Вайн республикехь дIахьош ю Исламан дуьненаюкъара конференци

Нохчийн Республикехь дIахьош ю «АхIлю-Сунна валь Джамаан» суфийн Iеламнехан «Муьлш бу уьш – суннатна тIаьхьабозурш?» цIе йолу Исламан дуьненаюкъара конференци. Иза лерина ю Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 65 шо кхачарна. Конференци дIайолаелира хьаьттан (август) беттан 25-чу дийнахь. Оцу хиламан дакъалацархой вовшахкхийтира Соьлжа-ГIалин театральни-концертни зала чохь. Цигахь дакъалоцуш бу Россера а, дозанал арахьарчу 30 пачхьалкхера а дуьненахь бевзаш болу динан векалш а, шайхаш а, муфтеш а, Iеламнах а. Форуме еана Мисарара делегаци а, шайна юкъахь лакхара имам Шейхуль-Азхара Ахьмад Мухьаммад аль-ТIоййиб а, Мисаран муфти доктор Шовки ИбрахIим Iабдулкерим Моса Iаллам а, аль-Азхар университетан ректор ИбрахIим аль-Худхуд а, кхиболу динан векалш а болуш. Дийцаре дан леринарг ду исламан хазалла а, иза машаре дин хилар а, экстремизмана а, тайп-тайпанчу радикальни боламашна а дуьхьал къийсам дIабахьа безар а. Цара иштта дуьйцур ду таханлерчу дийнахь ислам динан цхьамогIа лазамех а, суфизмах а, иштта террористаша, ислам дин а дуьйцуш, лелочу зуламех а лаьцна.

IMG_6062

Конференци схьайиллира Къуръана тIера сурат дешарца. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчас Шахидов Адама хьешашка маршалла а хаьттира, республикехь ислам динна мел тидам тIебохуьйту а дийцира. Иштта, къамел дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Даудов Мохьмада. Цо дIадийшира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маршаллин кехат.

«Лараме муфтеш, Iеламнах, имамаш, историн маьIна долчу конференцин дакъалацархой, лараме хьеший! Даггара маршалла ду шуьга «Муьлш бу уьш – суннатна тIаьхьабозурш» цIе йолчу динах а, динан бакъонех а, суфизмах а лаьцна йолчу конференцин дакъалацархой. Со воккхавево шу кхуза дахкарх а, Дела реза волчу гIуллакхехь аш дакъалацарх а. Шу кхузахь вовшахкхетта, Ислам – иза бакъдолу а, машаре а дин хилар а, Ислам динехь терроризмана а, экстремизмана а меттиг цахилар а, дерриге а дуьненна дIагайта» – боху Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен маршаллин кехатехь.

Конференцехь дакъалоцуш волчу Россин Федерацин Президентан векала Белоусов Андрейс дIадийшира Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран конференцин дакъалацархошка долу маршаллин кехат. Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь исламан форум дIаяхьар чIогIа мехала хилар.

– ХIара конференци Нохчийн Республикехь дIаяхьар чIогIа маьIне ду. ХIунда аьлча, кхузахь йолаеллера ондда кризис а, тIом а. Цул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан кхийолу регионаш а юкъалецира цо. Кхузахь адамаш а дайъира, гIаланаш а йохийра, адамийн уьйраш а хедийра. Вайнехан а, Кавказан кхечу къаьмнийн а бIешерашкахь схьадогIуш долу дин а, гIиллакхаш а дохо гIоьртира террористаш а, вахабисташ а. Амма церан ерриге а вуон Iалашонаш йохийра оцу киртигехь шен къомана хьалхаваьллачу бакъволчу бусалба стага, россихочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, иза Турпалхо волуш дIа а кхелхина, Россин иэсехь а висина, – элира А.Белоусовс.

Массара а бохург санна билгалдоккхура Нохчийн Республикехь бакъдолчу цIеначу бусалба динна боккха тидам тIебохуьйтуш хилар а, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал кхузахь ондда къийсам латтош хилар а.

– Шун республикехь хIокху тайпана конференци дIаяхьар дуьненахь болчу берриге а бусалбанашна доккха маьIна долуш ду. Хууш ма-хиллара, аш луьра къийсам латтабо бакъдолчу динна генахь болчу тайп-тайпанчу радикальни боламашна дуьхьал. Оха тхайгара баркалла боху шуна, – дийцира конференцин цхьана дакъалацархочо.

Дуьненаюкъара Исламан конференци чекхъер ю тахана, хьаьттан беттан 27- чу дийнахь, конференцин дакъалацархоша резолюци тIеэцарца.

I.МУРТАЗОВ

№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: