Суна кхин карийна
– Заббари, бакъдуй хьо Къуддуза йитина бохург? Шек ма яла хьо, вай иза иштта дуьтур дац хьуна. Ас цхьа дика адвокат лохур ву хьуна… – Баркалла, БаIис, са ма гатде. Суна хIинцале дика совдегар карийна, – аьлла Заббарис.
Хьо кхетийта
– БаIис, хьераваьлларг бен кхетар вац ахь дуьйцучух… – Iаббаз, хьо кхетийта дуьйций ас-м иза иштта.
Ягош вуй?
– Бакъдерг дийцахьа, Iаббаз, хьан доттагI Къуддуз хIинца а «ягош» (молуш) вуй? – Вац дера ваннехьа а-м, и сийна цIе хьалатосуш ву-кх! – аьлла Iаббаза.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо