XVI-чу бIешеран юьххьехь (1505–1533шерашкахь) Москван эла хиллачу Василий КхоалгIачунна кIант вира 1530-чу шеран хьаьттан (август) беттан 25-чу дийнахь. Цуьнан цIе Иван тиллира 50 шарера ваьллачу дас. КIентан кхо шо кхочуш дIавелира эла Василий, олалла дар кога ваханчу кIантана дуьтуш. Ша дийна мел ю Иванан нанас Глинская Еленас дIакхийхьира кIантана дегара совгIатана кхаьчна олалла. Амма иза а дIаелира Иванан бархI шо кхочуш. Масех шарна, ша дIайолуш нанас кIант а, цуьнга кхаьчна олалла а дIакховдийначу боярийн караяхара Москва а, пачхьенан куьг кхочу меттигаш а. Амма бояраш пачхьалкхан ойла ян гуьнахь долуш нах бацара. Царна коьртаниг дара, хьарам-хьанал ца къестош, шайн хьал-бахам тобар. Цундела цхьана ханна кхиар доцуш, яхьийча санна, тебна Iаш хетара вайн Москва. Делахь а, воккха мел хуьлу Иван шен буьрса амал гучуйоккхуш, Iедалан архаш караэца вуьйлира. Шена а, пачхьалкхана а муьтIахь воцург вийна, махках ваьккхина, новкъара дIавоккхуш. Цуьнан омрица дуьххьара стаг воь Иванан 13 шо долуш. Пачхьалкхан ахча диъна гучуваьлла эла Шуйский Андрей бIаьрнегIар ца тухуш, 1543-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 29-чу дийнахь, паччахьо ирхъуллуьйту гIалин майданахь кхечарна масал хилийта. Баккъал а олалла дан 1547-чу шарахь волало Иван. Исторехь цуьнан яккха йисина цIе Иван Грозный ю. 1547-чу шеран асаран (июнь) баттахь Iаламат йоккха цIе йолу Москвахь Кремль йогу, мискачу адамийн аннийн дукха цIенош догу. Яьлла цIе а, цунах баьлла къаьхьа кIур а бахьанехь 1 700 стаг кхелха, кхин а алсам хуьлу багийнарш. Боярийн питанаша карзахбаьхначу гIалахоша гIаттам бо, цIеяларна бехке Иванан ненахой хеташ. (ГлинскийгIар Мамайн тIаьхьенах бу). ГIаттамхойн ГлинскийгIеран хIу дайа лууш хуьлу. Амма 17 шо кхачаза волчу паччахьехь доьналла хуьлу шен ненахой хIаллак ца байта. Питана даржийначу боярех масех стаг ирхъуллуьйту цо. ЦIеран бала дIабирзина дукха хан ялале Москован пачхьалкхан митрополитах дагаволий, Захарьина Анастасия ялайо Ивана. ТIаккха «Всея Руси» ша паччахь хилар дуьненна дIакхайкхадо, цхьаннах ийза а ца луш.

Кхаа бIе шарахь берриге а оьрсийн махкахь олалла деш мIамглой-гIезалой хилла. Хаддаза цаьрца луьра къийсам а латтийна оьрсаша. 1380-чу шарахь тIаьххьара цаьрца тIом бинарг Донской Дмитрий ву. Исторехь цундела массо а ханна яха йисина Дмитрийн сийлахь цIе. Иванан ден Василийн деда ву Донской Дмитрий. Цуьнгара дуьйна оьрсийн латтанаш вовшахатоха гIерташ къахьоьгуш хуьлу Московера элий. Шен дайн лорах дIадолийра паччахьалла Ивана а. Дахаран коьрта Iалашо лецира цо оьрсийн пачхьалкх чIагIъяр. Урхалла дар шен цхьаьнан куьйга кIел далийра. Хала ду тахана иза дика я вуон паччахь хилла ала. Доьхний, даьржаний лаьтта оьрсийн (оьрсийн доцурш а) латтанаш вовшах-м тоьхна цо, бехк боцчу адамийн цIий Iенорах, шена муьтIахь воцчуьнца Iазап такхийтарх а, къизалла Iовшийтарх а къаьхкаш ца хиллехь а. Сан кхетамехь оцу хене а, оцу муьрехь даьхначу адамийн амалшка а ладоьгIча, оьрсийн пачхьалкхана дика паччахь хилла Иван Грозный. Ткъе итт шарахь гергга шайн маршонехьа къуьйсуш кхуьнан деца Василий КхоалгIачунна тIемаш бина, гIезалой а шен куьйга кIел балийна цо 1551-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 2-чу дийнахь сийначу цIарах Казань ягош, дуьхьало ян воьлла гIезало кхин цкъа а ца гIаттийта туьраца вожош. Иштта Рязань а Москована юкъаялийна. Пачхьалкхан дерриге а урхалла шен карадерзийнехь а, цхьацца реформаш йина паччахьо: суьдехь, эскарехь, малхбузерчу Европица йолчу юкъаметтигашкахь. Опричникийн тобанаш кхоллар а Иванера схьадогIуш ду. Миска ахархой хьоладайн дола бахар а (крепостное право) цо юкъадаьккхина ду. Шена муьтIахь боцчу боярашкара латтанаш схьадохуш, уьш опричникашна дIасадекъар а, опричникашна дворянийн титулаш ялар а цуьнан дIадолор ду. Кремль а, цуьнца цхьаьна ерриге а Москва хила тарлучу ямартчу зуламах ларъян керла эскар стрельцы вовшахтоьхна цо. Ингалсан пачхьалкхаца махлелор а Иван паччахь волчу заманахь дIадолийна.
Казань тIамца схьаяккхарх а тоам ца хилира дуьххьарлерчу оьрсийн паччахьна. ГIезалойн мохк а, Новгород а, Псков а гора хIотторо дог ир-кара хIоттийна, ойла тIома яьккхина волу къона паччахь къилбехьа бIаьрг бетта велира. ХIинца оьрсийн паччахьан садууш ерг Аждархан яра. (Астраханское ханство), Хаджи-Тархан олуш хилла цунах цхьаболчара. Аждархан, Идал хинан лахенца Iуьллучу пачхьалкхан коьрта шахьар хилла. Терка тIера дуьйна ГIоба, Дон а хиш тIе кхаччалц хилла цуьнан дозанаш. ГIезалой а, ногIий а хилла цигахь бехаш. Йохк-эцар, латта, даьхни лелорца доккхучу напхица хене бовлуш хилла уьш. ЦIарна цIе яххана дика тIемалой хилла, бераллехь дуьйна бIаьхаллин говзалла куьйгах юлуьйтуш кхиош Iедал хилла церан божабераш. Мел буьрса тIом хиларх озабелла юхабовлуш ца хилла. Цунна къеггина тоьшалла ду 1395-чу шарахь АстагIчу Тимаркъина дуьхьал цара бина луьра тIом. Шайн мехкан а, латтанийн а дола дан къонахий хилла уьш. Кхерамаш туьйсург, муххале а мел боккха бIо балош варах ондда дуьхьало йой, юхакхуссуш хилла. Иштта, цкъа-шозза боцца тIом ГIирмин Махкарчу гIезалошца хилла церан. ГIалмакхошца тасадалар нисделла. Кест-кеста хилла арахьара мостагI Аждарханна тIетийсавалар. Таркхойн хIорда тIе (Каспин хIорд) боьду некъ маршабаккха лаар дара. Ткъа аждарханахоша шайн лаьтта тIехула цу тIе цхьа ца кхочуьйтура. ХIора шарца шорлуш схьайогIуш йолчу Россина а Таркхойн хIорда тIе боьду некъ маьрша безара. Ткъа Хонкаран паччахьашца гергарло долу Аждархан пачхьенан бахархой цкъачунна цхьаннах озабала дагахь бацара. Цул сов, церан шайн гамо а яра Россица, цуьнан паччахьна хетарг чекх ца далийта. Ткъа оьрсийн паччахьан сутарчу кхетамехь хIоьттина хьал иштта гена дIадохийтийла дацара. Цундела, 1554-чу шарахь 30 эзар дошло кечвой, царна хьалха эла Вяземский воккхий, шен дагахь и буьрса бIо Аждархан тIеман ницкъ гора хIотто хьажабо оьрсийн паччахьо. Шина шарахь къиза тIемаш лаьтта Идал хинан лахенца. ХIоразза керла эскарш тIаме кхуьйсу юхавала дагахь воцчу оьрсийн паччахьо. Къар ца луш, Аждарханан тIемалой, мехкан къонахий, зударий, бераш дуьхьал лета оьрсийн эскарна. Юучуьнца-молучуьнца шайна мел йоккха гIело хилахь а. ГIирмахой а, туркой а орцахбовлу цIийх лешаш йолчу Аждарханна. Амма Iинах йоьду ворда, чухахкаеллачул тIаьхьа сацо ницкъ ца кхочу цхьаьннан а. 1556-чу шеран мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь оьрсийн толамца дIабоьрзу шина шарахь кхихкина буьрса тIом. Аждархан лаьттаца дIашарйо гIалагIазкхаша. Бакъду, тIахьуо, Аждархан лаьттинчу меттера шийтта чаккхарма дехьа керла гIала югIу оьрсаша, Астрахань цIе а туьллуш.
460 шо дIадаьлла и буьрса тIемаш кхихкина. Делахь а, ларамаза дац тахана вай цунах лаьцна яздар а, цхьацца хиламаш карлабахар а. Аждархан йожарх тоам ца хилира оьрсийн паччахьна. Мелла а дехьа а ваьлла, Соьлжа Терках дIакхетачу аренца цо керла гIап юьйгIира, гергарчу хенахь Россин хин долу пачхьалкхан доза билгадоккхуш. Герзах боьттина гIалагIазкхий цига баха охьаховшийра, къилбехь долу Россин пачхьалкхан доза лардар тIедуьллуш. АстагIа Тимаркъа туьраца, тIеман цIарца Iожаллин дарц даржош вайн махка веанчу муьрехь нохчаша цхьана ханна дIатесначу латтанаш тIехь гIалагIазкхийн станицаш яхкийтира оьрсийн паччахьо – Курдюковская, Щедринская, Гладковская – тIаьхьуо царна тIекхийтира Червленная цIе йолу станица. Рязань а, Новгород а йоккхуш ша йийсар бина бIаьхой бара оьрсийн паччахьо Соьлжица а, Теркаца а баха ховшийнарш. Царах болу хаамаш наггахь карабо 1559-чу шарахь дуьйна архивашкахь лардинчу кехаташ тIехь.Станицашна цIерш, хетарехь, дуьххьара цига баха хевшинчу бIаьхойн цIерех техкина ю. Кхо-диъ бIешо ду вайн кхолламаш цхьана бозабелла, вай цхьаьна деха. Заманан йохаллехь чIагIъелла доттагIаллин зIенаш, дерриге а халкъийн векалин уьйр-марзонаш.
ГАЗИЕВА Аза
№98, шот, хьаьттан (август) беттан 27-гIа де, 2016 шо