Лор хилла а ца Iа иза

Дахарехь дагахьдоцу дуккха а хIуманаш тIеIиттало вайна. Тахана хьо могаш, маьрша велахь а кхана цхьана лазаро лаьцна меттахь виса я некъаца хьовзам хила тарло. Иштта, кхоьллина ду Дала хIара дуьне. Иштта де доьхна хьо хьаьвзинчу минотехь тIеваха лор я операци ян хирург ца хилча ма амал дацара вайн.IMG_3898

АлхьамдулиллахI! Дела дика ву. Цуьнан къинхетамца дуккха а дика лоьраш бу вайн республикехь.

Иштта, Хьалха-Мартан кIоштан коьртачу больницан хирургин отделенин белхахошна баркалла ала лууш дуккха а нах бу  оцу кIоштахь.

Хирургин отделенехь болх беш 12 лор а, 12 медйиша а ю. Оцу отделенин заведующи а, хирург а, эндоскопист а, лаккхарчу категорин лор а, медицинин Iилманийн кандидат а волчу Межидов Заурах лаьцна дийца лаьа.

Ларамаза дац Заур Хьалха-МартантIерчу больнице болх бан кхачар. Цигахь и тайпа лор оьшу дикка хан яра. Цуьнан говзаллин гIо оьшушболу дархой даима а Соьлжа-ГIала дIахьовсо безаш хуьлура. Ткъа хIинца шайн больницехь дIахьо цара мел чолхе а операцеш.

Саратовн пачхьалкхан медицинин университет цо чекхъяьккхина 2000-чу шарахь.  2002-чу шарахь оццу университетехь ординатура а. Дукха хан юкъа ца юлуьйтуш медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйина хирургин а, эндоскопин а дакъошкахула. Цуьнца цхьаьна Саратоверчу сихагIодаран службин хирургин отделенехь болх а бина 2002–2004-чуй шерашкахь. 2006-чу шарахь эндоскопин говзалла караерзош дешна Заура. Цул тIаьхьа тешийра цунах чолхе операцеш дIаяхьар.

Дуккха а меттигаш хуьйцуш белхаш бина Заура. Нохчийн пачхьалкхан университетан госпиталан хирургин кафедрехь болх бина. Цул тIаьхьа Ставрополан крайрчу Минеральные воды гIалахь республикин гнойно-септикин хирургин туьшахь коьрта лор а хилла, циггахь хирургин отделенехь болх а бина, иштта, Соьлжа-ГIаларчу №9 йолчу больницехь болх а бина. ХIокху шеран чиллин (февраль) баттахь дуьйна Хьалха-Мартан кIоштан коьртачу больницехь къахьоьгуш ву иза.IMG_3929

– ХIокху больнице ша схьавеанчу дийнахь дуьйна, ша дуккха а шерашкахь тхоьца болх бина волуш санна, тхоьга а, дархошка а кIеда, мерза вистхуьлуш дIаволавелира Заур, – дуьйцу больницан операцийн блокан лаккхарчу медйишас Вукчаева Заретас. – Кхузахь болу лоьраш уггаре а хьалха Делан дуьхьа болх беш бу, больнице богIучу дархошца бала а болуш. Иштта, шен дархошна дарба хиларе са а туьйсуш, шен берриге а ницкъ царна тIе а хьажийна болх беш ву Заур а.

Гуттар а шен хаарш тIедузуш ву иза. Хирургин а, эндоскопин а сихагIодаран службин болх хууш а, дика беш а ву. Дукха наха баркаллаш боху цунна. Кхузаманан медицинин технологин гIирсашца болх бар карадерзийна.

– Дуккха а больницашкахь болх бан кхиъна со, дуккха а дархошна лоьралла лелийна. Царна гIо дан йиш хилар доккха хIума хета суна. Адамийн могашалла жималлехь санна метта ца хIотталахь а, адам ша дIалеллал могашалла меттаялор боккха кхиам бу, Дала мукъ лахь, и болх беш а ду.

ХIокху больницан хирургин отделенера лоьраш Iаламат дика бу. Нахана даггара гIо дан лаам церан хилар бахьана долуш, вуно дика дIабоьду тхан болх, – бохура Межидов Заура.

Хирургин отделенин уролог волчу Гакаев Адама дийцира шен белхан накъостах лаьцна: «Адамийн могашалле кхочуш бац дуьненан цхьа а бахам, цунах чIогIа дика кхета цамгар токхуш болу нах, уьш хьовха, жимма сиркхо хьакхаеллачунна хаьа могашаллин мах. Шен дахар цомгашчу нахана дIа а делла, болх беш схьавогIуш ву Заур. Цунна шен болх дика бевза. Шен дархойн бала а кхочуш, дархочун лазарца болу сингаттам дIабаллалц цунна юххехь соьцучу лоьрех ву иза. Цунна тоьшалла ду цунна баркаллаш ала оьхуш болу  нах.

– Заур лор хилла а ца Iа, иза шен дархошна дика накъост ву. Iаламат хала бу цуьнан болх. Хьекъал а, ницкъ а, ийман а, собар а оьшуш бу иза. Дала латтабойла вайна и санна болу лоьраш, – элира З.Вукчаевас.

Оцу отделенин белхахойн хIораннан а дика дешнаш хилира Заурах лаьцна ала. Цара массара а билгалдоккхура иза оьзда стаг а, говза лор а хилар.

Вайн дахарехь уггаре а коьрта говзанчаш бу лоьраш. Делан къинхетамца, дуккха а нахана уьш бахьана долуш дарбанаш хуьлу.

Хь.БАХТАЕВА

№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: