Дешаран керла шо чекхдалале Нохчийн Республикин школашна 63 автобус лур ю. Россин Федерацин Правительствон «Школашна автобусаш эцар» сацамца лур ю уьш.
Оцу документана тIедоьгIна Россин Федерацин промышленностан а, махлелоран а министерствона ахча билгалдоккхуш ду Россин Федерацин Правительствос. Тишъелла автобусаш керлачаьрца хийца къастийна 3 миллиард сом ду. Россин Федерацин дукхах йолчу субъекташкахь. Ткъа и автобусаш муьлхачу школашна лур йолуш ю дешаран а, Iилманан а министерствос къастор ду.
Россин Федерацехула дIасаяла леринарг 1 835 машен ю, царна юкъахь 985 автобус, хIора а 10–12 берана лерина (микроавтобусаш), 170 автобус, хIора а 13–20 берана лерина, 630 автобус, хIора а 22–24 берана, иштта 50 автобус хIора а 30 берана лерина. Школин автобусаш машенаш ечу яккхийчу заводашкара оьцур йолуш ю. Уьш ю «Автомобильный завод» «ГАЗ»», «Форд Соллерс Холдинг», «Павловский автобусный завод», «КАВЗ», «Волгобас» заводаш.
З.ХИЗИРОВА
№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо