Дешарна модернизаци ярехь дан леринчух

Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школехь дешар кхиоран Федеральни Iалашонан программин гурашкахь обществознанин декъехула школьни дешарна модернизаци яран Концепци йийцаре еш «горга стол» дIаяьхьира.

1

Цигахь дакъалоцуш вара луларчу ГIалгIайн Республикера а, Къилбаседа ХIирин (Алания) Республикера а 50 стаг, ткъа ГIебартойн-Балкхаройн Республикин векалша онлайн рожехь болх бира «горгачу стоьлехь».

Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан историн а, обществознанин а кафедрин куьйгалло кеч а йина, дIа а яьхьира «горга стол».

Иза вовшахтоьхначара дийцарехь, хьехархойн а, методистийн а чулацаме къамел хилира. Цара дийцаре динчу гIуллакхашна юкъахь ЕГЭ дIаялар а, дешарна методикин гIодар а, дешаран теманаш шерашка дIасакъастийна Iамаяйтар а, иштта сагатдеш долу дуккха а кхин хIуманаш а дара.

Бинчу белхан жамIаш деш резолюци тIеийцира цуьнан дакъалацархоша.

З.ХИЗИРОВА

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: