ХIокху деношкахь боккха иэшам хилла нохчийн журналистикина – бакъдуьнена вирзина вевзаш волу радиожурналист, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Гайтукаев Ахьмад.
Нохчийчохь наггахь стаг хир вац цуьнан аз ца девзаш. Шена дика хуучу нохчийн маттахь цо дIайоьшуш йолу байт а, къоман гIиллакхех, динах, гоьбевллачу къонахех цо кечбо передачаш а дагах кхеташ хуьлура, цара дика тIеIаткъам бора радиоладогIархойн синкхетамна. Шен белхан воккха говзанча а, адамашца ваза хууш, дика накъост а, йиша-вешина дика гергара стаг а вара иза. Цуьнца Iодикаеш, тхуна лиира кхо-диъ шо хьалха, шен 60 шо кхочуш, цо «Даймохк» газетана елла интервью карлаяккха.
– Ахьмад, шерийн гу ийабалар вайна деза ца лахь а, замано шен болар лагIдеш дац. Шерийн барз алсам мел бели а, юхахьежар, хиллачийн, леллачийн чот-хьесап дан гIертар сих-сиха хуьлу. Кхузткъа шаре бахбеллачу хьайн дахаран некъе юхахьаьжча, дагна хьаам, синтем беш дерг хIун карадо хьуна?
– Доцца аьлча, цхьанне хьуо сов цахетар а совгIат хета, цхьанна а вуон болх цабар, цхьаьнца а хьагI-гамо цалелор, кхетий, хьо, ас бохучух? Хила ма хуьлу йиша-вешина а, юьртана а, махкана а бале волий стаг. Хьан хаттарна жоп луш, шуьйро аьлча. ТIех дукхаезаш денана яра тхан. Цуьнца хьирчинчу суна нохчийн мотт дика хаьара, вайн къоман хIуманаш дукха а дезара: нохчийн маттахь книгаш, иллеш, хелхарш. Цигара схьа дара тIаьхьуо стихаш язъян гIертар а, иллешна мукъамаш дахар а, «Вайнах» ансамбле вахар а. Маттаца долу хIетахьлера гергарло башха цуьнан маьIнех кхин к1орггера кхетар а дацара, иштта рицкъа хиларна нисделла дара. Тахана дика кхета ненан мотт къоман дахарехь мел маьIне бу, цундела воккхаве, цхьа, Iалелай, баха хIуманаш дацахь а, масех иллина мукъам баккхарца а, дукха яцахь, стихаш язъярца а, дуккха а шерашкахь радиохь нохчийн маттахь передачаш ярца а нохчийн мотт ларбарехь, марзбарехь кIезиг-дукха дакъа хиларх. Эфире долуш долу нохчийн маттахь аз хьанна а хезна а цхьанна д1а а хезна, цо цуьнан синкхетамна дикачу агIор Iаткъам бина хиларе догдахаро дагна синтем бо.
– Цунна тIаьххье хаттар кхоллало-кха, дагахьбалламе диснарг хIун ду тIаккха?
– Жималла мелла а аьрха ма хуьлий, ойланаш яккхий, ткъа билггал цхьа Iалашо лаьцна, деш долу гIуллакхаш – кIезиг. 18 шо долуш, 60 шо дукха генара го, дерригенна хан тоьар ю олий, хета. Хан дукха сиха йоьдуш хилла, цунах байттамал хуьлу. Дагахьбалламе ду-кха кхана кхуллур ду аьлла дитина илли а, кхана язйийр ю аьлла йитина байт а, кхана кечйийр ю аьлла йитина радиопередача а, кхана эр ду аьлла цхьаьнга алаза дисина дика дош а. Леткъамаш бар дац хIара, дахаран хин татол юхадерзалуш дац, делахь а, кханенга хIумма а тетта мегар ца хиллера…
– Дерриге а бохург санна, хьан дахар радиоца доьзна ду. Дахаран некъ юхаболо йиш хилча, хьайн Iалашонаш хуьйцур ярий ахь?
– Яцара. Тахана-м муххале а. Вайн республикехь а, генна цуьнан дозанел арахьа а бехаш болчу, эзарнаш радиоладогIархошна нохчийн къонахех, Iилманчех, яздархойх, иштта гоьбевллачу кхечу нахах дош олуш хазийтар, бусалба дин, дайн оьзда гIиллакхаш довзуьйтуш передачаш яр, нохчийн къоман музыкальни искусство йовзийтар суна-м кIезиг хIума ца хета. Шен мотт, оцу меттан буха тIехь кхоллаелла шен культура (литература, театр, искусство) йоцуш къам хуьлийла дац. Ларамаза ма дац республикин куьйгалло и гIуллакхаш коьрте даьхна лелор. Ас лакхахь ма-аллара, цхьа даккхий хIуманаш дан ницкъ ца кхаьчнехь а, суна суо сайн хоршахь хета, хьал-бахам гулбан таронаш яцахь а, даго тIеоьцуш болх бу хIара.
– Хьан шераш – иза хьан дахаран зеделларг ду. ХIинцца пхийттара ваьллачу жимха доьазза пхийттара ваьллачуьнга нисло бахар нийса хир дац. Делахь а, хьайн зеделлачунна тIе а тевжина, оцу жимхе хIун эр дара ахь?
– «Серах ца бина хIоз хьокханах балуш бац» олуш, маьIне кица ду вайн халкъан. Нохчийн къомах волу жимха ша нохчи вуй хууш хила веза. Со нохчи ву бахарх нохчи хуьлуш вац, буьйцуш нохчийн мотт бацахь, лелош нохчийн гIиллакх дацахь. Цундела ша лело дезарг хаа гIерташ хила веза муьлхха а жимха. Пхийттара ваьлчахьана шен доьзална тIедеанчу диканан а, вуонан а дакъа кхочу цунна. Цо дуккха а хIуманна декхар во. Хьехамаш беш соввала ца лаьара суна, делахь а, цхьа-ши хIума билгалдаккха лаьа. Шена а, шен тIаьхьенна а тIехдеттар долу эхье, сийсаз хIума шегара даларх ларвала веза. Аьр вай, мотт бар, къола дар, тешнабехк бар. Вуочуьнга марзваларх ларвала везара. Жимчохь марзделларг, цIийх доьлларг дита дукха хала хуьлу. Кхин цхьаъ а дара кегийрхоша коьрте х1отто дезачех – Iилма Iамор. Шайн дахарехь чекхъяллалц цхьа книга ешаза кегийрхой бу вайн, балха эцаран хьокъехь нийса дехар яздан цахуурш хуьлу институташ яьхначарна юкъахь. Хаарш дукха лахара хиларан тоьшаллаш дукха ду. Кегийрхоша дицдан ца дезара «Дешар – серло, цадешар – бода», – бохучун маьIна вайн заманахь, ша хьала ца даьллехь цуьрриг а лахделла цахилар.
– Вайшиннан къамел цхьана билгалдинчу гурашкахь дIахьош цахиларна хоьтту ас, «Даймохк» газет доьший ахь?
– Дера доьшу. Ма-дарра аьлча, со «Ленинан некъаца» хьалакхиъна ву, ткъа радио балха веачхьана шун газет дешарх сан белхан декхар хилла. Вай дийриг цхьа гIуллакх ма ду. Газетаца доьзна дукха ду сан. «Ленинан некъа» тIехь зорбане елира сан дуьххьарлера стихотворени. Сайн денанна лерина йолу иза суна дукха гергара яра, цул сов республикански газетехь стихотворени зорбане ялар кIезиг хIума а ца хетара хIетахь. Оцу кхиамо (суна баккъал а кхиам хетара иза) шовкъе винчу ас тIаьхьуо Гостелерадиос дIахьош хиллачу цхьана конкурсехь дIайийшира иза. Цо суна хьалхара меттиг а еара, радиохь дикторан дарже а валийра. Иштта шун газетах даьлла беркат ду со радио кхачийнарг.
– Юьхьдуьхьал ца вовзахь а, амма хьан аз хазаза и ца девзаш стаг дукха хир вац республикехь. ХIун ойланаш кхуллу оцу хьоло: кураллин, дозаллин?
– Кхузахь я кураллина, я дозаллина меттиг хуьлийла дац. Вай дозалла дан мегар ду тахана дийнахь а, буса а, мичча хенахь а радиоэфирехь нохчийн маттахь аз хаза йиш хиларх. Иза, уггаре а хьалха, Нохчийн Республикин Куьйгалхо бахьана долуш ду. Воккхавево Нохчийн меттан де билгалдоккхуш хиларо а. Оцу балха юкъахь хьайн а кIеззиг дакъа хиларо дагна там бо, и Iаламат мехала а, оьшуш а болх хиларх хьо даггара тешаш хилча-м муххале а.
– Кхузткъа шаре ваьллачу стаге, и декъалвеш, хIун олу ахь? Ишта меттигаш нисъелла хир ма ю хьуна.
– «Кхин а 60 шарахь могаш-маьрша вахар хуьлда хьан, нагахь санна хьо халкъана а, махкана а диканна араваьллехь» олу-кха.
Диканна юкъйихкина, араваьллачех вара Ахьмад. Вайн хьесапашца кхин а, кхин а шерашкахь ваха везаш а, вахарх сов вайна хир волуш а вацара. Делахь а, Делан кхиэл шеца къийса йиш йолуш яц-кха. Шен диканашна Дала диканца бекхам бина, ялсаманин хьаша войла цунах.
ХЬ.АБОЛХАНОВ
