Уггаре а сиха бахархойн лере кхочучу хаамийн гIирсийн дакъа ду радио. XVIII-чу бIешеран 50-чу шерашкахь кхоллаелла qjke иза тахана а ity дуьххьарkthчу дийнахь санна, ладогIархойн хьашташ кхочушдеш, дуьненаюкъара а, меттигера а керланаш довзуьйтуш схьайогIу.
Пачхьалкх а, цигахь деха къам а кхиаран, билгало а, Iедалан хаамийн герз а ларало радио.
Вайн республикехь болх бечу хаамийн гIирсех коьртаниг ларалучу «Грозный» телерадиокомпанин цхьа дакъа ду «Грозный» радио.
Иза юкъаяларан хене хьаьжча, кхин йоккха хила лараелла а яц иза, кхушеран 23-чу мартехь 11 шо кхачар, когаяххал йолу зама ю. Ткъа 2003-чу шеран 23-гIа март, хууш ма-хиллара, Нохчийчоьнан а, цуьнан халкъан а дахарехь бIаьрла хийцамаш хилла де ду.
Билгалдаьккхина ма-хиллара, ханна йоккха яцахь а, вайн махкарчу а, дозанал арахьарчу а ладогIархошна езаяла ларийна а, шен билггал ладогIархойн тоба йолуш а, дийнахь-бусий 20 сохьтехь болх бан хьуьнар тоьаш а йолу «Грозный» радио кхоллараллин декъехь кхиъна яьлла лара мегар ду. Иза иштта хиларх кхета радион болх а, цуьнан белхахой а бевзича.
– Кхоллараллин а, технически а агIор къахьоьгучу 20-х сов белхахочух лаьтта тхан коллектив, – дийцира тхуна радио кхоьллинчхьана а кхузахь болх бечу диджейс Устарханова Лаурас. – Ала деза, тхан кIезгаллица оха кхочушбо болх буьстича, тхо Iаламат дика ларадо. Дийнахь-бусий 20 сохьтехь болх бан ларадаларал сов, со тешна ю 24 сохьтехь а тхоьга и болх кхочушбалург хиларх. Ткъа 4 сахьт мукъа хилар а тхох доьзна дац, «вышка» дIаяйъар бахьана ду. Кестта «Радио цIийне» дIагIур ду тхо. Схьахетарехь, керлачу гIишло чохь мелла а паргIат меттигаш а, керла оборудовани а хир ю, тIаккха «Грозный» радио дийнахь-бусий эфирехь хирг хиларан цхьа а шеко яц. Пачхьалкхан радио хиларе терра, FM тулгIенехь болх бан таро яц тхан. Тхан хан екъна ю хаамашна, керланашна, мукъамашна, иллешна, эшаршна, и, дI.кх. а.
ХIора а сохьтехь пачхьалкхан шина маттахь – нохчийн, оьрсийн – керланаш довзуьйту «Грозний» радиос. Нохчийн маттахь керланаш довзуьйту похIмечу диджейс Чабагаева Яхийтас, оьрсийн маттахь, иштта говзачу диктора Айдамирова Лианас.
Вайн заманца йогIуш а, дагахь доцучу агIор шайн коьртачу темин чулацам бостуш а алссам передачаш кечйо радион белхахоша. Царах ю «Культпоход», Республикехь хуьлучу культурин хиламех дийцина ца Iаш, актерийн а, артистийн а дахар а, церан кхолларалла а йовзуьйту оцу передачехь Алаудинова ПетIамата.
«Грамотей» передача кечъечу Белова Асета йовзуьйту оьрсийн меттан бакъонаш, довзуьйту дешнийн схьадалар, кхолладалар, нийсаяздар.
«Вайн лар» нохчийн маттахь передача йо Уматгириева Заремас, цуьнан цIарах а кхета иза стенна лерина ю. Ткъа оьрсийн маттахь «Тема» передача а кечйо Заремас.
«Вечер в столице» передача йо Гапаев Алана. Цуьнан хьаша хила тарло муьлххачу а министерствехь а, ведомствехь а, Iедалан балхахь волу чиновник, ладогIархойн хаттар дала а, шайна деллачу жоьпе ладогIа а таро хуьлу дуьххьалд1а йолчу эфирехь.
КIезиг яц литературин передачаш а. Церан хатI а, кеп а нисйина, уьш боккхачу безамца кхочушъеш а вара Гайтукаев Ахьмад (Дала гечдойла цунна). Ишттачу башхаллица уьш кечйо Бурсакова Хедас а.
«25-чу кадран» автор ву Гайтукаев Iадлан, шен передачехь цо дуьйцу кинон индустрих а, оцу декъера керлачух а. Массарна а евзачех яра «Национальная пятерка» проект а, цуьнан диджей Джабраилова Надира а. Тахана цо еш йолу передача «Шоу-бизнесан керланаш» ю.
Вайн махкахь спорт кхиарх а, спортсменийн кхиамех а дуьйцу «Спринт» передача еш ву Абубакаров Анзор.
Передачийн дукхаллех а, церан темийн тайп-тайпаналлех а къаьсташ ю «Берийн сахьт». Иза арайолу кIирандийнан Iуьйранна дуьххьалд1а йолчу эфирехь. Цуьнан башхаллех ду бераш а, да-нана а цхьаьна хилар а, берийн эфирехь байташ еша а, туьйранаш дийца а, эшарш лакха а таро хилар а. Ткъа толамхочунна совгIат дар а дац кIеззигчух. И передача къастийначу маттахь дIахьош цахилар а ю цхьа башхалла, дакъалоцучаьрга хьаьжжина хуьлу цуьнан дIаяхьар, дукхахьолахь иза нохчийн маттахь нисло.
Эфиран хан нохчийн, оьрсийн меттанашна цхьабосса хилийта а хьовсу радион белхахой.
– КIиранах 3–4 эфир нохчийн маттахь дIаяхьар лоьху тхоьгара куьйгалло, – билгалдаьккхира Устархановас. – Ша нохчийн мотт безаш а, буьйцуш а, иза кхуьуш хиларх тешна а ву радион директор Нухаев Идрис. Цуьнан тешаман суйнах жим-жима догу тхо а, амма нохчийн меттан толам хилар, ма-моьтту атта гIуллакх дац. Масала, март баттахь дIаяьхьначу кастингехь дакъалаьцначу 50 стагана юккъера 9 стаг къастийра оха, царна юккъехь билгалваьлларг цхьа Элипханов Адам бен вац. Мотт хаа беза тхан балхахь. Ткъа ишттанаш кIезиг нисло. Делахь а, дог ца дуьллу оха. Мел къахьега дезахь а 60 процент эфир нохчийн маттахь хилийта а хьовсу тхо.
Шайн белхан коьрта Iалашо билгалйоккхуш, балха тIехь нисло толамаш а, иэшамаш а хьахийра Лаурас:
– Жоьпалле эфир ю тхан «Iуьйренан шоу». Уггаре а алсам ладогIархой хуьлу хан а ю иза. Цу юккъе йогIу ас лелош йолу «Гоч». Ала деза, чIогIа хала «когаяхара» и передача. Хьалхарчу шина шарахь ши-кхо «смс» еача а дезде хуьлура сан, ткъа и «колхоз» стенна оьшу, бохуш, цабешарш а кIезиг бацара. Дукхахьолахь совгIат дIадала стаг воцуш а дуьсура. Ткъа хIинца 50-60 «смс» ярал сов, къовсалурш а нисло, наггахь девне бовлурш а хуьлу. Цо гойту тхан болх нехан тергамехь хилар, царна иза эшар. Цундела ю тхан коьрта Iалашо адамийн самукъадаккхар, дог айъар, махкара а, дозанал арахьара а керланаш довзийтар, къоман синъоьздангаллин мехаллаш йовзийтар, адамийн культура, церан синъайам лакхабаккхар.
«Даймохк» газетан редакцин коллективо радион Денца даггара декъалбо «Грозный» радион белхахой. Дахарехь могашалла а, ирс-аьтто а, алссам ладогIархой а лаьттийла шун.
Т.САРАЛИЕВА