Россин Президента Путин Владимира а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.

Цу шиннан цхьаьнакхетар хилира хIокху деношкахь, Москвахь. Пачхьалкхан Куьйгалхочо Нохчийн Республикехь долчу социально-экономикин хьолах а, кхузахь спорт кхиорах а лаьцна хаьттира.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира таханлерчу дийнахь республикехь промышленность а, юьртан бахам а хаъал кхуьуш хилар а, и бахьанехь керла белхан меттигаш кхолла а, белхазалла лахъян а таро хилла хилар а.
«ХIокху шеран хьалхарчу эхашарахь, промышленностан производствон барам 11,6 процентана алсамбаьлла, юьртан бахам – 7,4 процентана. Иштта, юьртан бахаман декъехь, кхечу мехкашкара схьакхоьхьучу продукцин метта тхайн сурсаташ юкъадалоран Iалашонца 1 200 аттана лерина шурин комплекс а, 4 000 дохнна лерина докъаран туш а схьайиллина оха. ХIокху шарахь белхазалла лахъелла – 5 000 гергга белхан меттиг кхоьллина», – элира Р.Кадыровс.
Иштта, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Президентан «майхьлера указаш» кхочушдарехь вайн республика тоьллачу пхеа регионна юкъахь хилар.
«Майхьлера указаш» кхочушдеш, хьехархойн алапа лакхадаьккхина оха. Берийн бошмашка йолу рагIнаш дIаяха а аьтто баьлла. ХIокху шарахь схьайоьллуш керла 19 школа ю (9 600 дешаран меттиг)», – хаам бира цо.
Нохчийн Республикехь кхочушъеш йолчу ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран программех лаьцна а дийцира Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира хIокху шарахь 4 000 гергга стагана хIусам лург хилар (иза 15 эзар сов квадратни метр меттиг ю). Мехкан Президентан гIо оьшуш цхьадолу гIуллакхаш хилар а хьахийра республикин Куьйгалхочо.
Спорт кхиорах лаьцна дуьйцуш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин куьйгалло юьхьарлаьцначу программица нийса догIуш, и дакъа уггаре а коьртачарах хилар.
«Дукха хан йоццуш, дзюдохула чемпионат дIаяьхьира оха – тхан «Эдельвейс» клубо толам баьккхира. Ерриге а клубаш яра цигахь, уггаре а ю аьлларш а цхьаьна, уьш ерриге а эшийра тхан клубо. Дзюдо а, спортан кхийолу кепаш а кхиош ду тхо. Иза тхан коьрта Iалашо ю ала мегар ду», – элира Р.Кадыровс. Къамел дерзош, мехкан Президент республике хьошалгIа кхайкхира цо.
А.ВАХАЕВА
№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо