ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин пачхьенехь дIаяьхьира «Деган тешамца – терроризмана дуьхьал» цIе йолу Дуьненан динашна юкъара кегийрхойн кхоалгIа форум. Иза лерина яра Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 65 шо кхачарна. Иза вовшахтуьйхира Нохчийн Республикин Правительствос а, Оьрсийн Керстадинан Килсан ХIинжа-ГIалин епархис а, Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхалло а.

Иштта цигахь дакъалоцуш яра Кавказ кхиоран гIуллакхшкахула йолу регионашна юкъара кегийрхойн лаборатори а, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу Синодальни отделан Координационни туш а, Къилбаседа Кавказан динан а, кегийрхойн а организацеш а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство а.
Билгалдаккха деза, Нохчийн Республикехь дIаяьхьначу форумехь дакъалоцуш ерриге а Россера а, луларчу пачхьалкхашкара а иудаизм а, керистан а, исламан а динехь болу (100 сов) кегийрхой хилла хилар. Къаьмнашна а, динашна а юкъахь барт хилар чIагIдарна а, доттагIаллин хьелашкахь Къилбаседа Кавказан а, ерриге Россин а кегийрхошна вовшийн культура а, гIиллакхаш а довзийтарна а тIехьажийна яра форум.
Форум схьаелларан даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча А.Шахидов а, ХIинжа-ГIалин а, Соьлжа-ГIалин а епископ игумен Варлаам а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Д.Умаров а, Къилбаседа ХIирийчоьнан муфти Гацалов а, Соьлжа-ГIалин раввин Царнис Моше а, иштта кхиболу официальни нах а.
Шен къамелан юьххехь министра Умаров Джамбулата маршалла хаьттира форуман дакъалацархошка а, хьешашка а. Цо билгалдаьккхира, кхаа динехь болу кегийрхой бертахь хилар гойтуш йолу хIора форум чIогIа маьIне хилар. Цо дийцарехь, иштта барт а болуш, вовшашца ларам а, вовшех кхетар а долуш хиларо таро лур ю Россин мостагIаша дIахьош болчу хаамийн тIамна а, инзаре доккхачу питанна а дуьхьало ян.
Хьаьттан (август) беттан 16–20-чуй деношкахь дIаяьхьначу кегийрхойн кхоалгIачу форумехь дуккха а мехала гIуллакхаш дийцаре дира. Цу юкъахьдара бевзаш болчу динан а, политикин а, спортан а, юкъараллин а векалшца цхьаьнакхетарш, Нохчийн Республикин истори а, культура а йовзийтархьама республикин тайп-тайпанчу меттигашка экскурси яр а, дискуссеш яр а.
I.ТЕРЛОЕВ
№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо