна а, некъана а лол а тухий, «шайна хIуьттаренна белхан меттигаш ца луш йолчу вуон Нохчийчуьра» Белоруссе баха новкъабовлу къона доьзалш. Цига хала а атта а дIа а кхочий, Европин «кевнаш» лоруш долчу Польшин дозанашкахь лаьтта. Царна хетарехь, Белоруссин а, Польшин а дозанехула чекхбовлар хилахь, кхин цкъа а сингаттам хир боцу дахар нислур ду царна.

Шен цIахь дешаран 15 шо эрна а дайъина, «офисни» болх ца хилча реза а ца хилла, хийрачу махка ирс лаха вахана стаг муха ваха дагахь ву те? ХIун ойланаш йо те цо?

Нохчашна а, дуьненна а тIехдика евзачу Брест гIала а кхочий, цигахь хаддаза Польшин дозанхошка шаьш дехьадовлийтар доьхуш а, шайн «къа-баланаш» балхош а лаьтта уьш.

Цкъа-шозза балхийча болуш бац и «къа-бала»: 30-зза а, 40-зза а балхо безаш бу.

Амма оццул иза балхорах, Польшин дозанхой ца теша, тешарх «кевнаш» схьа ца делла а минот яц.

«Къа-бала», дукха хьолахь, федеральни эскарша а, бандиташа а бахархошкахь латточу къизаллех лаьтташ а (Нохчийчохь нохчийн Iедал хилар а, нохчийн халкъо бандиташна тIехь толам баьккхина хилар а, федеральни эскарша зуламаш дар сацийна хилар а царна «къа-бала» балхочу муьрехь дицлочух тера ду) хуьлу.

Делахь а, цхьа бакъду – массара а ца боху шайгахь къизалла латтайора… Сом даккха меттиг яцара, мацалла яра олуш берш а бовлу. Евзаш цхьа а говзалла йоцуш, сом, нагахь санна нах Iехош вацахь, даккхалур дац. Амма Нохчийчохь нохчашкахь мацалла хIуттур ю бохург беламе ду. Мало ца йичахьана, беш а, хас-беш а, даьхни лелон а таро а, меттигаш а ю. Иза нохчийн халкъо азаллера дуьйна схьадеана ду таханлерчу дийне. Ткъа латта чIогIа хьена ду, дIайийнарг кхуьуш ду.

Амма «генахь лекхна зурма хазъелла» олуш долу кица а долуш ду. Вай мел дукха, хаза дийцарх а, таханлерчу хьолаца цхьаьна богIуш кхетам боцчунна, кхетам балалур бац. Ишттанаш дахаро кхетабо, амма цуьнан кхеторан агIо – сингаттаме а, Iовжаме а хуьлу.

Цундела, вайх кхечу мехкийн векалш а ца кхардош, дуьне ма-дду харц хаамаш а, «къа-баланаш» а ца баржош, IадIийча атта а, пайдехь а хир дацара вайна?.. ДIаваха луучо, ма-дарра, дIаваха лаьа а олуш, къахьега ца луучо ша малонча хиларна даре а деш, даьхча…

Шун нийсархо – И.ХАСАХАНОВ

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: