Вайн дуккха а бу похIме актераш

ХIинццалц хьегаман къаьхьа къурдаш дора вай кинематографистийн корматаллин де тIекхочуш. Нохчаша кино йоккхуш я кхечара йоккхучу кинохь нохчаша дакъалоцуш де гур дуй-те олий са карзахдолура. Делан къинхетамца и хан генарчу селханехь йисина. КIезиг къахьегна Iаш бац нохчий Россин кинематографи кхиорехь. Кхин хIумма а ца хилча РСФСР-н хьакъволчу артиста Омаев Дагуна дакъалаьцна кинош тоьар ю вайга дозалла дайта: «Костры на башнях», «Хаджи-Мурат», «По следам Карабаира», «Кольцо старого шейха», иштта кхидIа а. Мел дукха ю уьш, шайх лаьцна цхьа монографи язъян мегар долуш. Иштта алссам фильмашкахь дакъалаьцна вара РСФСР-н халкъан артист Дудаев Муса (Дала декъалвойла иза): «Год однорогой коровы», «Пока вершины не спят», «Белое солнце пустыни», иштта дIа кхин а.

дло 20 зщ

Ткъа вешан махкахь кинорежиссеран говзалла кхиаро кхин а алссам актераш йохучу фильмашна юкъаозо таро хилийтира вайн. ДагайогIий шуна Татаев Илеса яьхна хилла «Долгожители Чечено-Ингушетии», «Песня Малики», «Даймохк», «Горская новелла» цIе йолу фильмаш? Уьш ерриге а Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволчу гIуллакххочо, режиссера Татаев Ильяса яьхна ю. Царах массарах а вай дозалла дора. Ткъа «Когда отзовется эхо» фильм гучуяларо вай тешийра нохчийн халкъан кинематографи когайоьдуш хиларх. Хьалха театрехь бен гина воцу РСФСР-н халкъан артист Давлетмирзаев МутIелип вара «Горская новелла», «Когда отзовется эхо» фильмашкахь дакъалоцуш. Цунах а вайна массарна а мерза кхаъ хилира. Дегайовхо чIагIъелира кестта нохчаша дакъалоцуш кхин а алссам кинофильмаш гучуевриг хиларх. Амма, ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махка хьаьвзинчу бохамаша кино а, театр а йицйира вайна. Iаьржачу бодано хьулйира нана-Нохчийчоь. Амма 2002-чу шарахь дуьненна гIараваьлла вевзачу режиссера Кончаловский Андрейс яьккхинчу «Дом дураков» кинофильмехь гучувелира вайна массарна а дукхавеза театран а, кинон а похIме актер Исламов Султан. Цо ша кхоьллинчу исбаьхьачу вастаца массарна а дIахаийтира, мел яккхий халонаш тIехIиттарх нохчий къарлург цахилар, къахьега а, хьовсархойн самукъадаккха а мичча хенахь нохчий хьуьнар долуш нах хилар а. Ишта-м гIараваьлла вевзачу оьрсийн режиссера Сокуров Александра 2007-чу шарахь кхин цхьа фильм а яьккхира РСФСР-н халкъан артиста, Нохчийн Республикин халкъан артиста Гичаева Раиса юкъахь йолуш. Фильман цIе «Александра» яра. Иза Нохчийчохь иттех шаре бахбелла дIабоьдучу тIамах лаьцна яра. Цуьнан премьера хилира хIора шарахь Францерчу Каннехь дIахьочу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь. Цигахь хьошалгIахь хилира вайн махкахо, фильмехь нохчийн оьздачу ненан васт кхоьллина Гичаева Раиса, коьртачу турпалхочун васт кхоьллира евзаш йолчу эшаршлакхархо Вишневская Галинас. Каннехь хиллачу дуьненаюкъарчу фестивалан тергамхоша (жюри) билгалдаккхарехь, 2007-чу шеран тоьлла фильм лерира «Александра». Оцу бакъдолчо кхин цкъа а тIечIагIдира Нохчийчохь алсам похIме актераш хилар, Россин кинематографи кхиорехь цара жигара дакъалоцуш хилар.

А.ГАЗИЕВА

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: