ЦIеначу харжамашкахьа!

2016-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь дIахьон болчу харжамашкахь дакъалоцур долчу политикин партийн векалша а, кандидаташа а Нохчийчоьнан Харжамийн комиссехь куьйгаш таIийна «ЦIеначу харжамашкахьа!» аьлла болчу кхайкхамна.

3344 (13)

Нохчийн Республикин Харжамийн комиссехь хаам бина ма-хиллара, бартана куьйгаш таIор дIадаьхьира регио- нан Харжамийн комиссин конференц-залехь, дакъалоцуш Харжамийн комиссин декъашхой а, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а болуш.

ЦIеначу харжамашкахьа болчу бартана кIел куьйгаш таIийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже болчу кандидаташа, «Ерригроссин политикин «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин харжамийн региональни штабан куьйгалхочо, ткъа иштта «Единая Россия», «Справедливая Россия», «ЛДПР», «КПРФ», «Патриоты России», «Российский общенародный союз» партийн векалша. Церан кандидаташ бу Россин Пачхьалкхан Думе депутаташка а, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташка а, республикин муниципальни вовшахкхетараллийн векалаллин органашка депутаташка а кандидаташ санна регистраци йина.

Бинчу бартаца нийса а догIуш, оцу партийн векалша тIелоцу харжамаш паргIат, цIена, хьанал, нийсонца, цхьа а хьулам боцуш, къайле йоцуш, вовшийн сий-ларам беш дIабахьа. Харжамашкахь дакъалоцуш болчара вовшашна а, кхечарна а могуьйтур дац харцонаш, хьарамлонаш лелор. Харжамаш баккъал а цIена дIахьур бу. Хьалхуо Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара: «Дуьненахь уггаре а цIена хир бу Нохчийчохь хIинца дIахьош болу харжамаш». Дала мукъ лахь, цуьнан оцу дешнех куьйгалла а оьцуш дIахьур ю вайн республикехь харжамийн кампани.

«Билгалдинчу документехь политикин партеша къобалдо закон а, дерриге а дуьненарчу адамийн гIиллакх-оьздангалла а политикин партин, тобаннан, цхьана стеган хьаштел коьрта хилар. Кандидаташа а, партийн векалша а дIахьедо шаьш бакъонашца, оьздангаллица, гIиллакхашца йогIуш йоцчу технологешна, харц хаамаш дIасабаржорна, политикин партийн а, кандидатийн а цIарах доцург дийцарна, дастаме дерг аларна дуьхьал хилар», – бохуш хаам бо республикин Харжамийн комиссехь.

Шеко йоццуш, мехала барт бу политикин партийн векалша а, кандидаташа а куьйгаш таIийнарг. Иштта, нийсонца дIабаьхьначу харжамийн тIаьхье вайн халкъана а, махкана а беркате хила декхар ду.

Д.АНАДЕВ

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: