хIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь
Нохчийн Республикин «Ламберд» суьртийн клубо Кхузаманан искусствон туьшаца цхьаьна вовшахтоьхнера Нохчийчохь кхозлагIа дIахьош йолу «Фотосушка» проект.
«Сушка» (Фотосушка) – иза суьрташ хийцаран гIараяьлла проект а, иштта, дуьненаюкъара болам а бу. ХIора шарахь дуьненан массо маьIIехь цо вовшахтуху суьрташдахаран искусство езарш. Суьрташ хуьйцучу оцу акцехь дакъалаьцна дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкара 100 сов шахьаро а, 50 000 сов стага а. Ши шо хьалха царех дIакхетта Нохчийн Республикин кхоллараллин кегийрхой а. Республикехь дуьххьарлера «сушка» дIаяьхьира 2014-чу шеран хьаьттан беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь. Дуьненаюкъарчу оцу проектан ламасте дирзина ду суьртийн гайтам аьхкенан тIаьххьарчу кIирандийнахь дIабахьар.
«Сушка» дIаяхьаран кеп иштта хуьлу: хIора а дакъалацархочо шен суьрташ (я шена хазахеташ долу кхечу авторан суьрташ) дохьу шеца. Хьалххе дIасатийсинчу тIергаш тIе мIерашца хьалаухку суьрташ (йиттина хIуманаш ухкучу кепара). Цигара схьа ю проектан цIе а, «суьрташ дакъор» боху маьIна хуьлу цуьнан. Суьрташка хьоьжуш, вовшийн суьрташ дохуш, довзуьйтуш, хан йоккху кегийрхоша. Цул тIаьхьа суьрташ «хуьйцу» цара. ХIораммо а шена хазабелла белхаш хоржу. Автора суьрташна тIехь шен куьг яздо я и сурт кхочур долчунна декъалдаран дешнаш яздо.
Карарчу хенахь Нохчийчохь суьрташдахаран искусство яьржина хиларе терра, кегийрхойн зеделларг алсамдаккхарна, церан кхоллараллин хьуьнарш кхиорна, керла къона суьрташдахархой юкъаозорна мехала ду вай долчохь цу тайпа проект дIаяхьар. ХIора шеран хьаьттан беттан чаккхенехь вовшахтухуш ю «Сушка». ХIокху шарахь дIаяьхьнарг рогIера 3-гIа «сушка» яра, тIедогIучу шерашкахь, ламасте дерзийна, дIакхехьа лерина ду и гIуллакх.
Билгалдаккха деза, «сушкина» кечамбарехь, иза вовшахтохарехь коьрта дакъа «Ламберд» клубан администраторийн: Цугаев Зауран, Исмаилова Асетан, Амалаев Хизаран, Ибрагимова Сапиятан, Мусаева Асетан, Авхадова Хьаван, Тайсумова Тамарин, клубан жигархочун Шамилов Сахьабан, Кхузаманан искусствон туьшан директоран Адуева Iайшатан ду.
Суьртийн искусство дукхаезаш нах алссам хилар гучуделира, «Фотосушкин» дакъалацархой хилла ца Iаш, тIехбуьйлу нах а, иштта урамашкахь цIано латтош болу белхалой а, Соьлжа-ГIалин туристаш а гайтаме даьхначу суьрташка хьовсуш а, царех шайна хазделларш къастош а хиларо. Билгалбаха лаьа генара баьхкина хьеший а: Францера (Нохчийчу еанчуьра) еана йолу Авхадова Амина, ГIалгIайчуьра баьхкина ГIалгIайн «Имаго» суьртийн клубан жигархой: Эгиев Аюп, Могушкова Залина, Цечоев Амир, кхиберш. Нохчийчохь хилла ца Iаш, Россехь а дика вевзаш волу суьрташдахархо Садулаев Муса а хилира цигахь. Иштта хьахо лаьа Неврера еана Алиева Хьава а.
ХIокху шарахь «Фотосушкин» гурашкахь конкурс а вовшахтоьхнера. «Сушкин» дакъалацархоша шайна кхаж баьллачу кехата тIехь яздинчу хIуманан сурт даккха дезара: адаман, гIишлон я бохаман тIаьхьенан (Соьлжа-ГIалахь хенан хIоттам карзахбаларо дина зенаш тидаме эцна) сурт. Шаьш даьхна суьрташ «сушкехь» дIаохка схьадан дезара. Оцу суьртех, кхаж тасарца, тоьлла кхо сурт билгалдаьккхира гулбеллачара. Адаман тоьлла сурт даккхарна дипломаца совгIат дира Могушкова Залинина, гIишлон тоьллачу суьртана совгIат дира Амалаев Хизирана, ткъа бохаман тIаьхьенан тоьлла сурт даьккхинарг Эгиев Аюп лерира.
Соьлжа-ГIалахь билгалъяьккхина проект дIаяхьарх а, берриге а дакъалацархойн сирла битамаш бисарх а хаам бо «Сушка» дуьненаюкъарчу проектан официальни сайта тIехь. Проектехь дакъалаьцнарг верриге а цхьа бIе гергга къона суьрташдахархо вара. Цигахь дакъалацар дика дарс ду царах хIораннан а кхоллараллин новкъахь.
А.ВАХАЕВА
№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо