Iодика йойла, аьхке!

Хууш ма-хиллара, С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин белхахоша ерриге а аьхка ешархошца жигара болх бира. Нохчийн яздархойн кхолламаш а, кхоллараллаш а йовзуьйтуш суьйренаш дIаяьхьира, берийн конкурсаш а, семинараш а, «Поэтические нотки» цхьаьнакхетарш а вовшахтуьйхира.

IMG_0069

Аьхкенан муьрехь цигахь вовшахтоьхна хилла коьрта гайтамаш иштта бара: «Аьхке – книгийн дуьненахь»; «Соьналлин дуьне – вайн юкъара цIа»; «Там на неведомых дорожках»; «Государственные символы России»; «С.-Х. Кацаевн дахар а, кхолларалла а»; «Сан доьзал – сан гIап».

Иштта, дукха хан йоццуш, берийн библиотекехь аьхкенан Iодика а еш, ешаран программин болх берзош, цхьаьнакхийтира ешархой. Берашца цхьаьна церан дай-наной а баьхкинера цига.

Массаьрга маршалла а хоттуш, йистхилира библиотекарь Балатбиева Мадина. «Марша догIийла тхан хьоме ешархой, аьхкенан ешаран программин болх тахана чекхбаьлла. Оцу программин балхехь аш жигара дакъа а лецира. Аьхкенан Iодика яр самукъане хилийтархьама вай хаза той хIоттор ду», – элира цо.

Ешархойн хьашташ кхочушдаран отделан библиотекара Мусаитова Зулихана «Горячая пора» цIе йолу викторина дIаяьхьира берашца. Цу юкъадогIура тайп-тайпана ловзарш: «Это я», «Передай медузу», «Готовим зимние заготовки», «Снайперы», «Музыкальные стулья». ХIора а ловзарехь самукъадаларца дакъалецира бераша. Къаьсттина хазахийтира царна силамна тIехь суьрташ дахкаран конкурс. Царах хIораннан а сурт аьхкенан Iодика ярна лерина дара.

Цул тIаьхьа ешархошна Сийлаллин грамоташ а елира, совгIаташ а дира. Иштта, безамна цхьаьна суьрташ а дохуш, берзийра цхьаьнакхетаран болх.

З.ЛОРСАНОВА

№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: