Дешаран керлачу шарна хIун кечамаш бина, хIун хийцамаш хир бу? Оцу хьокъехь дийцира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнчас Усманов Мовлдис.
– Мовлди, Нохчийн Республика кийча юй товбецан (сентябрь) хьалхарчу денна? Керла школаш схьаеллар, йолу школаш кечъяр а муха ду?
Вайн республикера ерриге а школаш дешаран шарна кийча ю. ХIара шо чекхдалале керла 15 школа схьайоьллур ю Нохчийчохь. ХIокху аьхка керла 4 школа схьайиллина. Уьш Хьалха-МартантIехь, Гуьмсехь, ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь, Курчалойн кIоштарчу БIачи-Юьртахь ю. Дешаран шо чекхдалале Нохчийн Республикехь схьаелла леринарг керла 19 школа ю. Республикехула аьлча: ТIехьа-Мартан кIоштахь (керла школа а цхьаьна) 34 школа ю, Веданан кIоштахь – 29, Устрада-ГIалахь – 8, Соьлжа-ГIалахь – 51, Грозненски кIоштахь – 42, Гуьмсан кIоштахь (керла схьайиллина школа а цхьаьна) – 44, Итон-Кхаьллан кIоштахь – 7, Курчалойн кIоштахь – 33, Теркан кIоштахь – 21, Невран кIоштахь – 25, Нажи-Юьртан кIоштахь – 52, Соьлжан кIоштахь – 9. Хьалха-Мартан кIоштахь, (керла йинарг а цхьаьна) – 36, Федеральни дешаран учрежденеш а, Россин Федерацин дешаран учрежденеш – 10 ю, Шелан кIоштахь – 30, Шаройн кIоштахь – 4, Шуьйта кIоштахь – 15, Шелковски кIоштахь – 24. Ерриге а гимназеш, лицейш тIелерича Нохчийн Республикехь – 504 школа ю.
Школашкахь жим-жимма ялош пачхьалкхан федеральни дешаран стандарташ юкъаялор ю. Зама а, Iилма а кхиарца доьзна, вайна ма-хаъара дешаран программаш шо шаре хуьйцуш, тIеюзуш схьадогIуш ду вай.
– Хууш ма-хиллара, юьхьанцарчу классийн хьехархочух доьзна хуьлу дешархочун кхидIа долу хаарш а, дахар а. Юьхьанцарчу классийн хьехархой тоьаш буй? Меттигаш юй царна? Маса бер ду кхушара школе даха дезаш?
ДIадаханчу шерашка хьаьжча, хьехархойн кхачо ю хIокху шарахь. Хьехархочун белхан сий лакхадаккхарехь а, иштта цуьнан алапа алсамдаккхарехь а къахьоьгуш ду Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а куьйгалла. Бакъду, хьехархой цхьа наггахь йолчу школашкахь тоьаш бац вайн.
Карарчу хенахь школашкара дешар кхаа сменехь хилар а, тIаьхьарчу хенахь иза шина сменехь хилийтар а ду проблема хилла лаьтташ. Пачхьалкхан федеральни дешаран стандарташца нийса а догIуш, юьхьанцарчу классийн берийн, дешар цхьана сменехь хила деза ткъа шолгIа смена кхитIе а долчу дешарца дIалаьцна хила еза. Масала, тайп-тайпана кружокашка, спортан секцешка лелаш, кхоллараллин цхьаьнакхетараллашкахь дакъалоцуш. Оцу декъехь вайн школаш тIех юьзна ю. Бахархой, бераш алсамдовларца доьзна ду иза. Цундела, мелла а сиха керла школаш ян дезаш а ду вай. И кхачамбацарш дIадаха оьшуш йолу финансировани тоьаш цахиларна лаьтташ ю и проблема. Пачхьалкхехь кризис ю. Вайна оьшуччул школаш ян аьтто бац. ХIокху тIаьхьарчу 4 шарахь 40 эзар бер тIекхиъна. 2012-чу шарахь 218 эзар бер дара, ткъа хIинца 258 эзар ду. Иза дика ду, цхьа а шеко йоцуш. Деша ца доьшуьйтуш юьстах дуьтур дац вай цхьа а бер!
Дешаран керлачу шарахь 30 эзар бер ду хьалхарчу классашка доьдуш. ХIора школа 600 берана лерина йича а, вайна 50 школа оьшур яра царна. Федеральни Iалашонан «Россин Къилбе» программин гурашкахь хIокху тIаьхьарчу 2 шарахь Нохчийн Республикехь йинарг 32 школа ю. Иза кIезиг болх бац. Школаш ярца, хьехархойн белхан меттигаш а алсамъевлла вайн республикехь.
Карарчу шарахь кхаа сменехь доьшуш 68 школа ю, шина сменехь болх беш – 310, цхьана сменехь – 81 школа.
– Мовлди, кхушара ЕГЭ дIаялар муха дара Нохчийчохь?
ЕГЭ дIаяларан къепе дохийна меттиг яцара. «Ас ЕГЭ дIалур ю» проект бахьанехь 11-чу классийн дешархошна шайн хаарш алсамдахарехь дика гIо хилира. Царна ледара хуучу предметехула къахьоьгура хьехархоша а. ХIора дешархочунна методикин гIирс беллера, хьехархойн коллективашца беш болу болх жигарабаьккхинера министерствос. Аттестат даккхарехь оьшуш долу хаарш хилийта тхайх доьзнарг дерриге а динера оха. Цундела, кхушара баллаш лакхара йолчу дешархойн барам а алсамбаьллера. ДIадаханчу шарца дуьстича, масала, математикин экзаменаш лакхарчу баллашца дIаелларш 5-зза алсамбевллера, оьрсийн меттан экзаменаш дIаеллачарал а. «Ас ЕГЭ дIалур ю» проект Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юкъаялийна, Рособрнадзоран куьйгалхочо Кравцов Сергейс къобалйина тIеэцна а, кхочушйина а яра. Кхул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан дукхах йолчу регионашкахь кхочушйийр йолуш ю и проект.
– ТIедогIучу шарахь ЕГЭ дIаяларехь хийцамаш хир буй?
Цу хьокъехь цкъачунна цхьа а хаам бац. ДIадаханчу шарахь тесташ йолу предметаш кIезиг еш болх бира. ХIинца ЕГЭ дIалуш дешархойн шайн ойланца къахьега деза, жоьпаш шаьш дала деза (хьалха тесташ хаьржича бовлура дешархой). ЕГЭ дIаялар ерриге а пачхьалкхехь цхьабосса дIахьош гIуллакх ду. Рособрнадзоран методикин гIирсаш бу, цигахь кхеташ билгалбаьхна ЕГЭ дIаяларан бехкамаш а, низам а, раж а. Уьш массарна а цхьабосса тIебехкина бехкамаш бу. Ткъа суна вайн дешархойн дай-нанойн уггаре а коьртачу гIалатах ала лаьара. Шайн берашна гIо до бохуш, царна зен деш нисло цара. Оьрсаша «медвежья услуга» олу цунах. Дешарна тIехь бер кхоон ца деза. Хаарш оцу берана шена оьшуш ду. Цхьаьннан а гIо доцуш экзамен дIаяла кечван веза шен доьзалхо. ХIокху дуьнен чохь хIора а ву шен дахаран некъаш ша дан дезаш.
– Мовлди, «Ас ЕГЭ дIалур ю» проектаца доьзна дIадаханчу шарахь хIора кIоштахь дай-нанойн комитеташа гуламаш бора. Дай-наношца бина болх хаалуш барий?
Нийса боху ахь. ТIаьхьарчу шарахь къаьсттина жигара болх бира ЕГЭ дIаяла езачу дешархойн дай-наношца. Церан ЕГЭ-х йолу ойла дикачу агIор хийцаялар а хааделира тхуна. Рособрнадзоран а, дешаран а, Iилманан а министерствон а, хьехархойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан белхахой а хуьлура оцу гуламашкахь дакъалоцуш. Цара чулацаме, дай-наной кхетош къамелаш а дора.
– Дешаран керла шо дIадоладаларца доьзна хIун эр дара ахь вайн хьехархошка а, дешархошка а?
Дешар, Iилма, хаарш – цара бен юьхькIам ца бо. Цхьа де эрна ца дохуьйтуш, шайн бераш дешаран некъа тIехь кхоон ца гIерташ къахьега луур дара дешархойн дай-наноша. Дешарца, культурица, могашаллица тоьлла хила деза вай. Дала аьтто бойла, декъалдойла дешаран керлачу шарца!
– Дела реза хуьлда.
Интервью дIаяьхьнарг –
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
№100, еара, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо