Яхь къовсуш бара охьатохархлатархой

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула схьайиллина Республикин турнир. Иза лерина яра Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 65 шо кхачарна.

Borciii04

Цигахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказан федеральни округера: Къилбаседа ХIирийчоьнан, Дагестанан, Кхарачой Чергазийчоьнан, ГIебартой-Балкхарийчоьнан, ГIалгIайчоьнан, Ставрополан крайн, Адыгейн, Нохчийн Республикин спортсменаш.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш 160 спортсмен вара.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира Садулаев Муслима (57 кг) – тренер А.Батаев, Ферзалиев Рамзана (61 кг) – тренер А.Минтулаев; Мустабиров Турпал-Iелас (65 кг) – тренер В.Байалиев; Хардаев Баира (70 кг) – тренер И.Митиев; Базиев Мусас (74 кг) – тренер Р.Базиев; Анзоров Адама (86 кг) – тренер А.Супаев, Батиев Ахьмада (97 кг) – тренер Б.Гереев; Ибрагимов Iадлана (125 кг) – тренер В.Байалиев. ШолгIа меттигаш ехира: Оздарбиев Адама (57 кг) – тренер А.Сайтиев; Атангиреев Висарга-Хьаьжа (61 кг) – тренер Х.-Б.Шамшудаев; Мальцагов Юсупа (65 кг) – тренер У.Сулейманов; Юсупов Ислама (70 кг) – тренер Р.Юсупов; Масхадов Рустамбека (74 кг) – тренер Б.Гериев; Дударов Ахьмада (86 кг) – тренер А.Нуцулханов; Магомаев Ахьмада (97 кг) – тренер Б.Гериев; Шаваев Ислама (125 кг) – тренер А.Темботов. КхоалгIа меттигаш ехира: Гайрбеков ДжабраIила (57 кг) – тренер А.Бибулатов; Арсабиев Юсупа (65 кг) – тренер Б.Гериев; Хамзатов Мовсара (74 кг) – тренер А.Гусигов; Хизриев Зеламхас (125 кг) – тренер А.Болтукаев.

Толамхой билгалбехира мидалшца а, дипломашца а, кубкашца а, иштта ахчанца а. Хьалхара меттиг яьхначарна хIоранна – 30 000 сом, шолгIа меттигаш яьхначарна – 20 000, кхоалгIа меттигаш яккхарна – 10 000.

З.ШИШХАНОВА

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: