Хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьира Нохчийн Республикин Прокуратурин форуман кепехь долу дуьххьарлера схьадиллина цхьаьнакхетар. Иза лерина дара предпринимателийн гIуллакхаш лелочу субъектийн бакъонаш Iалашъярна.
Цигахь дакъалецира республикин прокурора Ш.Абдул-Кадыровс, экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра I.Магомадовс, предпринимателийн бакъонаш ларъяран векала И.Усмановс, предпринимателийн тайп-тайпанчу юкъараллийн 40 векала, кхечара.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира республикехь предпринимателийн гIуллакхаш лелочу субъекташна федеральни а, республикин а законодательствос елла йолу бакъонаш ларъяран, бизнесна тIех чIогIа хаалуш болу административни Iаткъаман а, тергонан-талламан органийн талламаш лахбаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
– Предпринимателийн гIуллакхаш лелочу субъекташна беш болу административни Iаткъам лахбаран Iалашонца республикин Прокуратуро кхидIа а цхьаьна болх бийр бу меттигерчу кхочушдаран Iедалан органашца. Амма предпринимательша шайн проблемаш йовзуьйтуш ца хилахь, Прокуратурин царна цхьанна а кепара гIо-накъосталла дойла хир дац. ХIора а предприниматель декхарийлахь ву ша лелош долу гIуллакх законаца догIуш хилийта а, законо шена елла бакъонаш ларъян а. Оцу декъехь Прокуратура кийча ю шегара оьшшу накъосталла дан, – элира Ш.Абдул-Кадыровс.
Экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министрана I.Магомадовна хетарехь, муьлххачу пачхьалкхан а кхиар цигахь йолчу жимачу а, юккъерчу а бизнесан кхиаре хьаьжжина хуьлу.
– Жима а, юккъера а бизнес мехала меттиг дIалоцуш ю пачхьалкх экономикин а, Iилманан-техникин а декъехь кхиорехь. Цул сов, и бизнес бахьана долуш кхуллу дуккха а белхан меттигаш, бюджете дIалуш йолу налогаш алсамйовлу. Экономикин декъехь кхиъна йогIуш йолу муьлхха а пачхьалкх схьаэцча, вайна гуш ду цигахь предпринимательствон леррина терго еш хилар, – элира цо. – Вайн республика а йолаелла оцу декъехь болх бан. Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров бахьана долуш жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон терго яр дикка лакхадаьлла.
Шен докладехь республикин прокурора билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнца предпринимательство кхиорна бегIийла хьелаш кхоьллина хилар.
2016-чу шарахь предпринимательствон декъехь 5 эзарза сов закон талхор гучудаьлла, прокурораша 2,5 эзар Iаткъамийн сацам бина, 1 166 стаг административни жоьпе озийна.
И.АДАМОВ
№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо