Къоман юьхь ларйинарг

БIаьсте хаза йолу Таьнги-Чохь. Баьццарчу кузах тарлой юкъло цанаш. Бес-бесарчу зезагаша къагош, серлайоккху цуьнан хазалла. Юьртана тIекхевдина лаьтташ лекха лаьмнаш ду, царах схьаIийдалучу шийлачу шовданаша кура сетташ, яйн тулгIе етташ, исбаьхьа шабарш до, гинарш, хилларш дийца лууш санна. Юьртарчу Iаламан куц тодеш охьадогIу Таьнга хи. Цуьнан беркато кхиийна бошмаш ю эсалчу махо хьоьстуш. Хаддаза зевне эшарш лоькхуш тайп-тайпана олхазарш ду. Нохчийн шира юрт  ю Таьнги-Чу. БIешерийн  боданера  таханене кхаччалц нохчийн халкъо лайна къай-балий шайн халкъаца цхьабосса декъна бу кхузара  бахархой. Шех воккхавеш волчун дог Iабош, хIора шарахь хIутту Таьнги-Чохь тайначу Iаламан башха исбаьхьалла.IMG_6500

Иштта дара 1961-чу шеран оханан (апрель) беттан 17-чу дийнахь а. Кхин цхьа къонах дуьнен чу велира Таьнги-Чохь. Баталов Iелин доьзалехь кIант вира. Цунна ВахIид цIе тиллира.   Хьалха-Мартан кIоштахь вевзаш стаг вара Баталов Iела. Вайнах 1944-чу шеран 23-чу февралехь цIера  бахале юьртарчу колхозана куьйгаллехь болх бина, Казахстанера цIавирзича   даьхни кхобу ферма карахь  йолуш, белхаш  бина, хьаналчу напхица доьзал хене боккхуш, къахьоьгуш стаг вара иза. Доьзал  боккха бара аьлла юьртан а, мехкан а юкъарчу гIуллакхна  юьстахваьлла цкъа  а Iийна  вацара Баталов Iела. Кхин хIумма а  ца хилча а, шен кертахь масех шарахь юьртарчу берашка дешийта школа латтийра Баталов Iелас. Вайнах Казахстанера цIабирзина мур бара иза. ХIинца санна паргIатонаш яцара нохчийн ярташкахь. Таьнги-Чу-м Далла а, нахана а йицъелла дуьненан йисттера цхьа беркъа маьIиг хетара. Ур-атталла берашна деша юьхьанцара школа а яцара кхузахь.  ТIаккха и шен боккха доьзал цхьана оти чу берзийна, уьйтIара кхо цIа юьртарчу школина дIаделира Iелас. Цул  сов, школера бераш аьхкенан каникулашна цIахь севццачу муьрехь, шен харжех  кертарчу зударшка кир-басар   дойтура  цIенна. Баталов Iелина дика хууш хиллачух тера дара дас-нанас дIа мел боккху ког  доьзална масал хиларх. Цундела олу нохчаша: «Кхор кхура кIел бен ца бужу». Баталов Iелас цкъа  а къинхьегамна  пе тухуш  ца гина цуьнан цхьана а берана. Цундела  бераш халкъана, махкана пайда болуш хьалакхиъна, чолхечу дахарехула оьзда чекхдевлла. Баталов Iелин кхо зуда а, цара дина бераш а хилла. Цу боккхачу доьзалехь 23-гIа бер дара ВахIид. Iелина-м цул тIаьхьа а кхин а цхьа кIант вира. Делахь а, оцу беркатечу боккхачу доьзалехь нуьцкъалчу амалца, ирачу хьекъалца, синъондаллица бераллехь дуьйна къаьсташ вара ВахIид. Цуьнца цхьаьна хаза товш кIант, гIиллакх-оьздангалла ненан шурица цIийх дIаийна  вара.

1967-чу шарахь  Баталов ВахIид  хьалхарчу классе  деша  вахара.  Доьзал боккха бара аьлла, деша дIадоладелла бер цхьа а терго йоцуш ца дуьтура дас. Дика деша дезар тIе а дожадора. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна цкъа а шех бала бина вац ВахIид. Баккъал а дика доьшуш вара кIант. Цул сов, школин а, юьртан а юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара. Иштта Iамийна бара уьш  берриге а дас шайн юьртан а, кIоштан  а, мехкан а дай хила, диканна-вуонна декъахь хила, гIо-накъосталла оьшучохь гIовтта кийча хила. Воккханиг лара а, жимачун Iуналла дан а. Ткъа уггаре а коьртаниг – зударийн сий дан, йиша, лулара йоI къеста ца еш деэшначунна ваша хилла дIахIотта. Къеначу Iелина хаьара хьокханах хIоз ца балой. Цундела бераш  дукха жимачохь Iамо доладора цо, нохчалла аганахь дуьйна цIийх юлуьйтуш.

Юккъера школа  кхиамца чекхяьккхина 1979-чу шарахь эскарехь гIуллакхдан вахара Баталов ВахIид. Цигахь доккхучу шина шарахь цуьнан командирашкара кехаташ кхочура ВахIид кхиийначу дена-нанна баркаллин довха дешнаш олуш. Низамца, бIаьхаллин хьуьнарца Баталов ВахIид къаьсташ вара накъосташна юкъахь. Тоьллачарна юкъахь хьалха йоккхура цуьнан цIе. Иза боккха юьхькIам бара кIант кхиийначу дена-нанна, цуьнан йиша-вешина. 1981-чу шарахь  эскарехь гIуллакхдина ваьлла, цIавоьрзу жима стаг. Бакъду, мукъа Iен йиш-м ца хуьлу цуьнан. Оцу аьхка деша воьду Аштаркхнерчу милицин школе. Шина шарахь дийшира цо цигахь. 1983-чу  шарахь цIечу дипломца милицин школа чекхъяьккхина, цIавирзина Баталов ВахIид, Хьалха-МартантIерчу милицин отделан ОБХС-н инспекторан балха хьажийра. Балхана юкъах ца волуш, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете деша воьду ВахIид,  шен хаарш кIаргдан йолчу ойланца.  Дукха доттагIий гулло цуьнан. Царна массарна там бан лараво ВахIид, доттагIий  а, белхан накъостий а,мел дукха белахь  а. Цундела, массарна дукха а веза  иза. Цхьа  а цец ца волу 1989-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштан милицин отделан хьаькаман заместитель,  30 шо кхачаза Баталов ВахIид  хIоттийча. Мелхо а, массара а мерза кхаъ хуьлий тIеоьцу цунах керла дарж тешадар а, капитанан дарже ваккхар а. Оцу замане юхахьаьжча доккха дарж ду иза юьртахь хьалакхиъначу кIантана. Амма мел лакхарчу дарже ша кхачарх цкъа а шегахь куралла  тосаялийтина кIант вац иза. Цкъа а тIевеанчу стеган гIуллакхе ца хьожуш Iийна вац. Законан гурашкара ца волуш, дан аьтто болучохь дукха нахана гIо-накъосталла  дина. Цунна дика евзара шен халкъан истори. Советийн заманахь зорбане йийлинчу книгех тешна ца Iаш, цо леррина ладийгIинера баккхийчара дуьйцучуьнга. Цхьадолу бакъдерш халкъан бартакхоллараллера хаьара цунна. И дерриге а цIийца лозуш, сица луьттуш схьавогIуш вара иза, ша схьаваьллачу халкъах къахеташ, дог лозуш, цуьнан кхане сирла хила лууш. Цундела шен балхахь  йолчу таронца нийсонна тIе гIерташ, ницкъкхочучохь харцо, ямартло чекх ца йолуьйтуш,  цIеначу даггара болх беш, чекхволуш вара  ВахIид. 1992-чу шарахь кхиамца университет чекхъяьккхина велира иза.IMG_6484

Доха карзахдаьллачу советийн Iедало, урх малйинера. Iедал дохаре сатесна Iачу зуламхоша питанаш даржийра. Эрмалой, азербайджанаш вовшах летира. Советийн Союзан массо а маьIIехь бехк боцчу адамийн Iена цIий доладелира: Фергана, Тбилиси, Баку, ГIалгIайн мохк,  иштта дIа кхин а. Герз эвхьаздаьккхира. Эххар а, Нохчийчоь карзахъяьккхира. Цхьана буса гIаьттина федеральни эскар  дIадахара, ур-атталла беро ластийна гIаж йоцуш. Бакъду, Iуналла доцуш герз буха-м дитира. Цунах эвхьаза кадетта нах а карийра, дукха хан ялале уьш халкъана, махкана  бале а бевлира. БIешерашкахь цхьа къам ду бохуш мерза баьхна вайнах – нохчий, гIалгIай аьлла, шина декъе бийкъира. Нохчийчохь  президент «хаьржира», керлачу дахаре кхойкхучу зурманийн гIовгIанехь. Юьхьанца хьалха ша ма-барра милицехь болх беш,  беркатечу хорша дахар дерзаре сатийсарца хене волуш вара В.Баталов. Ца хуьлучу даьлча, балхара дIа а ваьлла, Нохчийчуьра дIавахара иза. Са ца гатлуш ца вахара. Халкъах, махках дог ца лозуш ца вахара. Низам дохаро болх дIа ца бохуьйтура. Ткъа шалхонаш, моттаргIанаш лело ВахIид Iемина вацара. 1995-чу шарахь цIавирзина юха а милицин балха дIахIоьттира. Вайна санна, цунна а моьттура тIом дIабирзина. Амма иза иштта доций хиъча, юха а махкахвелира. Къилбаседа Кавказан РУБОП-ехь балхахь вара иза. 1999-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Нохчийн Республикин МВД-н РУБОП-ехь болх бар тIедуьллу подполковникна  Баталов ВахIидна. Шена тIедиллина муьлхха а гIуллакх санна, кхиамца кхочушдо цо шен белхан декхарш. Буьрсачу хено а билгалдоккху Баталов ВахIид лаккхарчу тIегIанехь говзалла  йолуш  хилар. Къаьсттина мехала ду эпсаран корматалла караерзош бакъволчу нохчичун амалх, хьекъалх, доьналлех иза хаьдда цахилар. Нохчийн халкъана, махкана уггаре а хала хан тIехIоьттинчу муьрехь Баталов ВахIида динчу диканаша гойту цуьнан нуьцкъала амал. Кхин хIумма а ца хилча а, Буданов Юрий схьалоцуш   цо гайтинчу  майралло еххачу ханна махкахойн дегнашкахь яха йисина цуьнан сирла цIе.

Дуьнен чохь юьйцу ца хезначу къизаллица болабелира Хьалха-Мартан кIоштарчу Таьнги-Чуьрчу бахархошна Нохчийчохь хилла шолгIа тIом. 1999-чу шеран гIуран (декабрь) беттан хьалхарчу деношкахь, могIа бина, инзаре йоккхачу гIовгIанца юьрта чу Iаламат дукха танкаш яьхкира, шайна тIехь герзах боьттина салтий а болуш. Церан хьажар а, кIоршаме бистхилар а бахархойн дегнаш шелдеш  дара. Таьнги-Чохь юьртда волу Джамбулатов Хаважи декхарийлахь вара юьртахь дерг довза, вогIа-воьдучунна дуьхьалвала. Юьрта чу кхачале танкийн ковр а сацийра цо, шен белхан накъосташца цхьаьна дуьхьал а ваьлла. Юьрта богIург хIун бIо бу хаар яра юьртден Iалашо. Амма Джамбулатов Хаважис кIеда-мерза динчу хаттарна дуьхьал деш дерг дукха шога къамел дара, дикане сатийса меттиг ца юьтуш. Иштта хиира Таьнги-Чу кхаьчнарг федеральни эскаран гвардин 160-гIа танкийн полк хилар а, цуьнан командир полковник Буданов Юрий хилар а. Юьртахошна-м кхаа баттал сов дахделлачу Iазапан юьхь хиллера иза. Дийнахь мелла а чу-ара бовла йиш хиллехь а, буьйсанаш набаран суй бан йиш йоцуш токхура пекъарша, хаддаза юьрта тIехула еттачу яккхий тоьпаш бахьанехь. Дийнахь а, кест-кеста тIеман машенаш тIехь юьрта юккъехула  хехкалора полкера салтий, къаьркъа лоьхуш. Уьш ца кхетара, царна бакъ а ца хетара нохчийн ярташкахь, къаьсттина тIеман хенахь духкуш, молуш къаьркъа ца хуьлу аьлча. Шаьш кхето воьлларг шолгIачу дийнахь юьртахь «зачисткаш» ю олий, доцу бахьана хьовзадой, жIаьлеш санна, чулелхий дIавуьгура. Иштта дIавигинчарах цхьаъ ву бераллехь дуьйна заьIапхо  волу Даргаев Iийса. Ерриге а юьртана Iаламат халахийтира и пекъар цара вадийна къайлаваьккхича. Юьртана хууш дара Iийса цхьанна а зуламе воций. Салташна массо а нохчи  Россин мостагI тарвеллера. ЗаьIапхо шайн карара валийта дагахь бацара уьш, Баталов ВахIид шен белхан накъосташца орцах ца ваьллехь.  Йиттина, эрчаваьккхинера заьIапхо. Баталов ВахIида цаьргара схьаваьккхина схьавалийча  ехха лаьттира кIантана тIехь церан къизаллин лараш. И санна долу зуламаш шайн гучудевлча, буса сахиллалц маьрша бахархой бIаьрг белла ца буьтуш, яккхий тоьпаш еттара салташа. Цаьргара жоп доьхуш, уьш низаме кхойкхуш цхьа а вацара. Цундела цара шайна луъург леладора. Наггахь цхьана мисканан керта южура снаряд. Маьрша стаг вуьйш меттиг йогIура. Иштта валар хилира ненан цхьаъ бен воцчу кIентан Ибрагимов Сайд-Эминан Дукха хьалхе марера йоьхна, цIаеана и цхьа кIант кхобуш, хене йолуш яра цуьнан нана ХIазан. Оцу кIентан меха хIума доцуш йоллуш яра и миска. Верал сов, шайгара даьлла зулам тIе ца лоцуш, ненавашас Ахьмада вийна бохуш, бехк боцу стаг вадийна дIавигна, чувоьллина, хьийзийра.  Хьалха Дела, шолгIа РУБОП-н хьаькам,  подполковник Баталов ВахIид бахьанехь церан карара велира иза. Дукха зуламаш ду оцу масех баттахь федеральни эскаран гвардин 160-чу танкийн полкан бIаьхоша шайгара дийлийтина, хьалха ваьлла полковник Буданов Юрий волуш.IMG_6476

Федеральни эскаран цхьаболчу векалшна Нохчийчуьра тIом дIаберза ца лаьара. Царах цхьаъ волчух тера дара полковник Буданов Юрий а. Хьалхарчу тIамехь кхузахь хилла вара иза. Шегара йоккха къизалла гайтина вара. Полкан туп Таьнги-Чохь хиллехь  а, Дуби-Эвла эккхий цигахь маьрша нах хIаллакбора, Гихтахь талор дора. Хаддаза  Таьнги-Чохь таIзарш латтадора. 2000-чу шеран 26-чу мартехь хилла харжамаш оцу юьртахь ца хилийта мел дукха питанаш лелийра. Делан къинхетам хьалха баьлла, гергахьа лаьтташ кхин нуьцкъаллин структураш хилар бахьанехь шаьш  дийна дисича санна хета оцу муьрехь  юьртда хиллачу Джамбулатов Хаважина. Юьртахошка лан ца даллал Будановн салташа лелош долу зуламаш гена дийла доьлча, юьртдас  воьдий цаьрга хаам а бой, я аьтто белахь, цхьаьнга хабар а дохьуьйтий Баталов ВахIид схьавалавой  дуьхьало йора царна. Бакъду, къарлой, эхь хетий, озалой юха-м ца бовлура уьш. Тахана цхьана бохамах бахархой кIелхьарбевллехь, кхана кхин зулам доладора цара. Массарна хууш дара Буданов Юрийна нохчий ца безийла а, шен салташна, хIуъа цаьргара даларх, цо дов ца дойла а. Ма- дарра дийцича, полковник Буданов ша хуьлура дикка маларх кхетий, салташна хьалха волий, юьрта юккъехула танкаш хоьхкуш. Иштта хилира 2000-чу шеран бекарг (март) беттан 26-чу дийнахь а. Таьнги-Чуьра бахархой Борис Ельцин «динара» воссарх баккхийбина ца бовлуш, Россин Президент В.В.Путин харжа болчу лаамца кхаж тосуш бара. Самукъадала меттиг яцахь а, дикачу хийцамашка сатуьйсура мискачу адамаша. Цундела де серла даьлчахьана кхаж тосучу каппашка  схьаоьхуш дара адамаш. Машаран мостагIий тIаьхьарчу  хенахь Нохчийчохь алсам гулбаларна, къаьсттина оцу дийнахь цаьргара цхьа зулам даларна кхоьруш, вуочух юьртахой ларбан лууш дIасахьийзаш юьртда Джамбулатов Хаважи вара. УьйтIахь лаьтташ юьртда хиларна мелла а паргIат маьрша цунна тIевеана масех боьрша стаг соцунгIа хилира, цхьацца олуш, дуьйцуш. Мичара евлла ца хууш, йоккха гIовгIа йохьуш БТР-аш схьакхечира, модаш буьзначу салташна юкъахь герзах воьттина полковник Буданов волуш. Шайн  догIмашца дика кеп йоллуш болу БТР-аш тIера «хьеший» эвхьаза къамелаш дан буьйлабелира. И ца тайначу Кунгаев Iадлана  оьрсийн маттахь  дIа мохь туьйхира зударшна, берашна хезаш оьзда доцу къамелаш ма  де, аьлла. Салташна хьалхаваьллачу Будановна и ца тайра. Цо тIетаIIийна Кунгаев Iадланна оьрсийн маттахь хьаштдоцург элира, кхуьнан да-нана юкъахьакхош. Юьртахошна хьалха ша юьхьIаьржахIоттавар ца лайна Iадлан цунна чухьаьдира, кач-белш лаьцна БТР тIера полковник охьа а такхош. Будановс  цунна шегахь болчу ницкъаца мийра туьйхира. Дов кхин гена далале юьртда Джамбулатов Хаважи  уьш дIасабаха юкъаиккхира. Цуьнца цхьаьна мичара вели ца хууш  схьакхаьчна Iадланан ваша а девнна юкъавелира.Толам, эшам хьехочохь дацара дов гена далале сацо дезаш дара.ТIегулбеллачу зударийн, берийн маьхьарша юрт Iадийнера. Ирча сурт дара хIуттуш дерг. Эххар а, Кунгаев Висас шен ваша Iадлан такхийна юьстахваьккхира, юьртда Джамбулатов Хаважи а федеральни эскаран векал полковник Юрий Буданов а тийсалуччохь вуьтуш. Нах, сихонца юкъабоьлла, цкъачунна, цхьа а герз тIе ца кхевдаш, дIадирзира  гIуллакх. Делахь а, дукхах болчу бахархошна даго хьоьхура гIуллакх оцу тIехь дIадоьрзург цахилар. Полковник Буданов ша хIокху юьрта воьссинчу беа баттахь ларийнера шен къиза амал йовзийта. Цо могIарерчу салтийн эшам а ца буьтура цхьа къиза бекхам боцуш. Ткъа шена йина  буй-тIара цо юьтур йоцийла хаьара. Делахь а, цхьанна а ца моьттура, цо  «бекхам»  ишттачу акхараллица бийр бу…

Шийлачу ойланаша адамийн садууш малхбуза хан тIекхечира. Ламазана кхойкхуш молла вара. Буьйса маьрша яийтаре доьхуш, доIанашкахь Деле орцадохуш, дийнахь гина сурт дагара ца долуш юьртахой а бара. Массарал холчохь бара вежарий КунгаевгIар а, церан доьзалш а. Уьш шекбара тховса цхьана бохамо шаьш Iовжориг хиларх. Зударийн дехаршка ладоьгIна ши ваша хьулвелира, шайн керташкара араваьлла. Уьш цIахь бацара БТР-аш тIехь хьалха ваьлла полковник Буданов Юрий волуш федеральни эскаран векалша Кунгаев Висин кертана гуо лоцуш. Герзах боьттина салтий керта лилхича а, зударий а озабелла къайлабевлира шаьш ца гайта. Уьш тешна бара берашна тIе, салташа куьг кховдориг цахиларх. Яьккхина тапча йолуш, хьераваьлча санна Висин кертахула дIасауьдура Буданов цкъа Iадлан схьавоьхуш, тIаккха Висига гучувала «хьо стаг велахь», бохуш. Амма ши ваша малар совдаларна тиларчу вахана полковника бетта мохь хезаш вацара. И шиъ гергарчу наха къайлаваьккхинера. Висин бераш а кхераделла дIалевчкъинера, воккхачунна ган а, лан а Iаламат хала долу сурт шайн кертахь хIоьттича. Массара и цIармат гIовгIа мел хезачара сатуьйсура, шена цхьа а дуьхьал ца ваьлча, «тIом» бан веанарг дIавахаре. Эххар а, хьерадаьлла жIаьла  санна, гуонаш дохуш дIасаидда, гIелвелла ша волччу охьалахвелла Буданов дIатийра, набаран тар тесча санна. Мелла а хан елира цуьнан гIар-тата доцуш. Къора тийналла хIоьттира кертахь, догIа тохале хIуттучу товно санна садукъдеш. ТIаккха Висин жимахйолу йоI, меллаша неI дIахерйина, аракъедира. Хьакхар хьакхаза бисина наьIаран кIажа цIовзаро хьалаэккхийтира полковник. ЙоIах бIаьргкхийтира цуьнан. Дарделла экха санна иза вахана цунна тIекхийтира: «Хьан да аравала ваьхьаш ца хилча, ас хьо дIаюьгур ю аьлла!» Кхераеллачу йоьIан дуьне Iадош санна шийла мохь белира нене кхойкхуш. Орцадоьхуш маьхьарца кхойкхучу шен жимахйолчу йишин аз хезча араиккхира Висин йоккхах йолу йоI Эльза.

– Не трогай  ее, она маленькая! – араэккхашехь мохь белира Эльзига, – Отпусти-и-и! Чего она тебе сделала? Посмотри она еще ребенок! Не видишь это ребенок, – елхаран къурдашца, мелла а оьрсийн мотт кегбеш, эпсарна тIеетталора ша  а беран бос база йолу Эльза. Амма,  маларо оьгIазло сов йоккхуш,  акхаройн амале верзийна Буданов цхьана а нохчичух къинхетам бан дагахь вацара. Жимахйолу йиша дIалаьцначу куьйгех цергаш юхкуш  тIетасаеллачу Эльзас йоI паргIат яьккхинчу мIаьргонехь, Будановс кхунах катуьйхира: «Иза жима елахь хьо мегар ю суна-м! Ас хьо дIаюьгур ю!», – олуш. ТIетийсалуш, мIараш юхкуш, каяьллачохь цергаш юхкуш Эльзас цецваьккхина, ларамаза цо жимахйолу йоI карара яьккхинехь а цIулла сара санна юткъа йолу Эльза цуьнца ларор ю бохург аьттехьа дацара. Карараяларх ца тешаш, жимахйолу йиша едда кIелхьаръяьллера. Ткъа цунна орцахъяьлла, бохам шена тIеозийна йоккхах йолу йиша ша цхьаъ йисинера. Буьрса катоьхна, гуро экха санна схьалецира эпсаро нохчийн йоI. Декъаза йоI етталора, цо маьхьарца шийла орцадохура, Амма мел чIогIа мохь беттарх орца тIе ца кхуьуш  йоI БТР-чу кхоьссина шаьш туп тоьхначу метте дIахаьхкира БТР-аш.

ШолгIачу дийнахь, 2000-чу шеран бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь хиира подполковникана Баталов ВахIидна ша схьаваьллачу юьртахь  хилларг. Коьртера когашка кхаччалц шен  дегIах цIе яьлла моьттуьйтуш, цкъа дагар хьаьдира цунна. ТIаккха цуьнца хийцаеллачу хоршин чорпано вего волийра. Полковника Буданов Юрийс куьйгалла ден полк  дIахIоьттичахьана, ВахIидан даг чуьра шийла ша цкъа а дIабаьлла бацара. Амма юрт а, цуьнца цхьаьна подполковник Баталов ВахIид а воьллера Будановс а, цуьнан салташа а Таьнги-Чохь  цунна гуонаха Iохкучу ярташкахь лелочу зуламех. Амма кхиъна догIучу зудаберана тIекховдар, иза БТР-чу кхоьссина дIадигар, мичахь ю ца хууш, цо буьйса яккхар… Хезначо дог дожош  чIогIа вас йира ВахIидна. Эххар а, дIакхечира хIара, шен белхан накъосташца цхьаьна. Бакъду, Буданов Юрийна тIекхочийла ца хилира. Шегара даьллачух мелла а вогуш хиллачух тера дара иза. Баталов ВахIид дIакхачале иза къайлавала кхиънера. Дерг-доцург хаьттина, хиллачунна тIаьхьакхиъна  бевлча, Кунгаева Эльза йийна лаьттах  йоьллина меттиг  схьагайтира. Дукха сиха харц кехаташ кечдина хиллера Будановс ша садукъдина йийна пекъар «снайпер» ларъеш йолу дикка хан яра,  аьлла. Цуьнан карах алссам оьрсийн салтий хIаллакьхилла сурт хIоттийнера, бехк боцу нохчийн йоI ер цуьнца дузуш. Баталов ВахIидан дукха дика хаьара Эльза снайпер йоцийла. Кхунна йоьIан да а, деваша а вевзара, уьш цкъа а Россин пачхьалкхана, я Iедална ямарт хилла  бацара. ЙоI схьаяьккхина, йолчаьрга дIаяла езара, вайнехан Iедалехь дIаерзаяйта. Легашкахь къаьхьа къурдаш сецош, Баталов ВахIида кхочушдира и гIуллакх. Нуьцкъаллин структурашкахь болх беш волчу кхунна къаьсттина хала дара бехк боцуш йийначу Кунгаева Эльзин дени-нанний, юьртахошна бIаьра хьажа. Вуон делахь а, дика делахь а Iедалан векал вара иза. Оцу Iедалан салташкара яьллачу ледарлонан IиндагIан дакъа шех а хьакхалуш хетара нохчийн яхь йолчу кIантана. Цундела цо дагца чIагIо йира, шен  ницкъ кхачахь, Буданов Юрий схьалаьцна, Iедале дIавелла, чуволлийта.IMG_6481

Оцу деношкахь сацар, садаIар, даар-малар доцуш болх беш вара Баталов ВахIид. КунгаевгIеран доьзална, я Россин эскаран эпсар волчу шена, я  берриге а юьртахошна тезет хIоттийна чекхболуш бац аьлла хетара цунна Буданов Юрийс баьккхина бохам. Нохчийн йоIаца хIинццалц цхьамма а магийтина йоцу маьттаза эвхьазло оьрсийн эпсаро юкъаяккхар, дерриге а къомах цавашаран кеп хетара цунна. Иза могуьйтуьйла дацара. Магийта подполковник В.Баталов дагахь а вацара. Амма, оцу муьрехь мел лакхарчу даржехь волчу а, нохчичун бакъонаш дукха эгIаза яра. Нохчичо аьлларг дIалоцуш стаг вацара. Церан лазамаш тидаме оьцуш цхьа а вацара.  Баталов ВахIид ца кхочуш – Прокуратура, МВД, ФСБ – цхьа а структура ца йисира, зуламхо схьалацарехь орцадоьхуш. Амма цхьанна ца лаьара цхьана дуьненан маьIIехь йолчу беркъачу юьртара нохчийн йоI бахьанехь, федеральни эскарца юкъаметтиг талхо. Зуламхо жоьпе озавайта гIо-накъосталла лоьхуш дIасауьдучу цхьана дийнахь, ларамаза Москвара еанчу комиссина тIеIоттало иза. Кхуьнца дешна, накъост нисло оцу комиссина юкъахь. ВахIида дIадуьйцу хилларг. ТIаккха оцу накъоста бакъо ло Буданов Юрий схьалаца. Бакъо яларал сов, ВахIидна улле а хIуттий,  Таьнги-Чу вогIу и эпсар.  Юьрта Баталов ВахIид веана хилар тосаделла Буданов Юрий юха а къайлаволу. Ша Соьлжа-Гала вахана алар салташна тIе а дуьллий. Иштта, цара схьаолу иза. Амма царна юкъахь хиллачух тера ду шайн командиро лелош дерш ца товш болу салтий. Царах цхьамма куьйгаэшара схьагойту ВахIидна Буданов хьулвелла меттиг.  Дарделла лом санна, ВахIид оцу агIор, дIахьоду тапча а йоккхий. Юьхьанца дуьхьало ян гIоьртира  полковник а, цуьнан гIаролхой а. Амма Баталов ВахIид озалур воцийла, иза шайга къарлур воцийла хиъча, гIаролхой юхабовлу. ТIаккха Буданов ВахIидан кара ца ваха, ша шена тапча тоха гIоьртира. ТIекхетий ВахIида и тапча цуьнгара схьайоккху. ТIекхиъначу накъосташа кхуьнгара озавой схьавоккху полковник. Куьйгех  гIоьмаш тухий, иза набахте дIахьажаво. Бакъду, схьалаьцна, чувоьллинера аьлла аттачу балхах цхьалха-м ца делира и чолхе гIуллакх.  Дерриге а федеральни эскар дара зуламхо  бехказваккха лууш, амма Баталов ВахIид къар ца лора. Будановн гIуллакх Ростоверчу суьдехь долуш, коьрта теш вара Баталов ВахIид. ХIара юкъара ваккха лууш мел къахьийгира цхьайолчу нуьцкъаллин структурийн векалша. Цкъа-шозза эккхийтар деш вен а гIоьртира. 2001-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь суьйранна Таьнги-Чу  хьалавоьдучу Баталов ВахIидан машенна тIе герз диттира. Машенан тIам лаьцна вогIу кхуьнан белхан накъост вийра, ткъа ВахIид,  еза чевнаш хиллехь а, дийна висира, цхьайтта чов йинехь а. Бакъду, шаьш юьхьарлаьцна Iалашо кхочуш ца еш Iен бохкуш ца хиллера зуламхой. Иштта, 2002-чу шеран бекарг (март) беттан 11-чу  суьйранна Мартанчуьра Таьнги-Чу схьабогIучу новкъахь кIело йина машен эккхийтира  нохчийн къоман мостагIаша. Кхо-диъ де даьлча юха а Дона-тIера-Ростов гIалахь суьдехь Будановна дуьхьал тоьшалла дан ваха везаш вара иза. ЧIогIа новкъахиллачух тера ду-кх иза оцу суьдехь. 40 шарера ваьлла, гIеметтахIоьттина, доьналла долуш стаг вара иза, зуламхоша къинхетамза дахарх хадош. И санна волу стаг дIавалар юьртана эшам хилла Iаш бац. Дерриге а халкъана а  бохам бу иза. Нохчийн халкъ мел деха, йовр яц цуьнан цIе. Уггаре а халачу муьрехь шен са а, дегI а ца кхоош, къоман юьхь ларйина кIант ву Баталов ВахIид. Иза дIаваьллачул тIаьхьа Россин Президентан В.Путинан омрица доьналлин (мужества) орден елла цунна. Делахь а, цо динарг орденаш, мидалш дагахь йолуш дина дац. Нохчаллех къилба дина ваьхна Баталов ВахIид. Оцу мехалчу къилбанах ца туьлуш Далла дуьхьал дIавахана иза.

А.ДАЧАЕВА

№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: