Баркалла шуна, лоьраш

Олуш ду-кх аьлла дика дош а сагIа ду олий. Баккъал а дикачу, оьздачу, къинхетамечу стагах дика дош аьлча гуттар мелехь хир ду.

1азиз

Мангалан (июль) беттан чаккхенехь цIеххьана лазаро хьовзийна Грозненски кIоштан Октябрьски юьртан яхархо Тураева Аза Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больнице кхечира. Лоьраша стим чохь тIулгаш ду, операци ян еза аьлла, хирургин хьалхарчу отделени охьайиллира Аза. Операци йинчул тIаьхьа, цхьана кIирнах сов больницехь Iиллира иза. Цигахь яьккхинарг дукха хан яцахь а, лоьрийн дикалла, гIиллакхе хилар, шайн болх дика хууш уьш хилар хаа кхиира Аза а, цуьнца палати чохь Iиллина дархой а.

– Суна сайн а, сайца палати чохь Iиллинчу: Залинин, Шемин, Залеханан, Куржанан цIарах а даггара баркалла ала лаьа Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больницехь хирургин хьалхарчу отделенехь болх беш волчу хирургана Качаев Iазизна. Суна операци ян а яле больницехь цуьнан дика цIе йоккхуш, иза дика хирург ву олуш хезнера суна. Жимма хан яьлча суо а хилира цуьнан теш. Шен болх дика хаарал сов, адамалла йолуш лор ву Iазиз. Денна дархойн могашалла муха ю хьажа палати чу вогIура иза. «ХIумма а оьший, чов сагаттадеш-м яц» – олий хаза вистхуьлура. ЧIогIа гIиллакхе, оьзда стаг, дика хирург а ву Iазиз. Дела реза хуьлда цунна, Дала меле дуьллийла цо Шен дуьхьа мел тоьхна куьг!

А.ТУРАЕВА

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: