Мехкан илланча

(Дикаев Мохьмадан 75 шо кхачарна лерина)

«Нохчийн поэзи» цIе йолчу беркатечу дуьненахь, шатайпанчу башхаллица къаьсташ, исбаьхьачу басаршца серлаюьйлуш, зевнечу аьзнашца дахаре безам чIагIбеш, цхьа тайна майда ю – Дикаев Мохьмадан байташ. Нохчийчоьнан хазалла, Кавказан къоьжачу лаьмнийн нуьцкъалла, вайн дайша лардинчу гIиллакхийн оьздангалла хьерча цо язбинчу хIора могIанах. Дикаев Мохьмад – бакъволу нохчийн поэт ву. Ша схьаваьллачу халкъан баланаш азалера дуьйна схьагулбина, сица литтина, цIийца лезна, цара Iовжийна ойланаш могIанашка ерзийна, кехатах тешийна хетало поэтан говзарш йоьшуш.006

Балано бIарзйина, обаргийн Нохчийчоь!

ГIазото хьан деган къинхетам къийлина,

Кавказан тIамо хьан стогарш чуийзина.

Амма хьо доьналлех яккха ницкъ ца хилла!

Дикаев Мохьмад вина 1941-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIалина генайоццуш Iуьллучу нохчийн ширачу юьртахь БердкIелахь. Цуьнан да Жунид махкахь гIараваьлла вевзаш пондарча хилла. Оцу муьрехь кхоьллинчу Нохч-ГIалгIайн республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамблехь болх беш хилла Жунид. Мохьмад дуьнен чу волучу хенахь, вайн махкара дукхах болу артисташ санна, Дикаев Жунид а  хилла  ЦIечу Эскаран бIаьхошна концерташ яла вовшахтоьхначу тобанца болх беш. Къилбаседа Кавказан ерриге а гIаланашкахула, буьрсачу тIеман луьра некъаш гездеш 1944-гIа шо тIекхаччалц къахьегна вайнехан артисташа, Даймехкан маршонан гIароле хIиттинчу бIаьхойн самукъадоккхуш. Мел дукха къа цара хьегнехь а, шен къизаллица массарна цхьабосса цIевзина еара 1944-чу шеран  чилин (февраль) беттан 23-чу дийнан йоьхна Iуьйре. Махках даьккхира нохчийн халкъ. Талды-Курганан шийлачу аренашкахь мацалла, гIело, харцо ловш кхойтта шо такха дийзира ДикаевгIеран доьзалан а. Кхо шо кхачаза  вара Мохьмад «халкъан мостагI» лерина  Сталинан хьадалчаша махках воккхуш. Нохчийн халкъана  тIехь кхоьллинчу  харцонан иза теш хIоттош, дуучух-молучух хьегош, генарчу махка дIавигина Iазапе лоцуш, дерриге а нохчийн халкъ санна. Мел жима велахь а, цунна гуш бара шийлачу гIайгIанах Iанаоьху ден бIаьргаш, цо деш долу къаьхьа къурдаш. Иштта Мохьмадна гуш дара ненан хеназа къежъялар, хаддаза дай баьхначу лаьтте цо гIийла сатийсар. Дас, нанас худучу балано бералла хьаьшнера кIентан, самукъадала меттиг ца юьтуш. Делахь а, наггахь, пондар схьаэцна, дас илли долийча дог ир-кара хIуттура Мохьмадан. Ойла тIома йолура. Даима сингаттам латтош болу бода къайлаболура. Жимачу даг чохь дегайовхо кхоллалора. Кестта сингаттамаш дIабевлла, дуьне серладоккхуш ирсан зIаьнарш шайн беркъачу хIусаме кхочург хиларх тешавора. Мохьмадна Iаламат дукхаезара деца йоккху мерза хан. Самукъадолура цо Даймахках лаьцна дуьйцуш, иллеш олуш, Кавказан къоьжа лаьмнаш а, царах  схьаIийдало шийла шовданаш а  хьахош. Дай баьхначу лаьтта ша воьссича санна хетара кIантана иштта яьхкинчу суьйренашкахь. Цхьа тамашийна синхаамаш денлора цуьнан даг чохь. Харцоно хьаьшначу шен декъазчу къоман бакъо къевсина, летта вала а кийча хуьлура иза ишттачу мIаьргонашкахь. Харцо эшаяллал нуьцкъалчу бакъоне  сатийсарца карзахдуьйлура къона дог. Таронаш, лаамаш галаморзаха лелхаро хаъал ницкъ бора Дикаев Мохьмадна. Делахь а,  къарвалар хIун ду ца хуучу жимачу стагана гечо карийнера шен аьрха ойланаш цхьана хорша ерзо. Юккъерчу школин лакхарчу классашкахь доьшуш волуш дуьйна Мохьмад байташ язъян волавелира. Цара мелла а  синпаргIато йохьура, собаре хила Iамавора.004

Вайнахана цIаберза бакъо яьллачу 1957-чу шарахь Талды-Курганера юккъера школа чекхъяьккхина велира Дикаев Мохьмад. Яьллачу маршонах мерза кхаъ хилла ДикаевгIар шайн ворххIе да ваьхначу БердкIел цIабирзира. Мохьмад Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте деша хIоьттира зиэрех кхиамца чекх а ваьлла. Хаза, товш жима стаг вара иза, маттана шера, хьекъална ира, кхетамна сирла а волуш, шен сица-дегIаца гIиллакх-оьздангалла долуш. Хьехархойн институтехь доьшучу шерашкахь Дикаев Мохьмад поэт санна гIараволу. Цуьнан цIе евза къоман литература евзачарна, езачарна.

Нохчи ву со,

Нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,

ЦIоькъалоьмо шен махьарца

Вижинчуьра гIаттавина,

Нанас илли накха белла,

Илли ала векалвина,

Нохчийн маттах, нохчийн махках

Берахь дуьйна дозал дина. 

Цхьаннах къийлавалар доцуш дуьнене дIакхайкхадо поэта шех дерг. Дешархой-м дика кхета шен цIарах цо дуьйцуш дерг нохчийн халкъ хиларх. Iедало бехк боцуш Iазапе лаьцна, кхойтта шарахь Даймахках хьегийна, сийсаздаккха, тайп-тайпана йоцу цIерш тохкуш гIелонехь латтийна, хийрачу махкахь баккхий бохамаш лайна, амма доьналлех ца долуш, яхь дIа ца луш дай баьхначу лаьтта тIе цIадирзина нохчийн халкъ ду поэтан турпалхо. Цундела вайна къаьсттина дукхаеза и байт. Цуьнан хIора могIа, хIора хьаьрк вайн синкIоргенехь кхоллаелла  а хета. Дикаев Мохьмадан къеггинчу похIмин исбаьхьа тIеIаткъам бу вайн синкIоргенехь и бехке йоцу ойланаш хьекъош.мит

1963-чу шарахь чекхъяьккхина цо Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Дешаран шераш тоьллачу студентийн хьалхарчу могIарехь, цIе йоккхуш, чекхдевлира Дикаев Мохьмадан. Цундела институтан куьйгалло аспирантурехь витира иза. Студеташна хьеха масех сахьт делира. Амма коьрта болх байташ язъяр бара цуьнан ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь. Даймохк, нана, безам. И кхо ниIмат хесто кIадлуш вацара къона поэт. Цуьнан дукхах долу могIанаш иллешка дирзина, вайн гIарабевллачу артисташа Дагаев Валида, Магомедов Султана, Буркаев Мовлада, Шамилева Жансарис, иштта дуккха а кхиболчара, дIаолуш дара.

Мел йогIу буьйса кхоьлина йогIу,

Стиглара мархаш елхаеш.

Цхьа Iаьржа марха къилбехьа йолу,

Дуьненан гIийла ойла еш.

Седарчий стиглахь гучу ца довлу,

Со шайна гушшехь хьо ларъеш.

Мел дехарх маьлхан догIа ца догIу,

Лозучу дагна гIоли еш.

Дукха, дика яздора Дикаев Мохьмада, ларамаза ша цхьанна хIуманна тIаьхьа висарна кхоьруш санна. Ткъа уггаре а коьртаниг – поэтан мотт бара хьеннан а лерса  хьаста гуьнахь долуш. Еша, дагахь Iамо атта хуьлура цуьнан  байташ. Къаьсттина безамах йолчу байташа дукха мехкарий йийсаре лаьцнера. Уьш кест-кеста хаалора «Ленинан некъ» газетан а, «Орга» альманахан а агIонаш тIехь. КIезиг бацара уьш кар-кара кхийдош, йоьшуш берш а. 1963-чу шарахь къоначу Яздархойн Ерригроссин кхеташоне хьажаво поэт Дикаев Мохьмад. Нохч-ГIалгIайн Республикера и цхьа векал вара цига хьажийнарг. Дикаев Мохьмад къоначу яздархойн кхеташоне Москва хьажаваро боккха юьхькIам беара халкъана, махкана. Россин къоначу яздархойн кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу оьрсийн гIарабевлла бевзачу дешан говзанчаша Рождественский Роберта, Тихонов Николайс, Твардовский Александра, иштта кхиболчу яздархоша билгалдаьккхира нохчийн къоман литературехь шатайпанчу хотIехь нуьцкъала аз, меттан говзалла, къеггина похIма долуш поэт кхуьуш хилар.  Москвахь зорбане дуьйлучу тайп-тайпанчу газеташ, журналаш тIехь кхеташонехь еллачу интервьюшкахь йовзийтинера цара шайн ойланаш. Цара къоначу поэтан дог-ойла ир-кара хIоттийра, кхидIа а болх бан лаам чIагIбеш, цул сов, Дикаев Мохьмадан дуьххьарлера гулар зорбане яккха аьтто бира Москварчу яздархоша цуьнан  кхоллараллин иштта лаккхара мах хадоро. 1965-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь зорбане елира цуьнан дуьххьарлера гулар. «Нохчочун хIусам» яра гуларан цIе. 1967-чу шарахь кхин цхьа гулар а елира поэтан зорбане. «Догу сан дог» яра цуьнан цIе. ХIора дешан тидам беш Дикаев Мохьмадан говзарш ешначунна гуш дара, Даймахке болчу безамо цуьнан дог дагош хилар. Цунна къеггина тоьшалла ду Дикаев Мохьмада язйина «Кавказан Iуьйре» цIе йолу башха стихотворени.

Ламанан баххьашкахь дешица къега хьо,

Аьрцнашца, пепнашца, бегаш беш, лепа хьо.

Шийлачу шовдан чу зIаьнаршца хьоьжу хьо,

Малхаца гIаьттина Кавказан Iуьйре.

Серлонца, машарца хьо йогIу яйча,

Кавказан ламанхойн сакъерало,

Олхазарш хьаннашкахь Iаламна делало

Органан тулгIенийн дог ийало.

Дикаев Мохьмадан кхолларалла хьахийначохь, наггахь цхьацца хабарш хеза – поэт коьртачу декъана безаман лирикин говзанча ву, оцу жанрехь болх бар цунна тайнера, безамах йолу байташ Iаламат дика нислора  цуьнан бохуш. Цхьана а кепара шеко яц.  Дикаев Мохьмад лирик ву! Баккъал а алссам байташ ю цуьнан безамах лаьцна язйина, шайл тоьлларш хIинца а, цкъачунна гучуйовлаза йолуш. Нохчийн къоман амалх ца вухуш, гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь язйина ю уьш, безамах елахь а. Нохчийн хIо деттало царах, Даймехкан ховха садеIар хаало, хIоранна синкIоргене кховда ницкъкхочуш, Iаламат тамехь ду похIмечу поэта яздина дешнаш. Цундела вайн тоьллачу иллиалархоша тоххара мукъаме дерзийна, шайн репертуаран жовхIарш хеташ дIаолуш ду, ладогIархойн лерса хьоьстуш.Уьш  ду: «Ма хала стаг ю хьо», «Хьол хаза йоI суна-м ца гина», «Лениградера йоI», «Хьан бIаьргийн нур», «Тхан юьртахь тийна ду», иштта дIа кхин а. Амма суна хетарехь, Дикаев Мохьмад уггаре а хьалха Даймехкан, нана-Нохчийчоьнан поэт ву. Нохчийчоьно бIешерийн кIоргенера таханене кхаччалц лайна баланаш, хуьйдина сингаттамаш, къаьхьачу къурдашца Iийшина харцонаш шен экамечу синна язъелла, цара лозучу дагна Iаткъам бина, дош ала гIаьттина мехкан  илланча вара Дикаев Мохьмад. «Сан Даймохк» цIе йолу байташ ешначун иза иштта хиларх цкъа а шеко кхоллалур яц.009

Нанас берахь дуьйна

Суна хьо марзбина,

Хьоьга дагардуьйцуш,

Хийла ойла йина,

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Ахь кхиийна,

Ахь стаг вина

Со новкъа велира.

Хьуна гена ваьлча,

Херехь зама яьлча,

Даго лоькху зурма

Суна хьо хетара,

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Малх бицбина,

Нур къагийна,

Суна хьо лепара.

ХIора йогIу кхане

Хьоьца йоккхур, бохуш,

Винчу махка кхача

Ас сатийсинера,

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Хьох къаьстина,

Дог диллина,

Iалург ца хиллера…

Зорбане яьлла иттех гулар яра Дикаев Мохьмадан. Уьш книгашъешархошна дукхаезаш яра. ТIаьхьарчу хенахь оьрсийн матте гочйина Москвахь, Ленинградехь муьран зорбанехь араюьйлуш яра вайн махкахочун байташ. Литературин говзанчаша лаккхара мах хадабора церан. Нохчийн литературин кхиам хилла ца Iаш, ерригроссин литературин кхиам  а лоьрура цара поэтан башха кхолларалла. Цуьнца уггаре а хьалха къинхетам бара, тIаккха дахаре безам бара. Бакъволчу нохчичун деган комаьршалла яра Дикаев Мохьмадан исбаьхьачу поэзехь. Цо тешавора нохчийн  халкъан сирлачу кханенах, кхойкхура керлачу анайисте, дозалла дойтура АллахI-Дала хьо нохчи кхоьллина хиларх, башхачу поэтаца Дикаев Мохьмадца цхьана заманахь хьо вехаш хиларх. Оьмар йоца хилла-кх цуьнан! Диканан дакъа кIезиг гина. Нохчийн халкъ шех Iехаделлачу хенахь дIавахара иза вайна юкъара. 1979-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь  хедира поэтан дахар. Кхин цкъа а ца тохадала сецира поэтан экаме дог. Кхин цхьана похIмечу стагана а эшам хилира вайн махкана. Дикаев Мохьмад санна волу мехкан илланча дIавалар – къоман литератураъезархойн дегнашкахь гIайгIа алсамъялар дара, яхь йолчу хIора нохчичун кийра шийла ша буьллуш. Делахь а, вайца яха йисина поэтан башха кхолларалла! Цуьнан сий-пусар дан Дала хьекъал, доьналла лойла вайна.

А.ГАЗИЕВА

№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: