Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназехь педагогикин Iилманийн кандидата, Рособрнадзоран Федеральни эксперта, Санкт-Петербурган дипломана тIаьхьара долчу дешаран академин доьзалан педагогикин кафедрин заведующис Эрлих Олега семинар дIаяьхьира школийн директорийн заместительшца. Иза лерина яра дешаран учрежденешкахь дIахьочу кхетош-кхиоран балхана.
Iилманчас шен кепара керла некъаш гайтира девиантни лелар (амал хала йолчу) берашца болх барехь. Цо дийцира хьехархочун, дай-нанойн, берийн хила езачу юкъаметтигех лаьцна. Царна юкъарчу зIено проблемаш дIаяхарехь доккха гIо деш хилар а билгалдаьккхира.
Кхузаманахь «девиантное поведение» олуш кхетам бу педагогикехь дешархойн леларан хьокъехь юкъабалийна. Иза бер цхьа шатайпа лелар долуш, кхечарах тера йоцу амал йолуш хилар ду.
О.Эрлиха дийцарехь, юьхьанцарчу классийн хьехархойн Iилма, хаарш тоьаш дац лелар девиантни долчу берашца болх бан. Хьехархойн корматалла лакхаяккха езар а, «девиантни» боху проблема теоретически а, технологически а къастийна цахилар а ду амал, лелар хала долчу берашца болх хила ма-беззара дIахIотторехь тIе ца тоьарг.
Оцу балхана хьехархой кечбеш хила беза боху Iилманчас. Хьехархочун хаарех хьовха, цуьнан ваддах доьзна а дукха ду вайн заманахь. Iилманехь хуьлучу хийцаманашна кийча хила безаш бу хьехархой.
Замано керла хIуманаш юкъадалийна вайн дахарна а, дешарна а. Бакъду, хьалха иштта хала дацара. Бер, дешархо цхьаьна, юкъарчу низамна тIе дуьгуш, тIенисдеш болх бора школо а, доьзало а. ХIинца и бер шен амалехь дуьтуш, дерриге а дуьне цунна товчу агIор дIанисдеш болх бан кийча ду. Хаттар: дика болх хир буй те цунах берана? Гена гIур дуй те иштта лехамаш болуш?
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо