Сийлахь а, беркате а бу «Некъан» болх

IMAG2182

Карарчу шеран 23-чу августехь 5 шо кхочу Нохчийн Республикехь «Некъ» радиокомпани схьайиллина. Цуьнан хьалхара эфир а, иза схьаялар а лерина дара Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна. ХIетахь дуьйна радион балхана куьйгалла деш ву вайн махкахь дика вевзаш волу Iеламстаг, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам-Хьаьжа.

Хууш ма-хиллара, кху сихачу заманахь вайна хан ца тоьа телевизоре хьажа а, я книга, жайна деша а. Вайн хьашташна дIасауьдучохь, вуно боккха аьтто хуьлу цIахь, балхахь, машенахь догIуш-доьлхуш радиога ладогIа. Бусалба стеган исламан динах долу хаарш тIедузу дика гIирс бу «Некъ» радио.

Карарчу хенахь оцу радион белхахоша кечйо тайп-тайпана передачаш: Iеламнехан хьехамаш, бусалба динах лаьцна, пайхамарийн, эвлаяийн дахарх лаьцна дийцарш, и.д1.кх.

Радиога ерриге а Нохчийн Республикехь ладогIало. Ткъа передачаш кегийчарна а, зударшна а, баккхийчарна а лерина хуьлу. Цул сов хаамийн-хьесапдаран передачаш а йо.

Радион коьрта редактор Точиева Хеда ю. Шен болх, декхарш дика девзачу цо нийса дIахIоттийна белхан низам. Хаамийн выпуск «Керланаш» дIахьош ю Хасанова Седа, радион дикторш бу Исаков Рашид, Басханов Iабдулкъедар, Берсанова Хеда, аьзнийн редактор Сосаев Джамбулат ву, ткъа Баймурадов Расул эфиран  режиссер ву. Иштта шайн декхаршца дика ларабо редакторш Бакашов Абубакар а, Шамилов Сахьаб а.

ХIора кIиранах эфире йовлуш, нахана йовза-еза кхиинчу передачех ю: Берсанова Хедас дIахьо «Бусалба нехан амалш», Шамилов Сахьабан «Динан истори», Точиева Хедин «Бусалба зуда», Басханов Iабдулкъедаран «Исламан серло», Исаков Рашидан «Пайхамаран суннаташ». ТIейогIучу заманахь «Некъ» радион эфирехь хир ю «Ислам уллера довза» аьлла проект. Иза Нохчийн Республикин бусалба нехан урхаллица цхьаьна кечъян дагахь бу радион журналисташ. Шайн ладогIархой безаш, лоруш а ю «Некъ» радиокомпанин коллектив.

Дийца дукха ду «Некъ» радион балхах лаьцна. Амма кхин хIумма ца хилча а тоьар ду сатоссуш Iуьйранна азан хазар а. Ткъа Сийлахь Къуръан доьшуш а, гочдеш а хазийтарал беркате хIума х1ума хир дац. Дала йоле дуьллийла аш хьоьгу къа. Бусалба нехан «Некъ» сийлахь бу дуьненахь а, эхартахь а.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: