Нохчийчу кхаьчча, «Даймахке» ца вогIуш муха Iийр вара?

Бено Хьамидан ИбрахIим а, Самийхьа а Иорданера ду. Дуьххьара деана и шиъ Нохчийчу, шайн дай баьхначу юьрта, Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена-Юьрта. «Даймохк» газетан редакцехь хьошалгIахь хилира уьш. Церан дайшна цхьа бIе шо хьалха хезна хиллера, Нохчийчохь Iедал хийца а лур ду, керста дин а хир ду, бусалба дин лелон аьтто хир бац, нохчийн гIиллакхаш а дIадевр ду бохуш. Дин лардархьама, иза Iалашдархьама, шайна дукхаезаш йолу, ялсамани санна йолу Нохчийчоь а йитина, оцу тIулгийн, гIамарийн махка, Иордане баха новкъабевлира уьш 1906-чу шарахь, Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена-Юьртара. Дуьххьара церан нах Хонкара кхаьчна хилла, цул тIаьхьа Иорданерчу Заркъахь охьахевшина, тIаьхьуо, луларчу юьртахь Сувайлехь баха хевшина, тахханалц цигахь Iаш бу. Сувайлехь 120 керт йира нохчаша.

IMG_5597

ИбраьхIима а, Самийхьас а боккха ларам бира нохчийн газетан редакце деана. Карладелира (Дала декъалвойла) Iабдул-Бакъи Джамос ша Нохчийчу моссазза вогIу даима а нохчийн газете вогIуш хилла хилар. Нохчийчу кхаьчча – «Даймахке» дахкар тIехь ду аьлла хеташ бара уьш. Дан а ду иза иштта. Нохчийн цхьаъ бен доцчу газете цкъа веана а вар а – иза шен къоман маттах а, цуьнан историх а, кхолламах а доглазар ду, яхь хилар ду.

Редакце шаьш схьа ма кхеччинехь, сени чохь йолчу «Даймохк» газетан музейх бIаьргтухуш, дIаса а хьоьжуш, баккхийбебора уьш. «СубхьаналлахI», «СубхьаналлахI» бохуш. «Ма доккха хIума ду аш дийриг! Ма боккха болх бу хIара. Йозанца дерг дуьсу шуна. Аш дийриг доккха гIазот ду шуна!», – бохуш, доккхадедора ИбрахIим а, цуьнан хIусамнана Самийхьа а. Суьрташ дохуш коьртачу редакторан кабинета чу кхечира уьш.

Газетан редакцин коллективана боккха кхаъ бара Иорданера баьхкина хьеший тIелацар а, уьш бовзар а, цаьрца къамеле бовлар а. Нохчийчоьнах шайна хетарг а, шайн дог-ойла а йовзийтира ИбрахIима. Цо дийцира, хIара санна цIена мохк гина вац ша, Европехь а хуьлуш ву ша, делахь а, тIом лаьттинчу меттехь хIокху кепара цIеналла, хIокху кепара низам гур ду аьлла наха дийцича а тешаш вацара ша, «карара нех дIакхосса меттиг ца карайо шена Нохчийчохь», – бохуш воьлура иза. Оццул цIена Iаш хиларх чIогIа воккхавево ша элира. ТIом лаьттинчу меттехь сел хаза йина, меттахIиттийна керла хIусамаш, цхьаъ вукхул хаза цIенош, ярташкахь кегий нах гIиллакхе, собаре хилар, ийманехь хилар, дукхадезаделла вара ИбрахIим. Нажи-Юьртарчу Хансултанов Нани волчохь сеццера ИбрахIим а, Самийхьа а. Тайпана беной болчу, шайн гергарчу нахана тIебиссина бара уьш. И ерриге а Нажи-Юртан кIошт гайтина царна, Дагестанан дозане кхаччалц. ЧIогIа баккхийбе уьш Нохчийчоьнан Iаламах а, вайн цIеначу хIаваах а, халкъан гIиллакхех а. Кхузахь кхушара оццул хьийкъина кхиъначу стоьмах а цецбуьйлура.

Шайна хазахеттарг дийцина ца Iаш, ИбрахIима шена новкъахеттачух лаьцна а элира: «Суна новкъахета хIокху чохь кегийрхоша терахьаш а, денойн цIерш а, ахчанан цIерш а, телефонан лоьмарш а, оьрсийн маттахь алар. Вай долчохь, Урдунехь иштта дац. Нохчийн маттахь йоху цIерш. Дала мукъ лахь шайгара и кхачамбацар а дIадоккхур ду Нохчийчохь бехачу цхьаболчу наха. Делахь а, оццул а дика бисина шуьгахь мотт. Тхан маттана тIеIаткъам беш Iаьрбийн а, ингалсан а меттанаш ду. Ткъа кхузахь шуна тIеIаткъам бийриг оьрсийн мотт бу. Делахь а, Далла хастам бу гIиллакхаш лелош хилар. Маттаца дерг а дIанислур ду Дала мукъ лахь, вешан мотт ларбар – къам лардар дуйла вайна хиъчахьана».

Нохчийчу ван ша новкъаволучу хенахь, шина кIиранна аьлча йоккха хан хетара шена, ма кIезиг хиллера ши кIира Нохчийчоьнах бIаьргтоха а, цунах марзо эца а, бохура цо. «Уггаре а доккха хIума хIун ду, ас дIахьош дерг, хаддаза юха а кхуза ван лаам хилар а, дог дар а и дог ду-кх ас кхузара дIахьош! Хьайн дай, хьайн ворххIе да ирсе хилла, церан бералла, церан гIиллакхаш, уьш лула-кулахь, юьртахь дика а, вуон а доькъуш бертахь Iийначу, лаьттахула волавалар шатайпа дуккха а ойланаш йойтуш хIума хиллера», – бохура цо.

Редакцин колективаца безамна суьрташ до- хуьйтуш, цхьа мерза Iодика а йина дIабахара хьеший. «Со юха а вогIур ву, Инша АллахI… Тхо юха а догIур ду» – элира цо. Сайн ницкъ моссазза кхочу, хIора шарахь а ван хьожур ву со вайн Нохчийчу». Ткъа тхо цергех хи дуьйлуш Iийра цара буьйцучу цIеначу нохчийн матте ладоьгIуш. Доккха хIума ду иза, цхьа генна хьалайиллина, кхийра кхаби чохь лардина хьелин даьтта санна, генна, бIе шо хьалха шайца дIабаьхьна, оццул хаза, цергех хи даллал хаза бийца нохчийн мотт цара ларбар. Иза вайна боккха юьхькIам а бу. Даймохк безар, хьо мел генахь хиларх а хьайн цIера хьал-де тоделча, цунах воккхавер ду-кх. Дала рицкь яздинчу мехкашка дIасадахана дехаш ду вай, делахь а, массеран синтем а, массеран ирс а хIокху Нохчийчохь ду.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: