Иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочо Сельмурзаев Iалихана.
Шен къамелехь министра баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна республикехь дешар кхиорна а, тIекхуьучу чкъурана Iуналла дарна а, сел йоккха терго ярна.
Керла школа 360 дешархочунна лерина ю. Цу школи чохь хIокху шарахь керлачу парти тIе охьахуур ву 356 дешархо, царах 45 – хьалхарчу классера бераш ду.
Котар-Юьртан №4 йолу юккъера школа Федеральни Iалашонан «Россин Къилбе» программин гурашкахь, кхаа сменехь болх беш йолчу №3 йолчу школехь паргIато хилийтархьама йина ю. 180 берана леринчу оцу школехь доьшуш 595 дешархо вара.
Кхузаманан лехамашца богIуш болчу гIирсашца кечйина ю школин классаш, спортзал, столови. Школина хьалха баскетболан а, волейболан а майданаш йина.
А.ХАСБУЛАТОВА
№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо